|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Къоран телефон тIера я комьютер тIера доьшуш ламаз карахь хила дезий?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Кехат тIехь яздина долу Къуръан схьаоьцуш а, цунах Iотталуш а хилча ламаз карахь хила деза. Телефон тIера а, компьютер тIера а Къуръан а доьшуш хилча ламаз керахь хилар важиб дац, хIунда аьлча цу хьолехь Къуръанах Iотталуш ву олийла дац, йа цу шина хIуманна чохь дерг кехат тIехь яздина долу Къуръан а дац. Бакъду, ламаз керахь хилча дика ду оцу хьолехь а, хIетте а керахь ца хилча а деша мегар долуш ду. ХIокхунах тера а долуш, хIокхуьнца доьзна долу хаттар вай дийцира хьалха кхузахь: «Компьютер чохь Къуръан дешар вуьшта дешар санна дуй?» Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 28.02.2011 = 25.03.1432
| КхидIа |