| Iелам-нах |
|
|
| Хьешан тептар |
|
Ассаламу Iалайкум! Москвахь 1аш волч бусалба стагана рузба тIаьхь дуй? Оцу хаттарну тхун пайда лойш. Аллах1 реза хуьлда шуна!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Рузбана-ламаз хIора бусалба стагана тIехь фардул-Iайн хилла тIехь ду. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь: ×ХIай АллахIах тешнарш! Рузбана дийнахь ламазе кхайкхича АллахI хьахо (рузбана-ламазе) гIо, йохка-иэцар Iадда а дите; иза дика ду шуна нагахь санна шуна хаахьØ. [Сурат «Ал-ДжумуIат» 9 айат]. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рузбана-ламаз хьакъ а, важиб а ду хIора бусалба-стагана тIехь, жамаIатехь дар, виъ воцучунна: долахь волу лай а, зуда а, кхиъна валаза кIант а, цомгаш верг а». (Абу Давуда дийцина иза, нийса хьадис а ду иза).
Рузба фардул-Iайн хилар девзинчул тIаьхьа… Рузба тIехь хиларан масийтта биллам бу, нагахь санна и билламаш кхочуш хилахь тIедужуш ду иза фардул-Iайн хилла. И билламаш хIорш бу:
1) Бусалба хилар. 2) Кхиъна ваьлла хилар. Вуьшта аьлча – ламаз дар тIедужучу хене кхаьчна хилар. Дукха хьолехь и хан пхийтта шо кхаьчча хуьлу, делахь а кхин а хьалхе а, тIаьхьа а хуьлу. Делахь а, кхиъна валаза велахь а, рузбане вахар марз дан деза ворхIара ваьллачу кIантана, рузбане вахар тIедилла деза иттара ваьллачу кIантана. 3) Хьекъал чохь хилар. Хьекъалца галваьллачу стагана рузба тIехь дац. 4) Борша стаг хилар. Зудчунна тIехь дац рузба дар. 5) Маьрша хилар. Лайна тIехь дац рузба дар. 6) Цхьана меттахь Iаш хилар. Некъахь волчу стагана рузба тIехь дац. Нагахь санна цхьана стага цхьана меттехь диъ дийнахь Iен ниййат хилахь, и стаг оцу меттехь Iаш лоруш ву. Масала, цхьаъ Москва вахача, цигахь диъ дийнахь сецар волуш велахь, цунна рузба тIехь ду. 7) Могаш хилар. Нагахь санна стаг цомгаш велахь, рузбане вахча – новкъа воьдуш делахь а, йа цигахь Iийча делахь, йа цхьана кхечу агIор делахь а – цунна зен хир долуш делахь, цуьнан цамгар алсам ер йолуш елахь, цунна тIехь дац рузба. Нагахь санна иштта зен хир дацахь, цамгар алсам ер яцахь рузба тIехь ду. 8) И лакхахь болу билламаш шайца кхочуш болуш волу шовзткъа бусалба стаг цхьана меттехь вовшахкхетар. Нагахь санна шовзткъаннал кIеззиг хилахь рузба тIехь дац.
Цундела, Москвахь Iаш волчу бусалба стагана рузба тIехь ду, нагахь санна цуьнца и лакхара ворхI биллам кхочуш белахь, амма борхIалгIа биллам вай ца бийцича а массарна а хаьа цигахь бусалба нах дукха буй.
Ткъа, дика хууш верг АллахI ву!
|