| Iелам-нах |
|
|
| Аудио |
|
Ассаламу Iалайкум! Перза ламаз дина ваьллачул тIаьхьа, тасбихь даьккхинчул тIаьхьа доIа деш ши куьг хьалаадан мегий?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!
Парз ламаз динчул тIаьхьа,
тасбихь даьккхинчул тIаьхьа доIа деш ши куьг хьалаайдан мега, оцу хьолехь ши
куьг хьалаайдар суннат долчу хьолана юкъадогIу, кхузахь вай ма дийццара: Тасбихь динчул тIаьхьа доIа деш ши куьг айдар суннат юкъадогIуш ду, цундела иза дика ду, цунах лаьцна деана масийтта хьадис а ду.[1] Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – ламазал тIаьхьа долу суннаташ дуьйцучу юкъахь бах: «Ламазал арахьа деш долчу массо доIанехь ши куьг хьалаайдар а, и шиъ юьхь тIе хьакхар а дика ду».[2] Кхузахь юха а билгалдан деза, ламазал тIаьхьа доIа дар а, и дечу хенахь ши куьг айдар а суннат хилар, важиб ца хилар, иза важиб дина даим лелор нийса ца хилар, доIа ца динчуьнга, йа куьйгаш ца айдинчуьнга бехк баккхар нийса ца хилар. Имам Ал-Мубáракфýрийс – Дала къинхетам бойла цунах – ламаз динчул тIаьхьа доIа дарх лаьцна а, цигахь куьйгаш хьалаайдарх лаьцна а Iелам-нехан хилла хилпало йийцинчул тIаьхьа, иза мегаш хиларан хьадисаш дийцинчул тIаьхьа, бах: «Суна гергахь оцу хаттар тIехь нийса долу дош – ламаз динчул тIаьхьа доIа деш ши куьг хьалаайдар мегаш хилар ду, цхьаммо иза дича хIумма а дац Дала мукъа лахь, ткъа дика хууш верг лекха хинволу АллахI ву. Билгалдаккхар: Хьуна хаийла, таханлера, Хьанафийн мазхIабехь болчара хIора парз ламазал тIаьхьа доIа дича куьйгаш хьалаайдар дукха чIагIдина леладо, важиб долуш санна. Царна иза важиб долуш санна хета, цундела, цара бехк боккху, цхьамма ламаз а дина, салам деллачул тIаьхьа - «АллóхIумма антассалáму ва минкассалáму табáракта йá залджалáли вал-икрóм» - а аьлла, иза доIа а ца деш хьалагIаьттича. Ткъа цара иштта и бехк баккхар а, цара иштта и хIума чIогIа лардар а доьхьал ду церан Имамо Абу Хьанифас аьллачунна а, церан мазхIабан жайнашкахь долчунна а».[3]
Ткъа дика хууш верг АллахI ву! |