Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала расулиллахI.

Дикка хан хьалха, иштта хаттар дара дина, вайн бусалба вешо:

Ассаламу Iалайкум! Стаг д1авоьллинчул т1аьхьа , цуьнан баьрзан гонаха виъ стаг охьахаэ къуръан т1ера диъ сурат доьшу , цуьнан хьукма муха ду ?
Дала ял лойла

Оцу хаттарна билггал жоп ца хуу дела, иза кароллалц аьлла, жимма хьеделлера цунна жоп. Ткъа, цунна жоп дезар юха а карладалар бахьана долуш, цунна, ваьшна хетарг алар тIедужу.

Салам делча иза схьаэцар - важиб ду, хIунда аьлча лекха хинволчу АллахIа Къуръан тIехь тIедожийна вайна, салам делча, схьа ма-даллара схьаиэцар, йа кхин а алсам дешнашца схьаиэцар.[1] Масала, "Ассаламу Iалайкум" аьлча, "Ва Iалайкум ассалам" аьлла схьаиэцар важиб ду, "Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI" аьлла схьаиэцар кхин а дика ду, "Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI" аьлла схьаиэцар кхин а чIогIа мелехь ду. Цундела, вайн вешигара иштта салам схьаиэцначул тIаьхьа:

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI…!

Вайна ма хаъара, кешнашкахь Къуръан дешар дукхах болчу Iелам-наха дика ду аьлла ду. Церан шайн баххаш а, тешаллаш а ду цунна. Цунах лаьцна вай хьахийнера хьалха, «Кхетамаза долчу хаттарна тоаме долу жоп» цIе йолчу жайни тIехь, Хьафиз Ибн Хьаджаре – Дала къинхетам бойла цунах – веллачунна Къуръан дешарх лаьцна динчу хаттарна а, цуьнан жоьпана а вай дина долчу билгалдаккхарехь. Хаттар-жоп а, цуьнан билгалдаккхар а иштта дара:

«11 хаттар: Нагахь санна цхьана хийрачу стага Къуръан а дешна, цуьнан мел веллачунна дIалахь, цунах хIумма а оцу веллачунна дIакхочур ю йа яц?

Жоп: И хаттар гIардаьлла хаттар ду, ас цунах лаьцна цхьа жима жайна а яздина. Цунах коьртаниг: хьалхалера дукхах болчу Iелам-наха иза дIакхочу аьлла, ткъа ас къастош дерг – цунах хаддош жоп ца далар ду, иштта Къуръан дешар еза Iамал хилар тIе а чIагIдеш, иза дуккха а дешча дика хилар тIе а чIагIдеш. 9».

Вай дина билгалдаккхар: «[9] Кхузахь Хьáфиз Ибн Хьаджара – Дала къинхетам бойла цунах – мел дIакхочу йа ца кхочу а ца олуш, йа хIара агIо йа важа агIо а ца лоцуш, кешнашкахь Къуръан дуккха деша аьлла, иза дешар деза ду а аьлла. Цо цхьа агIо ца лацаран бахьана – суна схьагучу суьртехь – хьалхалерачу цхьаболчу Iелам-наха цуьнан мел дIа ца кхочу аьлла хилар ду. Ибн Касира – Дала къинхетам бойла цунах – шен тафсир тIехь хьахийна, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла аьлла, дегIаца йина йолчу Iамалийн мел веллачуьнга дIа ца кхочу аьлла. Иштта СуйýтIийс а – Дала къинхетам бойла цунах –, кхин болчара а хьахийна иза, цо аьлла аьлла. ХIетте а, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «АлмаджмýI» жайни тIехь масийттозза дала до, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – кешнашка вахча Къуръан дешар мелехь а ду, деза а ду аьлла хилар. Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – иза дIа ца кхочу аьллехь а, дукхах болчу Iелам-наха Къуръан дешаран мел а, Дела хьахоран мел а веллачу стаге дIакхочу аьлла, ШафиIийн мазхIаберчу баккхийчу Iелам-наха а тIехь. Масала, иза дIакхочу аьллачу Iелам-нахах бу: Ибн Солáхь, СуйýтIий, Нававий, Ибн Таймийа, Ибнул Къаййим, Шавкáний, Ибн Хьаджар АлхIайтамий, СаIдий, Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIаб… Уьш хьалха хилла Iелам-нах бу. Амма кешнашкахь Къуръан дешар – иза ца мега олуш цхьа а Iелам-стаг гина вац суна, таханлера цхьа масех Iелам-стаг а, мутаIелам а воцург. Муххале а, вуно дукха Iелам-наха кешнашкахь Къуръан деша мегар ду а аьлла, дешар чIогIа мелехь ду а аьлла, доьшуш волчунна а, кешнийн охIлунна а пайдехь ду а аьлла. И ас лакхахь цIерш мел яьхначара аьлла ду иза, цул совнаха Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIаба – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ахькáму таманнил мавт» цIе йолчу жайни тIехь ши хьадис далийна, кешнашка вахча «Алфатихьат» а, «Ал-Ихлас» (КъулхIу) а, «Аттакáсур» а сураташ дешар мелехь хилар дуьйцуш долу. (И ши хьадис гIийла хила а тарло – 23.05.2007). Цул совнаха, цу жайнийна керла зорба тохийта иза кечдина волчу, СаIуди Iаьрбийн пачхьалкхехь гIараваьлла волчу Iелам-стага IабдуллахI ибнул Жибрúна а яздина гина суна, мел дIакхочуш хиларх а, кешнашкахь Къуръан дешар дика хиларх а лаьцна. Бакъду, вайх муьлххарчуьнан а коьрта чу хаттар да тарло, церан баххаш а, тешаллаш а хIун ду, иза дIакхочуш хиларна аьлла. ХIара жайна цунах лаьцна дуьйцу жайна дац, цундела ас церан хIоранне баххаш а, тешаллаш а ца дуьйцу кхузахь, баккхийчу Iелам-наха аьлларг дIа а довзийтина Iаддуьту ас, и хIума дан ца мега бохуш волчуьнга ойла йайтархьама. Дала пурба а делла, валаза висахь, цунах лаьцна яздан хьожур ву со, Делан гIоьнца. ТIаьххьара, Имам Ибн Солахьа ма-аллара – Дала къинхетам бойла цунах – ала луур дара суна: «…и къовсаме долу хIума бусалба динан баххашкара хIума а дац, йа коьрта лоруш долу хIума а дац. Иза фикъхI юкъара жима дакъа лоруш хIума ду, цундела цу тIехь болу къовсам боккха бац…», цундела и бахьанехь вовшийн харц ду бахар а, вовший инкарлонаш йар а, и хIума къа долуш санна хетар а нийса хIума а дац, йа бусалба динан Iалашонашца догIуш хIума а дац».

 

Иштта, лакхахь яздина ма-дарра, кешнашкахь Къуръан дешар дукхах болчу Iелам-наха дика ду аьлла ду. Церан шайн баххаш а, тешаллаш а ду цунна. ТIаккха, таханлерачу цхьаболчу Iелам-наха кешнашкахь Къуръан дешар ца магадо. Церан а шайн баххаш а, тешаллаш а ду.

Ткъа, Далла хьалха нийса а хеташ вай къастийна дерг дукхах болчу Iелам-наха аьлларг ду - кешнашка вахча Къуръан деша мегаш хилар.

Стаг дIавоьллинчул тIаьхьа, кошан еа маьIIе ховший, доьшуш долу диъ сурат, кешнашкахь Къуръан дешар ца магочу Iелам-нехаца дешнашца дуьстича – мегаш ца хуьлу. Ткъа, цхьаволчунна тешалла каро а мега, кешнашкахь Къуръан дешар магош болчу дукхах болчу Iелам-нехан дашца, хаттарехь деанчу куьцехь и диъ сурат дешар. Делахь а, къаьсттина оцу куьцехь – кошан еа маьIIехь – къаьсттина и диъ сурат дешар къастийна Iибадат дар ду. Ткъа цхьана къаьсттина долчу куьцехь Iибадат дарна тешалла деза. И тешалла ца хилча, и Iибадат дан мегаш дац, оцу къаьсттина долчу куьцехь. Цундела, хаттарехь деана долчу кепара Къуръан дешарна айатера-хьадисера билггал тешалла ца карийна дела, Iелам-наха и къаьсттина долу куц-кеп хьахош а сайна ца гина дела, иза мегар ду аьлла хадо а, йа дац аьлла чIагIдан а со хIуттур вац. Йа вуьшта дешнашца аьлча – оцу хаттарна жоп суна ца хаьа. Ткъа шена ца хуург, Делан динехь дийца цхьанне а бакъо яц.

 

IабдуллахI ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Iелам-стага "ца хаьа суна" бохург Iад дитахь – иза хIаллакьхиларан бахьанаш кхочуш хилла». Уьзза маьIна долу дешнаш даьхкина Хьусайнан кIантера Iалийгара а, Суфйан ибн Iуйайнера а, Маликера а, иштта кхиболчу Iелам-нахера а – Дала къинхетам бойла церах массерах.[2]


 

 


[1] Сурат «Аннисáъ» 86 айат.

[2] «Ал-Адабуш-ШарIиййахI» 2\132; «Адаб Аддунйа ваддин» 1\84; «Сифатус-СафвахI» 230; «Хьилйатул-Авлийáъ» 3\282.