Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! ДжамаIат 2 стаг велахь хуьлуш ю! ДжумуIа ламаз дан мегар дуй царна? Масала: "Матн Аби ШуджаI) т1ехь 40 стаг (шай бехкамашца) хила веза аьлла дуьйцу.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

ХIара хаттар Iелам-нахана юкъахь шен хьокъехь хилпало хиларца девзаш хаттар ду. Пайхамарера схьа – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – деана нийса а, билггал а хьадис доцу дела, билггал маьIна гойтуш доцу хьадисашна а, фикъхIера кхечу баххашна а тIедоьгIна тайп-тайпана дешнаш даьхкина Iелам-нахера схьа, хIокху хаттарх лаьцна.[1]

Масала, цхьаболчара ша цхьана стага а рузба дан деза аьлла. Вукхара иза шинца а кхочуш хуьлу аьлла, вукхара кхаанца а, вукхара веанца а кхочуш хуьлу аьлла. Цхьаболчара шийттанца бен ца хуьлу аьлла, вукхара шовзткъа стагца бен ца хуьлу аьлла, цхьаболчара шовзткъеитт стагца бен ца хуьлу а аьлла. Цхьаболчу Iелам-наха, цу хаттаран хьокъехь пхийтта дош ду аьлла дийцина а ду.[2]

Церан хIоранне а шен далил ду, цхьадерг гIийла хилар билггал долуш делахь а.

ШафиIийн а, хьанбалийн а мазхIабехь сецна дерг – шовзткъа стаг кхочуш ца хилча рузбан-ламаз важиб а, нийса а ца хилар ду. Церан далилех уггар нийсаниг, Абу Давуда а, Хьакима а, БайхIакъийс а дийцина долу нийса хьадис ду, КаIб ибн Маликан кIанта Iабдуррахьмана шен дега КаIде хаьттина хиллера аьлла: «Азан деш хезча, даим АсIад ибн Зурáратана гечдар ма доьху ахь?!» КаIба – Дела реза хуьлда цунна – жоп делла: «ХIаъ сан кIант! Ас гечдар доьху цунна, хIунда аьлча НакъúIехь (Мединат уллохь) доьххьара тхоьга рузба дайтинарг иза волу дела». Iабдуррахьмана хаьттина: «Мас стаг вара шу?» Цо жоп делла: «Шовзткъа стаг вара».

Цу хьадисана тIе а доьгIна, шафиIий а, хьанбалий мазхIабера Iелам-наха, рузба нийса хила шовзткъа стаг хила веза аьлла. И ду вай махкахь девзаш дерг а.

Шейх Ибн Ал-Iусаймина – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, и хаттар дуьйцуш: «Кхузахь цхьа хаттар ду довза дезаш. Цхьана меттехь 39 стаг хилча, 40-гIаниг имам а волуш, иманан шовзткъа стаг хила веза аьлла хеташ делахь, биссинчарна кхо стаг хилча а тоьар ду аьлла хеташ делахь, цу хьолехь вай олу: имамо рузба дойтур дац цаьрга, цара щайна юкъара цхьаьнга рузба дойтур ду, ткъа имамо тIаьхьа а хIоьттина цаьрца рузба дан а деза, хIунда рузбанна къамат дина долу дела. Нагахь санна и сурт бIостанехьа делахь, имамана кхо стаг тоьар ву аьлла хеташ а долуш, вукху 39 стагана шовзткъа стаг хила веза аьлла хеташ а долуш, цара цхьамма а рузбана ламаз дийр дац. ХIунда аьлча, оцу 39 стага шаьш рузбадийр дац бах, цундела имам ша вуьссу, цо цхьамма рузба дар нийса а дац. Цундела цара делкъа ламаз дийр ду.

Iелам-наха – Дала къинхетам бойла церах – хьахийна долчу хIокху хаттаро вайна гойту, адаман кхетам шуьйра хила безаш хилар. Iелам-наха, оцу масалехь, рузба тIедожийна хилпало бахьана долуш, рузба тIера а даьккхина хилпало бахьана долуш. ИджтихIáдана тIейоьгIна йолу хилпало хила мегаш долчу хаттаршкахь бусалба стаг шога хила ца веза, кхиберш тилла бу бохуш хила ца веза. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIан къинхетаман цхьа агIо ю, иджтихIадана тIейоьгIна йолу хилпало бахьанехь Цо хаттам беш ца хилар. ИджтихIад динчунна, иза нийса хиллехь, ши ял ю цунна, гIалат хиллехь цхьа ял ю цунна. Суннатан а, ДжамаIатан а охIлу болчу бусалба наха шайна куьйгалла а, некъ а бина лелош ду, иджтихIад дан йиш йолчу хаттаршкахь шайна хетарг ца хеташ болу кхиберш тиларчу ца эгор, иштта хаттарш бахьанехь кхечарна «тилла нах бу» ца алар».[3]

 

Ткъа, гIолий хуург сийлахь АллахI ву!

 

25/04/2008


 

[1] «Шархь Зáдил-МустакъниI», Шейх Аш-ШинкъúтIий.

[2] «Ал-МаджмýI», 4/502, Имам Ан-Нававий; «Ал-МугIнú», 2/171, Имам Ибн КъудамахI; «Шархь Зáдил-МустакъниI», Шейх Аш-ШинкъúтIий.

[3] «Аш-Шархьул-МумтиI Шархь Зáдил-МустакъниI», 5/16, Шейх Ибн Ал-Iусаймúн.