|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара, сайгахь долчу кьинех лаьцна. Ас хIара хаттар дарна къинтIера валлахь. Соьга сайн ши бIаьрг лар ца бало ирча долчу хуманех, Дала хьарам дина долчу зинах лаьцна видеош хьажарх, йа араваьлча сайн ши бIаьрг лар ца бало соьга. Дукха хан ю со иза дита гIерташ воллуш, амма гIулкх ца хуьлу сан, чIогIа гIийла ву со сайн ийманаца. Ас и къа дичахь чIогIа хала хуьлу суна, цхьа лам сайна тIебоьжча санна, доллачу дийнахь чIогIа хала хета суна. ЧIагIонаш йо ас, кхи дийра дац ас иза бохуш, дуйниш дуу, амма цхьа 2 кIира даьлча диц ло суна иза, юха а сайгара Дела резавоцуш дерг долийта ас. Ас хIун дан деза и къа дита, ас и къа ца дуьташ сан дог чIогIа чIагIделла Дела хьехор тIехь, Делах кхерар тIехь. Суна-м ца лаьа дакъаза вала, суна хIун хьехар дийр дара ахь. Дела реза хуьлда хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме ваша! Хьайниг санна хаттар шега дича, Шейх Хьамид Ал-Iалийс дийцина долу дарба яздо хьуна ас, цул диканиг кхин сайна хуур доцу дела, иза цо хьуна яздича санна, массо агIор догIуш долу дела. Дела реза хуьлда ала лаьа суна хIара гайтина волчу Ахьмадна. Шейх Хьамида аьлла: «Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Хастам бу АллахIана! Цуьнгара салават а, салам а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна а, ша аьлла волчунна: «Малбузехьара малх хьалабалале цхьамма тоба дахь, АллахIа къобал дийр ду цуьнан иза». Иштта и диканаш хуьлда цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а.[1] Хьан кехат дийшира ас. Хьуна хаийла, хьуна а, тобанна а юкъадо́ла цхьаъа хIума доций, хьан къинош стигланашка хьалакхаччал хилча а, йа дерриге дуьне дIадуьзна хилча а. Адам хIокху дахарехь мел ду, тоба даран неI йиллина ю. Хьан кехат дешча суна билгалделира, хьо хьайн дагчохь болчу ийманан кхайкхамна а, шайтIано цу чохь меттахйохучу марзонийн кхайкхамна а юкъахь боьдучу къовсамехь Iаш хилар. АллахIана хастам бу хьан дагчохь ийманан нур диссина хиларна, ахь вон хIума дича цо хьуна дов деш хиларна, дика Iамал цо хьуна хазйеш хиларна. Делахь а, и нур гIийла нур ду. ХIунда аьлча, шайтIанан дагтIе туьссуш болчу вочу белхийн бодано гIелдина ду и нур. Цундела, наггахь хьалалета иза, серло ло цо хьуна, тIаккха хьан синкхетам самаболу цхьажимма, делахь а дукха цаIIаш юха а дIадов и нур, цундела хьо юха а вочу белхашна тIевоьрзу. Ас хьуна йовзуьйтур ю хьох кхетта йолу цамгар, тIаккха цунна дарба а хьоьхур ду хьуна. Ткъа ас хьайга олуш дерг дикка ойла еш, дикка тIе тидам бохуьйтуш деша ахь, лекха хинволчу АллахIа пайда бан а ма-мега хьуна цунах. Дог – хIай лераме ваша – адамаца лаам лаьтташ болу меттиг ю. Цкъацкъа дика дан лаьа цунна, цкъацкъа вон дан а лаьа цунна. Ткъа меженаш цуьнан эскар бен дац, цунна чохь болчу лааме хьаьжжина цунна муьтIахь хуьлу уьш. Ткъа, даим АллахIана муьтIахь хилар лардеш болчарна а, хьуна а юкъахь йолу башхула хIун ю аьлча – и дин лардеш болчеран дегнаш хадам боллуш дика дар лууш ду, цундела церан меженаш муьтIахь хуьлу оцу лаамна, цундела уьш даим муьтIахь хуьлу лекха хинволчу АллахIана. Ткъа хьо – хьан дагна дика а девза, вон а девза, дикачу белхашна а, вочу белхашна а юкъахь къастам а бо цо, делахь а дика хIумане лаам ца хилало цуьнгахь, дегIан марзонаш езаш карадо хьуна иза, уьш шена зене дуй хуъушехь. ТIаккха шен меженашна омру до цо, уьш цунна муьтIахь а хуьлу. Бахьана хIун ду? Бахьана – шайтIанах лардина долчу дагна дика хIуманаш дан лаар атта хуьлуш хилар ду. ХIунда аьлча иза могаш, онда дог ду. Ткъа шайтIа паргIат чудаха а, паргIат чухула дIасалела а йиш йолу дог – цу дагна вон хIуманаш лаийтар шайтIанна атта хуьлу, цунна уьш хаздинчул тIаьхьа. ХIунда аьлча иза цомгаш дог долу дела, шайтIанан «бактеришца» дуьзна дог долу дела. Цхьадолу адамаш ду, шайн дагчу шайтIа цхьа кIеззиг йолчу ханна бен гIорта ца луш, цу дагна гонаха доьгIна долу лардарш чIогIа хиларна. ХIара масал ду наггахь шайгара кегий къинош довлуш болчарна, тIаккха сихонца царна тоба а деш. Уьш бу лекха хинволчу АллахIа шайх лаьцна хIара дешнаш аьлла берш: [Бакъдолуш, (АллахIах а, Цунна Iеса хиларх а) кхоьруш берш – шайтIанера ойланаш шайх хьакхаелча, (АллахI а, Цуьнан оьгIазло а) дагайогIу царна, тIаккха, (шайгара даьлла долу гIалат а, шаьш дан деза тоба а, шаьш лаца беза нийса некъ а) гуш хуьлу уьш].[2] Цхьадолу адамаш ду, шайтIа шайн дегнашна цкъаъа герга ца гIорталуш. ХIунда аьлча уьш санна волчу стеган дог тера ду седарчашца шайтIанех ларйеш йолчу стигланах. Иштта, и стигал санна лардеш ду цуьнан дог шайтIанах. И санна долчу дагах лаьцна аьлла Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «КIайн дог, шера тIулг санна (шеца вониг ца сецаш), стигланаш а, латта а лаьтташ мел ду цхьаа питано зен дийр дац цунна». Муслима дийцина иза, Хьузайфатера схьа, (Дела реза хуьлда цунна). Цхьадолу адамаш ду, шайтIа шайн дегнашна чоьхьадаьлла, царна чохь цо шена хIусам лаьцна, царна чохь цо шена бен бина, царна чохь хIоанаш а деш, шен кIорнеш а кхиош. ШайтIано толам баьккхина дIалаьцна дог ду иштта дог. Оцу дагна омру до цо, «хьарам йолу дегIамарзонаш езийта хьайна» - олий, тIаккха цу дагна уьш еза, цаьргахьа лаам хуьлу цуьнан. Меженашка и хьарамлонаш лелайе олу цу даго, цара уьш лела а йо. ХIунда хуьлу иза иштта? ХIунда аьлча шайтIанна и дог шеца цхьаъа лардарш доцуш карийна дела, шен неIарш шуьйрра дIайиллина йолуш, вон хIуманаш лелорна цомгаш хилла, гIийла долуш карийна дела. Цундела аьлла сийлахь лекха волчу АллахIа и санна долчу дегнех лаьцна: [ШайтIано (толам баьккхина) дIалаьцна уьш, АллахI хьехор дицдалийтина цо царна],[3] - хIунда аьлча, лекха хинволу АллахI хьехор шайтIанах ларвеш йолу гIап йолу дела; цундела иза дицдалийтина цо, царна тIехь толам баккхархьама, тIаккха и дегнаш шена муьтIахь дарца церан меженаш а муьтIахь хилийтархьама. Дог шайтIанах ларлур дац лекха хинволу АллахI хьехорца бен, диканиг дан цуьнан лаам а чIагIлур бац дика Iамал йарца бен. ШайтIано цунна тIехь толам а боккхур бац, лекха хинволу АллахI хьехор цунна дицделча бен, вон хIуманаш а, боьху хIуманаш а дарца иза гIелделла хилча бен. Ткъа хIинца, дика Iамал йарехь а, вонаш Iаддитарехь а хьуна хьайн дог муьтIахь ца хиларан бахьана девзинчул тIаьхьа, иза хила ма-дезза нийсачу некъа тIехь ца лоттуьйтуш долу бахьана хьуна девзинчул тIаьхьа, кхидIа вай дуьйцур дерг цу цамгарна дарба ду хьуна. Схьаэца ахь хIара дарба, даим лела а де ахь иза, цуьнан дика жамIаш хирг хилар билггал хIума ду хьуна, Делан пурбанца, нагахь санна ахь баккъалла а цу тIехь къахьегахь: 1. Пхи ламаз жамаIатца дар лардан деза ахь. Къаьсттина чIогIа лардан деза Iуьйра ламаз. Верлахь, верлахь, ларлолахь хьайн Iуьйра ламаз жамаIатца ца деш дIадахийтарх. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Iуьйренан Къуръан а! Бакъдолуш, Iуьйренан Къуръан тешалла деш ду!].[4] И бохург – Iуьйра ламазехь (тешаллийна) догIий малийкаш хуьлу бохург ду. 2. Iуьйра ламазал тIаьхьа Къуръан доьшуш маьждиг чохь саца, малх хьалабаллалц. ТIаккха, малх гоьмукъан бараме кхаччалц хьалабаьлча (доьххьара малх схьакхеттачул тIаьхьа итт минот яьлча) ши ракаIат суннат ламаз де. 3. ХIора дийнахь бIозза (100) «Субхьа́налло́хIи ва бихьамдихI»[5] ала, хьайна луъучу хенахь, хьайна луъучу меттехь, хуьлийла иза маьждиг чохь, цIахь, гIаш воьдуш волуш, хиъна Iаш волуш, машенахь волуш, и.кх.дI. ХIокху зикро гIалаташ (къинош) дIадойъу хьуна, тIе хIума хьоькхуш дIадаьхча санна. 4. ХIора дийнахь бIозза (100) Деле гечдар деха, «АстагIфирулло́хIа ва ату́бу илайхI»[6] - олуш, хьайна луъучу хенахь, хьайна луъучу хьолехь. 5. ХIора дийнахь хIара зикр ала бIозза (100): «Ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, лахIул-мулку ва лахIул-хьамд, ва хIува Iала́ кулли шайъин къоди́р»,[7] - хьайна луъучу хенахь а, хьолехь а. Маьждигехь ца аьлчи а хIумма дац хьуна. ХIара зикраш Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) даим деш хилла ду. Дагна дахар ду уьш, цуьнан ца хилча ца болуш болу кхача а бу уьш. 6. МаьркIижа а, пхьуьйра а ламазана юкъахь маьждиг чура ара а ца волуш «гIаролехь» Iе, хьайга дешалуччул Къуръан доьшуш, айхьа доьшучунна тIехь ойла а еш. 7. Хьо чIогIа ларвала веза телевизоре а, журналашка а хьежарх а, вон хIуманаш лелош долчу метте вахарх а, (иштта компьютарх а). Хьо дарбанан гIопа чохь ву хIинца, хьайн дагна цуьнан могшалла юхаерзо гIерташ. Ткъа оцу дарбано – дикачу гIулкхаша – хьуна пайда бийра бац, дарба лелочу хенахь ахь дIовш моьлуш хилча, цамгар совйоккху бахьанаш лелош хилча. Ткъа и дIовш а, и бахьанаш а вон хIуманаш ду. 8. ХIокху (программийца) дарбанца ва́ха веза хьо мел лахара а дийнна цхьана баттахь, Къуръан доьшуш, цу тIехь ойла а еш, цу тIехь дерг лела а деш, дехачу сахьташкахь лекха хинволу АллахI хьехорхьама хьайнна а вуьссуш. Цхьана баттахь вай аларна тешалла ду Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иштта омру дина хилар: «Ахь Къуръан деша цхьана баттахь. Ахь деша иза ткъе пхиъ дийнахь. Ахь деша иза итт дийнахь. Ахь деша иза ворхI дийнахь». Бухарийс а, Муслима а дийцина иза, Ибн Iумарера схьа (Дела реза хуьлда цунна). 9. Нагахь санна хьо вехаш йолчу меттиго хьуна хIара (программа) дарба лелорна новкъарло йийр елахь, хьайн меттиг хийца, хьайн гуо а хийца, вон накъостий Iадбита. Айхьа садоIуш хилла йолу меттигех а ларло, нагахь санна хьуна цигахь Iесаллийна гIо хуьлуш хиллехь. ХIара (программа) дарба лело, масала Макка ваха хьайн аьтту белахь, цига ваха хьажа хьо. 10. Хьайн даьхни тIера цхьадолу дакъа сагIийна ло, лекха хинволчу АллахIе хьой тоба деш хиларна. Оцу ниййатца сагIа ло ахь, къайлах долу сагIа, лекха хинволчу АллахIана бен ахь иза деллий хуур доцуш. Нийсачу хьадисехь деана ду хьуна: «Къайлах деллачу сагIано Делан оьгIазло дIайойъу». Ибн Хьиббана дийцина иза, Анасера схьа (Дела реза хуьлда цунна). 11. Iумрате ваха хьажа хьо, хьайн ийман карладаккха ниййат а дей, оцу беркате балхаца хьайн хьалхалера дахаран вон агIонаш дIайила ниййат а дей. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Шина Iумрат юкъахь (йолчу хенахь) дийлина долу къинош дIадойъу Iумрат даро; къобал хилла долчу хьаджан бекхам ялсамани а бу». Бухарийс а, Муслима а дийцина иза, Абу ХIурайратера схьа (Дела реза хуьлда цунна). 12. Нагахь санна хьайна тIехь нехан хьаккъаш (декхарш, дIакхачо деза тешаллаш, юхадерзо деза даьхни) делахь, АллахIе тоба деш, уьш дерриге царна юхадерзаде ахь. Цхьаъа хIума ма дита ахь хьайна тIехь цу декхарех.
13. ХIора буьйсанна,
Iуьйкъа хенахь, Iуьра ламаз дале йолчу хенахь хIара доIа дарца Деле деха
ахь: «Робби инни́ заламту нафси́ зулман каси́ран, ва ла́ йагIфируззуну́ба
илла́ анта, фагIфир ли́ магIфиратан мин Iиндик, вархьамни́, иннака
антал-гIофу́руррохьи́м».[8]
«Алло́хIумма алхIимни́ рушди́, ва къини́ шарра нафси́».[9]
И ши доIа Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шен цхьаболчу
асхьабашна Iамийна хилла ду. И ду хьуна хьан дарба. Цхьа бутт хан хIоттор къаьсттина ткъеитт де лууш аьлла дац, цул хьалха а гучудала мега хьуна дикчу агIор хийцавалар, йа кхин алсам хан яккха езаш хила а мега ахь оцу «могшаллин гIопа» чохь. Коьрта Iалашо – дагчура шайтIа лаллар ю, цуьнан Iаткъамах а, цуьнан боьхаллех а дог дIацIандар ю, хIунда аьлча уьш ду хьан дог гIийла хиларан бахьана, марзонийн кхайкхамна цо сихонца жоп даларан бахьана, дика хIуманаш дан цуьнан (хадам боллуш) лаам ца хиларан бахьана. Даге цуьнан могшалла юхайирзича, лекха хинволу АллахI хьехорца иза маьрша а, онда а хиллачул тIаьхьа, шайтIанан хIилланах иза ларделлачул тIаьхьа, жимма лахде ахь хIара (программа) дарба лелор, хьайга паргIат лелалучу хьоле кхаччалц. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Шайга далуш дерг леладойла аш». Бухарийс а, Муслима а дийцина иза, Iаишатера схьа (Дела реза хуьлда цунна). Ткъа нагахь санна хьайга цул алсам дерг лелалуш хилахь, дика дар алсамдаккха ахь, хьайн дагца дика Iамал йарехьа лаам мел бу. ХIара ийманан белхаш АллахIана гергахь тайп-тайпана даржаш долуш ду, Делан лайно уьш алсам мел до, Делах кхераран даржашкахь хьалаайло иза, лакхаволу иза. ТIаккха, АллахIа хьайна парз дина долу хIума кхочуш дар хила ма-дезза хилийта ахь. Хьуна ган а гуш, цхьа тамашийна хьайн хьелаш хийцалуш гур ду хьуна, и ас дийцина долу и дарба лелош хьо дIаводахь. Iесаллашна чувожар хьайн синна ца дезош хилар гур ду хьуна, хьайн дагна уьш лууш ца хилар гур ду хьуна, иза цаьрга сийсазлонца хьожуш хилар гур ду хьуна. Дика Iамал езар ю хьуна, иза йарехь каде а хир ву хьо, цуьнан марзо а хаалур ю хьуна хьайн дагчохь. Оцу хийцаман къайле хIун ю аьлча – ахь хьайн дагна дарба дар ду иза, лекха хинволу АллахI хьехорца а, дика Iамал йарца а. И бахьана долуш могаш хилла иза, дика дан а лууш, иза деза а дезаш, хьалха вон дан а лууш, вон хIуманаш деза а дезаш цомгаш лаьттинчул тIаьхьа. Бакъ волчу АллахIа, сийлахь цIена ву Иза, аьлла: [Делахь а, АллахIа дезийтина шуна Шех тешар, Цо хаздина иза шун дегнашна; Цо ца дезийтина шуна керстаналла а, волла а, Iесалла а; (ткъа Цо шена Шех тешар дезийтинарш) – уьш бу нисбелла берш].[10] Ткъа гIолий хуург АллахI ву!». Чекхдели Шейх Хьамид Ал-Iалийс яздинарг. 25.04.2010 = 11/05/1431 [1] Муслима дийцина иза, Абу ХIурайратера схьа. [2] Сурат «Ал-АIро́ф», 201 айат. Къовларш юкъахь дерг соьгара маьIна ду. [3] Сурат «Ал-Муджа́далахI», 19 айат. [4] Сурат «Ал-Исро́ъ», 78 айат. [5] «Сийлахь цIена ву АллахI, хастам а бу Цунна». [6] «Гечдар доьху ас АллахIе, тоба а до ас». [7] «АллахI воцург кхин дела вац, Ша́ цхьаъ верг ву Иза, накъост а вац Цуьнан. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу. Массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву Иза». [8] «Йа АллахI! Ас айса сайна дукха зулам дина-кх, ткъа къиношна Ахь бен геч а ца до-кх, гечдехьа суна, Хьайн гечдарца, къинхетам а бехьа сох, бакъдолуш Хьо гечдийриг а, къинхетаме верг а ву-кх». [9] «Йа АллахI! Нийса кхетам таса Ахь сан дагчу, сайн синан вонах лар а ве Ахь со». [10] Сурат «Ал-Хьуджуро́т», 7 айат.
| КхидIа |