| Iелам-нах |
|
|
| Аудио |
|
Ассаламу
Iалайкум!
Хьуна Дала
диканца бекхам бойла сан хаттарна жоп даларна.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дала диканца бекхам бойла хьуна а!
Имамо хутIба дIадерзош доIа дечу хенахь, цо ши куьг хьалаайдар суннат дац, муххале а ца айдар суннат ду. Муслима дийцина, Руайбатан кIанта Iумарата – Дела реза хуьлда цунна – Марванан кIанта Бишрас хутIба дечу хенахь ши куьг хьалаайдина шена гича, цо элира аьлла: «АллахIа сийсаз дойла хIара ши куьг! Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен куьйга иштта хIара деш бен ца гина суна» - тIаккха шен хьажон пIелг хьалаайбира цо. Оцу хьадисан маьIна деш, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «ХIокху хьадисехь ду, хутIба дечу хенахь куьг хьала ца айдар суннат хилар. Иза иштта аьлла Малика а, вайн мазхIабан Iелам-наха а, кхечара а. Iийад къедано дийцина, цхьаболчу хьалхалерачу Iелам-нахера а, цхьаболчу Маликин мазхIабан Iелам-нахера а схьа, цара иза магийна аьлла, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша хутIба дечу хенахь, догIа доьхуш доIа деш ши куьг хьалаайдина дела. Ткъа, цуьнан жоп – цо иза, тIехIоьттинчу цхьана хьолана дина хилла хилар ду».[1] Имам Нававийс лакхахь ма-хьаххор, дукхах болчу Iелам-наха оцу асхьабан дашна тIе а доьгIна, имамо ша хутIба деш доIа дечу хенахь ши куьг хьалаайдар суннат дац аьлла, догIу доьхуш доIа деш бен, ткъа догIа доьхуш доIа дечу хенахь имамо а, ладугIуш болчара а массара а куьйгаш айдар суннат ду, Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – асхьабаша а айдира аьлла дийцина хьадис долу дела. Амма имамо доIа деш ладугIуш болчу наха куьйгаш хьалаайдар – цхьаболчу Iелам-наха уьш а имам санна лерина, цундела цара а куьйгаш айдар суннат дац аьлла цара, ткъа цхьаболчара магийна царна куьйгаш айдан, доIа деш куьйгаш айдар дуьйцучу юкъара хьадисашна тIе а тевжина, и ца магош долу хьадис къаьсттина имам вуьйцуш долу дела, оцу хьадисан цхьадолчу некъашкахь хьахийнарг доIа дар а доцуш, хутIба дечу хенахь куьйгаш ца айдора аьлла а долу дела. Цундела, магийначу Iелам-наха аьллачунна тIе а тевжина наггахь куьйгаш хьалаайдеш волчуьнга ма айде алар а нийса хир дац, ца айдеш волчуьнга айде аьлла тIедожор хиллане а нийса хир дац.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
ШолгIачу хаттаран жоьпе хьажа: Парз ламаз динчул тIаьхьа доIа деш ши куьг хьалаайдар |