Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Ассаламу Iалайкум!

ЙоI маре йоьдуш ю, цуьнан да вац, йа ваша а вац, ненаца Iаш ю иза. Кхоъ деваша ву, цаI цIахь ву, важа шиъ цIахь вац. ЦIахь волу деваша йоIе вистхуьлуш вац, йа йоьIа дола деш вац. Вукха араваьлла волчу девешийца мах бан мегар дуй телефоначухула?

Дела реза хуьлда хьуна!

Вассаламу Iалайкум!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

1) Маре йоьдуш йолчу йоIах жоп дала везаш волу цуьнан «валий» хIокху къепехь нислуш ву шариIатехь:

Да.

Деда.

Деде да.

Ваша.

Дена вина ваша.

Вешин кIант.

Дена вина вешин кIант.

Деваша.

Дена вина деваша.

Девешин кIант.

Дена вина девешин кIант.

Нагахь санна хIокху хаттарехь еанчу йоьIан вешин кIант велахь, девешел хьалха цуьнца бан беза мах, лакхахь билгал яьккхинчу къепехь вешин кIентан рагI девешин рагIал хьалха ю. Нагахь санна цуьнан девешин кIант а вацахь, тIаккха девешига дехьа йолу рагI. Ткъа оцу йоьIан шиъ деваша хилча, цаьршиннах хьалхавоккхуш верг динца а, хенаца а алсам верг ву.

 

2) ЙоьIан «валий» генахь велахь, телефоначухула цуьнца шеца мах бан мегар дац, делахь а шина агIор балур бу мах ишттачу хьолехь:

Хьалхара агIо: ЙоьIан «валийс» - масала шун хьолехь: йоьIан девашас – йоI йолчу меттера шена вевзаш волу цхьа стаг векил во телефоначухула, шен меттина и йоI маре яла. ТIаккха оцу векилаца бо мах, уллохь шиъ теш а волуш.

ШолгIа агIо: Зуда ялош волчу кIанта, йоьIан «валий» волчу меттера шена вевзаш волу стаг векил во телефоначухула, шен меттина оцу йоьIан «валийца» мах бан. ТIаккха оцу кIентан векило мах бо йоьIан «валийца», уллохь шиъ теш а волуш.

Нагахь санна иштта а гIуллакх далур дацахь – цуьнан шен хьукм хир ду.

Телефоначухула мах бан ца магар а, векил ван магар а бусалба дино зуда ялоран боккха тIалам бина хилар бахьана долуш ду. Кхин а, мах бечу хенахь шиъ теш вацахь мах нийса лоруш бац, ткъа, векил вечу хенахь тешаш хилар билламе дац.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Валий» а воцуш, динца дика волу шиъ теш а воцуш зуда ялор зуда ялор а дац, уьш а боцуш кхечу агIор бина мах харц мах а бу».(Ибн Хьиббана дийцина иза).

«Валий» воцуш зуда ялор нийса зуда ялор дац». (Абу Давуд а, Тирмизийс дийцина иза).

«Шен «валийгара» пурба а доцуш маре яхана йолчу зудчуьнан маре яхар харц маре ду». (Абу Давуда а, Тирмизийс а, Ибн Маджас а дийцина иза).