Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Суьйре дика хуьйла! Пал тасийта мегаш дуй?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI.

Далла езийла!

Имам Ал-Мунзирийс (Дала къинхетам бойла цунах), гIарадаьлла девзаш долчу «Ат-ТаргIиб ват-тархIиб» цIе йолчу жайни тIехь аьлла, хирдерг дийцар а, цуьнца доьзна долу хIуманаш а Бусалба динехь мегаш ца хилар довзуьйтуш:

«Кхерам луш (бусалба стаг а, зуда а духадоккхуш) долу дакъа ду хIара, бозбунчалла лелорах а, хир долу а, хилла долу а къайлах долу хIума хаьа шайна бохурш болчу вахарх а, седажайна хьожуш берш болчу вахарх а – хуьлийла и хирдерг довза гIортар гIамарца, йа тIулгашца, йа и санна долчу кхидолчу хIуманашца – уьш бакъбарх а (цара бохург бакъдарх а, цунах тешарх а)».[1]

Цул тIаьхьа и ша аьлларг гойтуш долу хьадисаш дийцина цо. Вай кхузахь цу хьадисашна юккъера далор дерш къаьсттина хирдерг хаа гIортарх лаьцна дерш ду, хIунда аьлча пал тасар цу юкъа догIуш долу дела:

«Хьусайнан кIанта Iимрана (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира: «Вайх вац олхазарш тIемадовлийтарца некъ товр бу йа бац хьожуш верг а, шен некъе оцу кепара хьажа олург а, хирдерг хаа гIерташ верг а, хирдерг довза лууш хоьттуш верг а, бозбунчалла лелош верг а, бозбунчалла леладойтург а. Хирдерг хаьа бохуш волу стаг волчу а веана, цо бохург бакъдинарг – бакъдолуш цо керстадина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе (АллахIа) доссийна дерг». И хьадис Ал-Баззара дийцина ду, дикчу иснадаца.

IабдуллахIан кIанта Жабира (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хирдерг дуьйцу ша бохуш волчунна тIе а веана, цо аьлларг бакъдинчо керстдина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе доссийна дерг». Ал-Баззара дийцина ду иза а, дикчу, чIогIачу иснадаца.

Абу Iубайдан йоIа Сафиййас дийцина, Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хIусамнанойх цхьахайолчуьнгара схьа (Дела реза хуьлда царна массарна), Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:  «Къайлах дерг хаьа шена бохуш волчунна тIе а веана, цуьнга цхьана хIуманах лаьцна хаттар а дина, тIаккха цо аьлларг бакъдинчуьнан ламаз къобал хир дац шовзткъа дийнахь».[2] Муслима дийцина ду иза.

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира: «Къайлах долу хIума а, хир долу хIума а дуьйцу ша бохуш волчу шина стагах цхьанна тIе а веана, цо бохург бакъдинчо керстдина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе доссийна дерг». Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс а, Ибн МаджахIас а дийцина ду иза…

IабдуллахI ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Къайлах дерг дуьйцу ша бохуш верг волчу а веана, йа бозбунчалла лелориг волчу а веана, йа хирдерг дуьйцу ша бохуш верг волчу а веана, церах цхьаьнга цхьа хаттар а дина, цара аьлларг (цунах тешарца) бакъдинарг -  цо керстдина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIедоссийнарг». Ал-Баззара а, Абу ЙаIлас а дийцина и асхьаба аьлла долу дешнаш, дикчу иснадаца.

IабдуллахI ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Къайлах дерг дуьйцу ша бохуш верг волчу веанчо а, бозбунчалла лелориг волчу веанчо а, хирдерг дуьйцу ша бохуш верг волчу веанчо а, цара бохучуш тешаш а волуш - цо керстдина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIедоссийнарг». Ат-ТIабаранийс дийцина иза «Ал-МуIджамул-кабир» тIехь, цу хьадисан иснад юкъахь берш тешаме нах а бу».

Иштта и санна долу хьадисаш дийцина Имам Ал-Мунзирийс, хирдерг хаа гIертар хьарам хилар довзуьйтуш, иза доккха къа дуй хоуьйтуш. Ткъа, пал тасар цу юкъа догIуш ду.

ТIаккха, хирдерг хаа гIертар (тайп-тайпана цуьнан хила йиш йолчу некъашца) доккха къа хилар билгалдина Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс (Дала къинхетам бойла цунах), цо и хIума цунах тера долчу кхидолчу хIуманашца цхьаьне хьахийна шен «Даккхий къинош леторах вухатухуш долу хIуманаш» цIе йолчу жайни тIехь.[3] Вуьшта, массо Iеламнехан бартхилла хIума а ду, хирдерг хаа гIертар а, и хаьа шайна бохучарна тIелелар а даккхийчу къинойх хилар а, иза бусалба стага а, зудчо а лелон мегаш долу хIума ца хилар а.

Бусалба стаг шен Делаца онда ву, Шен Элаца нуьцкъала ву, ткъа пал тасийтар - АллахIана тIе болх билларца а, гIуллакх Цуьнан кера дIадаларца а, ойла даим Делаца хиларца а цхьаьна догIуш дац. Бусалба стаг а, зуда а гуттар АллахIана тIетевжаш хир ду, Цуьнгара дикане догдохуш, вочух Цуьнца ларлуш, лело дезаш долу бахьанаш лелош, Делаца йолу юкъаметтиг чIагI а йеш, лаккхара Iалашонаш а, лаккхара ойланаша а йолуш, кхидIа шаьшшима хьега деза къа а хьоьгуш хир ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

03.01.2011 = ‏28‏.01‏.1432


 

[1] «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», 3/96, Имам Ал-Мунзирий – Шейх Ал-Албаний.

[2] «Шовзткъа дийнахь ламаз къобал хир дац» бохург – оцу ламазах мел хир бац цунна бохург ду, ламаз дан дезаран декхар тIера дер дац бохург дац, Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) ма-аллара. «Ал-МинхIадж шархь сахьихь Муслим ибн ал-Хьадджадж», 14/227.

[3] «Аз-Заваджир Iан икътирофил-кабаир», 2/176.