|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Никахь бохург хIун ду? Иза хьарам ду, йа хьанал ду?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Никахь» бохург Iаьрбийн дош ду. Iаьрбийн маттара цуьнан уггар хьалхара маьIна – цхьанатохар, вовшахтохар бохург ду. Цул маьIнал тIаьхьа иза лелодаьккхина кхин а шина маьIнийна: зуда ялош мах барна а, зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг яийтарна а. ФикъхI-Iилманера цу дешан хадам иштта бу: «Майрачо а, зудчо а мегаш долчу агIор вовший марзо эца бакъо хуьлуьйтуш болу мах бар».[1] Вайн юкъара маттара аьлча, цу дешан маьIна зуда ялор ду. Зуда ялор Бусалба динехь дика хIума ду, Къуръан тIехь айаташ а, Суннатехь хьадисаш а ду дуккха а зуда ялор дика хIума хилар дуьйцуш. Масала, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ХIай кегий-нах! Зуда яло а, ялийча цуьнца Iен а ницкъ кхочуш волчо зуда ялайойла аш, бакъдолуш иза шун бIаьрсинош (Iесаллех) лардарна а гIолий ду, шун бехкеметтигаш (Iесаллех) ларйарна а гIолий ду. Ткъа, ницкъ ца кхочучунна тIехь марха кхабар ду, бакъдолуш иза цунна (вочу хIуманех-ойланех) духатухург ду».[2] Цундела, зуда яло а лууш, яло таро а, ялийча цуьнца Iен ницкъ а кхочур болчу стага зуда ялор мелехь хIума ду. Стага шен зудчуьнца эвхьаза гIуллакх даийтича а цунна мела бу, хьадисехь деана ма-дарра, хIунда аьлча шена мегаш йолу зуда Iадда а йитина цо зина дича цунна къа хир дара, ткъа иза а ца деш шена мегаш дерг дича цунна мела бу.[3] Амма, нагахь санна стаг зуда оьшуш а воцуш – цхьа цамгар бахьана долуш, йа цхьа кхидолу хIума бахьана долуш – тIехула тIе цуьнан иза яло таро а яцахь, ялийча цуьнца Iен ницкъ а кхочур бацахь, тIаккха зуда ялор дика дац, ца ялийча гIолий ду, хIунда аьлча зуда ялийначу стагна тIеэгаш зудчуьнан хьаккъаш ду, ткъа шега уьш ларлур доцучо уьш шена тIелацар дика дац.[4] Дика хууш верг АллахI ву. [1] «ДжамиIул-асъилатил-фикъхIиййахI». [2] Бухари, Муслим. [3] «ДжамиIул-асъилатил-фикъхIиййахI». [4] «ДжамиIул-асъилатил-фикъхIиййахI».
|