| Iелам-нах |
|
|
| Хьешан тептар |
|
Ассаламу Iалайкум! Рузбан ламаз хьокъехь дешнера ас хIокху чохь, "дарул ислам" биллам бу олуш хезнера суна цхьана мазхIабехь, шен йиш йоцург хIора рузбане ваха, аладашна москох, цу тIе товжа мегар дуй? Цу хьокъехь хIун боху жайно ?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Хьанафийн мазхIабехь рузба даран биллам бу бусалба нехан имам хилар а, цуьнан пурбанца иза деш хилар а. Оцу билламах лаьцна дуьйцуш, Хьанафийн мазхIабан Iелам-наха дуьйцу, рузба деш йолчу меттехь бусалба куьйгалхой хила беза, коьрта имамо-паччахьо хIиттийна, цу меттехь бусалба хьукм хила а деза, олий. Цигара схьадаьлла ду, рузба даран «дарул-ислам» биллам бу бохург, керста-махкахь бусалба имам а, бусалба хьукм а доцу дела. Ткъа и биллам тахана лело баьккхича, дуьнена тIехь вуно дукха бусалба наха рузба дийр а дац. Масала и биллам лелобаьккхича, гIезалоша (татараша) а, чергазоша а, иштта уьш санна болчу Росси-пачхьалкхан куьйгаллийна кIел мел догIучу мехкашкахь болчу бусалба наха рузба дан оьшуш ца хуьлу, йа шайн «йиш йоцург» рузбане ца ваха а мегаш хуьлу. Бакъду, и биллам хIоттийначу Хьанафийн мазхIабехь ду, нагахь санна бусалба нехан хилла мехкаш керста-наха схьадаьхча, куьйгалхо цара шайниг хIоттийча, цигахь Iаш болчу бусалба нехан шайна юкъара хIиттийна бусалба хьукм лелош куьйгалхой а, къеданаш а белахь, цара рузба дар мегаш ду аьлла.[1] Ткъа иштта хьал оцу мехкашкахь вайна ма-хаара доцуш ду. Кхин а, и биллам вай лелобаьккхича, йа вай иза таханлерачу хьолехь нийса а лерина тIелаьцча – цхьана стагана иза магийча, кхечеран хьал а хир ду цуьнан санна, массера дацахь а дукхах болчера – Европехь болчу цхьа а бусалба наха рузба дийр дац, туркоша а рузба дийр дац – хIунда аьлча къеданаш а, хьукм а бусалба низамца дац – иштта кхидIа а кхечу мехкашца дуста йиш йолуш ду и гIуллакх. Ткъа тахана, цхьанххьа болчу бусалба наха ца бах и биллам лело беза, хIунда аьлча цо дуккха а бусалба нахе рузба дойтур доцу дела. Иза кхин ца хиллал боккха бохам бусалба нахана. Къаьсттина, бусалба нехан цхьадолу латтанаш керста наха схьадаьхча, цигахь церан куьйгаллин кIелахь бусалба нах бисса магийначу Iелам-наха иза магийна, цаьрга шайн динан коьрта Iамалш цигахь лелалур елахь аьлла биллам а хIоттийна, рузбан-ламаз а, Iийд-ламаз а, иштта и санна долу юкъара коьрта хIуманаш цаьрга цигахь лелалур делахь, тIаккха цигахь совца мегар ду уьш аьлла цара. Цундела, и биллам Хьанафийн мазхIабехь болчарна шен хенахь богIуш биллам хиллехь а, тахана и биллам тIелацар, бусалба динан коьрта Iибадатех цхьа Iибадат бIе-миллионашкахь болчу бусалба нахе дойтур доцу хIума ду. Иштта ду цу билламах лаьцна дерг. Амма ахь хьайн хаттарехь аьлла долу «йиш йоцург» боху дешнаш – уьш дукха агIор тидалуш дешнаш ду, цундела оцу хIора «йиш йоцучу» стеган хьоле хьажжина жоп дала деза Iелам-стага, цунна рузба оцу хьолехь тIехь хуьлу йа ца хуьлу аьлла. Ткъа хьан хаттарна юкъара жоп – оцу билламна тIе а тевжина, рузбане ца воьдуш Iен мегар дац, шен хьал ша вехачу меттехь волчу Iелам-стаге дийца а дийцина, цуьнга хатта деза цо.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
|