|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Оьзда доцу къамел дан мегий, нохчийн маттахь йа керста маттахь?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Бусалба стаг нехан сакхташ дуьйцуш хир вац, неIалт кхийкхош хир вац, оьзда доцу къамел деш а хир вац, боьха мотт ле́бе́ш а хир вац».[1] IабдуллахI ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIах тешаш волчу стагехь уггар лазаме (вон) долу гIиллакх – боьха (оьзда доцу) къамел дар ду».[2] Кхин а аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Къемат дийнахь бусалба стеган терзан тIехь хазчу гIиллакхал деза хир долуш хIумма дац. Бакъдолуш, АллахIана ца веза оьзда доцу къамел дийриг, вон мотт болуш верг».[3] Кхечу хьадисехь а аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Бакъдолуш, АллахIана ца веза оьзда доцу къамел дийриг, боьха къамел дийриг».[4] Кхин а аьлла АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Цхьана хIумана юкъахь боьха къамел дийр дац, цо и хIума талхийний бен. Цхьана хIуманца эхь хир дац, цо и хIума хаздиний бен».[5] Кхин а аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «АллахIах а, ТIаьххьарчу (къемат) дийнах а тешаш волчо (ша́ алахь) диканиг олийла, йа хIумма ца олуш IадIайла иза».[6] Имам ГIазалийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла мотт ларбан безарх лаьцна: «Амма мотт: хьуна иза кхоьллина бу Лекха хинволу АллахI хьоьга дукха хьехавайта, Цуьнан Жайна (Къуръан) хьоьга дукха дешийта, Цо кхоьллина адамаш хьайн маттаца Цуьнан некъа тIе хьоьга нисдайта, хьан дагчуьра хьайн динан хьашташ а, дуьненан хьашташ а хьоьга схьааладалийта. Ткъа нагахь ахь иза ша кхоьллина болчу бахьанашца ца лебахь, Лекха хинволчу Дала хьайна цуьнца деллачу ниIматана керстдо ахь, ткъа и мотт – ахь а, массо кхечу наха а уггар дукха лелош йолу меже ю. Шайн яххьаш тIе охьа а кхуьйсуш, адамаш жоьжагIат чу лестадойтур дерг, и мотт лебича хуьлуш долу вонаш бен дац хьуна, цундела хьайн ницкъ ма-кхоччу цунна тIехь толам баккха хьажа хьо, цуьнга хьо жоьжагIатан кIорге чу ца вигийтархьама». Чекхдели Имам ГIазалийс аьлларг, Дала къинхетам бойла цунах. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 03.05.2010 = 19/05/1431 [1] Бухарий, «Ал-Адабул-муфрад». [2] Бухарий, «Ал-Адабул-муфрад». [3] Тирмизий, Ибн Хьиббан. [4] Абу Давуд. [5] Тирмизий. [6] Бухарий, Муслим.
| КхидIа |