Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Тахана дуккха а хаза Къуръан доьшуш къуррааш бу вайна алхьамдулиЛЛахI, ткъа сан хаттар кхолла деллера Къуръан айхьа дешча гIолехь ду-те я ладоьгIчиа тоаме ду-те аьлла, гIолехь дерг хIун ду техь. Дала диканца бекхам бойла хьуна, АллахIа Iилманца а сов воккхийла хьо де-дийне мел долу.

Ларамца, хьан дин ваша Халид

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Къуръан дешар а, Къуръане ладогIар а ший а бусалба стеган гIиллакхех хила дезаш ду, и шиъ ший а оьшуш ду, вуно чIогIа деза а ду, мелехь а ду, вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ший а лелош хилла а ду.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ×Баккъалла а, Делан жайна доьшуш берш а‚ ламаз деш берш а‚ Оха шайна деллачу рицIкъанах къайлах а‚ гучахь а сагIа делларш а - уьш догдохуш бу хIаллакьхир йоцучу йохк-эцаре (ялсамане). (Уьш догдохуш бу, Дала) шайна ял йаларга‚ шайна Цо Шен ниIматаш совдахарга; бакъдолуш Иза гечдеш верг а ву‚ (мел совбаккхарца) шукр деш верг а вуØ.[1]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Къуръан дешарца говза а волуш и доьшуш верг Далла муьтIахь хиларца сийлахь-беза болчу геланчашца хир ву. Къуръан деша дика хаа а ца хууш, иза юх-юха доьшуш, халонца доьшуш волчунна ши ял хир ю». Бухарис а, Муслима а дийцина иза.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Делан Жайни (Къуръан) тIера цхьа элп дешначунна цхьа дика ду, и цхьа дика итт дика санна а ду. Ас ца бах: “Алиф Лáм Мúм” цхьа элп ду, муххале а, Алиф – элп ду, Лам а – элп ду, Мим а – элп ду». Тирмизийс дийцина иза, (ша иза дийцинчул тIаьхьа) аьлла цо: «Дика, нийса хьадис ду (иза)».

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Къуръанан накъосте[2] эр ду (эхартахь): «ДIадеша! (Даржехь) лакха вала! Хазчу мукъамца дIадеша, айхьа дуьненахь хаза доьшуш ма-хиллара. Бакъдолуш, хьан (ялсаманера) меттиг ахь тIаьхььара дешначу аяте тIекхаччалц хир ю[3]». Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс а дийцина иза; Тирмизийс аьлла: «Дика, нийса хьадис ду».

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Къуръан ша дешарал совнаха, кхечара доьшучу хенахь ладугIуш а хилла. Бухарис а, Муслима а дийцина IабдуллахI ибн МасIуда – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – соьга элира: «Къуръан дешахь суна (а хозуьйтуш)». Ас элира тIаккха: «Ас муха доьшу хьуна хьалха Къуръан, иза хьуна тIедоьссина хилча?!». Цо элира: «Бакъдолуш, кхечуьнгара иза хазар дезаш хуьлу со». ТIаккха со волавелира «Ан-Нисаъ» сурат деша. Со хIокху айат тIе кхаьччи - «Ткъа муха хир ду (цу дийнахь хьал), Оха хIора уммат юкъара теш ва́лийча, хIокхарна тIехь хьо а (хIай Мухьаммад) Оха теш валийча?» - цо соьша элира: «Тоьар ду хьуна». (Со цуьнга дIаьхьаьжча,) цуьнан бIаьргаш доьлхуш гира суна».

Бухарис а, Муслима а дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Абу Муса Ал-АшIарийс Къуръан доьшуш ладоьгIна хилла хилар.

Ткъа цаьршиннах гIолий муьлха ду аьлча – иза стеган хьоле хьаьжжина ду. Цхьайолчу хенахь Къуръан ша дешар гIолий хила мега, цхьайолчу хенахь кхечо доьшуш ладогIар гIолий хила мега. Нагахь санна ша доьшуш хилча, цунна Къуръанах асар чIогIа хилахь, цуьнан маьIнаш тIехь ойла йарна иза гIолий хилахь, тIаккха иза дешар гIолий ду, мелехь ду. Нагахь санна уьзза хIума ладогIарца хилахь, тIаккха ладогIар гIолий ду, дезох ду. Цаьршиннах стеган дог алсам туодеш дерг – иза гIолий ду цунна.[4] Цундела, хила тарло цхьана дийнахь Iуьйранна, масала, дешар гIолий долуш, делкъанна ладогIар гIолий долуш.

ХIетте а, дукхах дерг дешар хилийта деза, хIунда аьлча иза Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан асхьабаша а – Дела реза хуьлда цунна – алсам лелош хилларг ду. Цул совнаха, Къуръан ша доьшуш хилча масийтта меже хуьлу Iамал еш: мотт а, лергаш а, дог а. Ткъа мусхьаф тIера дешча бIаьргийн Iамал а тIекхета. Цхьаболчу Iелам-наха Къуръан дешар ладогIарал гIолий ду аьлла а ду.[5]

Ахьмада дийцинчу хьадисехь деана ду: «АллахIан Жайни тIера цхьана айате ладоьгIначунна – совдаьккхина дика хир ду цунна иза. Ткъа иза дешначунна – къемат дийнахь нур хир ду цунна иза».    

Дика хуург АллахI ву!

 

08.01.2009


 

[1] Сурат «ФатIир», 29 айат.

[2] Къуръанан накъост бохург – иза доьшуш, иза Iамош, иза дезаш хилла волу стаг ву.

[3] Къуръан дукха мел доьшу, даржехь сов вер ву хьо, меттиг лакхара хир ю хьан, хIора аятца лерам хир бу хьан бохург ду цуьнан маьIна.

[4] Шейх Ибн Ба́з, «Фатава ИсламиййахI», 4/46; Шейх IабдуллахI Аз-Зайид, «Фатава Ал-Исламил-Йавм», 16/344.

[5] «Фатава Ал-Ладжнатид-ДаимахI», 3/90; «Фатава ва Росаил Мухьаммад ибн ИброхIим», 13/81.