Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Дукха хаттарша-м до ас, делахь кхиъ цхьа хаттар дара сан. Вайн Пайхамара (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) аьлла дара-кх "хIар уммат 73 (я 75) тобане декъалур ду тIаьхьарчу заманахь". Вайна тахана ма-гарра декъаделла (цхьа берш) вай, цхьана тобанна шайниг вукху тобанал гIолехь хеташ. ТIаккха хаа лаьара суна, таханлерачу дийнахь дин тIера гал ца вала хIун некъ лелон беза, я хьанна тIаьхьаваза веза, хIун дича нийса хир дара теша Далла гаьргахь? Вайн Пайхамара (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) хIун аьлла кху хьокъах лаьцна? Дала диканца бекхам бойла шуна.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

АллахIа Шен лайшна даийтина долу дин довзаран некъ цхьаъ бу – Цо диссийна долу Цуьнан жайнаш а, и жайнаш схьакхачош, церан маьIна деш, уьш адамашна хьоьхуш Цо бахкийтина болу элчанаш а, пайхамарш а. Цундела, адамана Делан дин довза лаахь – иза Делан жайнашка хьажа деза, Цуьнан пайхамарийн дахаршка а хьажа деза. И боцург кхин нийса некъ бац Делан дин довза.

Ткъа, Делан Дош долу Къуръан шел хьалха хилла долчу массо жайнийн меттана доссийна ду. Делан Элча Мухьаммад пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) – уггар тIаьххьара элча а, пайхамар а ву. Къуръан – хIокху вайн умматан жайна ду, Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) – хIокху вайн умматан пайхамар ву. Мухьаммадан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) умматана шен дин нийса довза лаахь, иза Къуръане а хьажа деза, Мухьаммад пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дахаре а хьажа деза.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла цу хьокъехь: [Алиф Лам Мим. ХIара жайна (Къуръан) – шеко йоцуш куьйгалла ду (АллахIах) кхоьруш болчарна].[1]

[Рамадан бутт бу иза, шена чохь Къуръан доссийна болу; (и Къуръан) нахана куьйгалла ду, (цунна чохь) нийса дерг гойтуш йолу билгалонаш а, тоьшаллаш а ду, (бакъо харцонах) къастор а ду].[2]

Кхин а аьлла ду Къуръан тIехь: [Бакъдолуш, АллахIан Элча – дика а, хаза а масал хилла ду шуна].[3] Имам Ибн Касира (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла оцу айатан маьIна деш: «ХIара сийлахь айат – боккха бух бу АллахIан Элчанна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIаьхьавазарехь, цуьнан дешнашкахь а, цо лелийна долчу хIуманашкахь а, цуьнан хилла долчу хьелашкахь а».[4]

Абу Шурайхь ал-Хуза́Iийс (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Цхьана дийнахь АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тхо долчу ара а ваьлла элира: «Кхаъ бу шуна! АллахI воцург кхин дела а вац, со АллахIан элча а ву аьлла тешалла деш дац шу?». Асхьабаша жоп делла: «Дера ду». Цо аьлла тIаккха: «Бакъдолуш, хIокху Къуръанан цхьа йист АллахIан керахь ю, цуьнан важа йист шун керахь ю (шуна а, АллахIана юкъахь хIоттаелла зIе ю иза), цунах тассалойла шу, бакъдолуш цул тIаьхьа цкъаъа тилар чу а гIур дац шу, хIаллак а хир дац шу».[5]

Джубайра (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана дийнахь тхо Пайхамарца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьаьна Джухьфа олучу меттехь дара. Цо элира тхоьга: «АллахI воцург кхин цхьаъа дела а вац, Цуьнца цхьаъа накъост а вац, со АллахIан элча а ву, Къуръан АллахIера деана а ду аьлла тешалла деш дац шу?». Оха элира: «Дера ду». Цо элира: «Кхаъ бу шуна тIаккха! Бакъдолуш, хIокху Къуръана цхьа йист АллахIан керахь ю, цуьнан важа йист шун керахь ю (шуна а, АллахIана юкъахь хIоттаелла зIе ю иза), цунах тассалойла шу, бакъдолуш цул тIаьхьа цкъаъа хIаллак а хир дац шу, тилар чу а гIур дац шу».[6]

Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша́ хьадж дечу хенахь нахана хутIба деш (хьехам беш) элира аьлла: «Бакъдолуш ас шуна юкъахь ши хIума дитина, нагахь санна шу цаьршинна тIаьхьада́захь цкъаъа тилар чу эгар дац шу: АллахIан Жайна (Къуръан) а, Цуьнан Пайхамаран Суннат а».[7]

Iирба́да (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъдолуш, соьл тIаьхьа шух ваьхначунна дуккха а бекъабаларш карор ду. Ткъа шу хуьлийла сан Суннат (некъа) тIехь а, соьл тIаьхьа нийсонна тIехь хир болчу хали́фийн Суннат (некъа) тIехь а. (Шайн ма-хуьллу чIогIа) тассалойла шу цунах, шайн кхелашца схьалоцийла аш иза».[8]

Имам аз-ЗахIабийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) деана долчунна тIаьхьава́зар – бух бу, нур ду. Цунна доьхьало йар – тилар чу вахар ду, хIаллакьхилар ду. Цо магийна доцург а, цо хIоттийна доцург а юкъадаккхар – духатоьхна ду».[9]

ТIаккха, Къуръано а, Суннато а гойтуш дуккха маьIнеш ду, луш дуккха а бакъонаш ю, цаьршиннах схьадовлуш ШариIатан кхидолу баххаш ду. Оцу массо хIуманах (Къуръанах а, Суннатах а, цаьршиннах схьадовлуш долчу баххех а, маьIнех а, бакъонех а) ШариIат а, ШарI а олу. Цундела, Къуръанаца некъ ца лаьцнарг тилла стаг ву, Суннатаца некъ ца лаьцнарг тилла стаг ву аларе терра, ШариIатаца некъ ца лаьцнарг тилла стаг ву, йа ШарIаца некъ ца лаьцнарг тилла стаг ву алар а нийса ду. Цхьаболчу Iеламнаха иштта а, вуьшта а олуш ду иза, лууш дерг цхьа маьIна а долуш. Имам аз-ЗахIабийс аьлла: «ШарIана а, динна а тIаьхьавазар – декхар ду. АллахIах тешаш болчеран некъ Iадда а битина, шен лаамца а, хетарца-моттарца а, духатоьхна долчу Iадаташца а кхин некъ лацар – вон хIума а, керла юкъадаьккхина хIума (бидIат) а ду».[10]

ТIаккха, оцу Къуръанах а, Суннатах а, цаьршиннах схьадовлуш долчу маьIнех а, бакъонех а, кхидолчу баххех а кхеташ берш а, уьш девзаш берш а Iеламнах бу. Цундела, Къуръан тIехь АллахIа вайга омру дина аьлла ду, вайна ца хуург хуучаьрга хатта аьлла, Iеламнахе хатта аьлла. Ткъа оцу ШариIатах кхеташ берш, иза девзаш берш, иза нахана довзуьйтуш берш Iеламнах болу дела, вай хIара дин довзарехь тIаьхьадаза дезарш а уьш бу. Цундела аьлла Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах), Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) каш тIе зерате ваханчо цу тIе куьг хьакха мегаш ца хилар дуьйцуш: «Цу тIе куьг хьакхар а, цунна барт баккхар а дика лоруш хIума дац (макрухI ду). … И ду нийса дерг, и ду Iеламнаха аьлла дерг а, церан барт хилла дерг а. Iехавала ца веза Iилма доцуш болчу дуккха наха и нийсадерг а ца лелош, кхидерг лелорах. ХIунда аьлча, тIаьхьавазар а, Iамал йар а Iеламнаха аьлла долчуьнца бен хила дезаш дац. Iилма доцучара юкъадаьхна долчу хIуманашка а, церан жохIлаллашка а хье́жа ца веза. … Ткъа цхьанне дагадагIахь, ша́ и куьг хьаькхча а, и санна долу хIуманаш лелийча а шена беркат хилар чIогIох хир ду аьлла – иза цуьнан жохIлалла (цадовзар, Iилма ца хилар) бахьана долуш ду, иза гIопул хилар бахьана долуш ду. ХIунда аьлча, беркат – ШарIаца а, Iеламнаха аьллачуьнца а догIуш долчуьнца ду…».[11]

Иза довзуьйту вайна хIокху айато: [МуьтIахь хуьлийла шу АллахIана а, муьтIахь хуьлийла шу Элчанна а, (шун гIуллакх лелош) шун гIуллакхан дай болчарна а].[12] Оцу айатан маьIна деш, «гIуллакхан дай» бохучух лууш берш Iеламнах бу аьлла цхьаболчу асхьабаша а, Iеламнаха а.[13] Оцу айато тIаккха бусалба нахе омру деш хуьлу, АллахIана муьтIахь хиларца а (Къуръан), Элчанна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) муьтIахь хиларца а (Суннат), Iеламнахана муьтIахь хиларца а (и шиъ девзаш болу Iеламнах).

Цигара схьа девза вайна, гал ца валаран некъ хIун бу, хьанна тIаьхьаваза веза а. Къуръан а, Суннат а, цаьршиннах схьадолуш долу ШарI а, и кхо хIума девзаш болу Iеламнах а – и бу нийса некъ. Цундела, тIаьхьавазар – Къуръане а, Суннате а боьрзуш хиларца а, ШариIат дика девзаш хиларца а, Делах кхерар доккха долуш хиларца а уммат юкъахь гIарабевлла бевзаш болчу баккхийчу Iеламнахана хила деза.

Ткъа дика хууш верг сийлахь-цIена волу АллахI ву!

20.05.2011 = ‏17‏.06‏.1432


 

[1] Сурат «Ал-БакъарахI», 1-2 айат.

[2] Сурат «Ал-БакъарахI», 185 айат.

[3] Сурат «Ал-Ахьзаб», 21.

[4] «Тафсиру-Къуръанил-Iазим», 6/391.

[5] ТIабараний. Нийса хьадис а ду иза: «Сохьихьут-таргIиб ват-тархIиб», № 38.

[6] ТIабаранийс а, ал-Базза́ра а дийцина ду иза. Нийса хьадис а ду иза: «Сохьихьут-таргIиб ват-тархIиб», № 39.

[7] Хьаким. Нийса хьадис а ду иза: «Сохьихьут-таргIиб ват-тархIиб», № 40.

[8] Тирмизий.

[9] «Джузъун фит-тамассуки бис-сунан», 13 агIо.

[10] Уьзза жайна, 32 агIо.

[11] «Ал-ийдохь фи манасикил-хьаджи вал-IумрахI», 398 агIо.

[12] Сурат «Ан-Нисаъ», 59 айат.

[13] Хьажа, масала: Имам ал-Ла́лака́ий, «Шархь усул иIтикъод ахIлис-суннати вал-джамаIахI», 1/80-81.