Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Йиша йаханчуьнга (нуц) салам дала мегий? Йа вуьшта аьлча, цуьнца муха хила веза (ГIилкх муха лелийча дика ду цуьнца)?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Мухьаммадан са Шен керахь долчуьнца ду ма буу ас, шу ялсамане гIур ма дац (АллахIах а, Мухьаммадах а) тешаш хиллалц, шу (кхачам боллуш) тешаш а хир ма дац вовший шу деззалц! Шу вовший дезар долу хIума дийций ас шуна?». Асхьабаша аьлла: «Дийцахьа, хIай Делан Элча!». Цо аьлла тIаккха: «Шайна юкъахь салам далар даржаде аш!».[1]

Оцу хьадисан маьIна деш, Имам Ал-Муна́вийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шайна юкъахь салам далар даржаде аш» - бохург: дIакхайкхаде аш, массаьрга а ло аш иза, шайна бевзачаьрга а, ца бевзачаьрга а, бакъдолуш цо хьагI а дIайоккху, вовшашна юкъахь безам а кхоллаболуьйту».[2]

Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхин а аьлла: «ХIай адамаш! Салам далар даржаде аш, (сагIийна) даар а ло аш, гергарлонаш а леладе аш, нах бийшина болчу хенахь буьйсанна ламазаш а де аш – маьршонца ялсамане гIур ду шу!».[3]

Кхин а аьлла цо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «(СагIийна) даар а ло аш, салам далар а даржаде аш, ялсаманех ирс оьцуьйтур ду шуьга тIаккха».[4]

Кхин а аьлла Делера салават а, салам а хиларо: «Шайна юкъахь салам далар даржаде аш, вовший дезаш хир ду шу».[5]

Кхин а аьлла цо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Шайна юкъахь салам далар даржаде, (нагахь санна аш и дахь) маьрша хир ду шу (девнех а, юкъаметтиг галъяларх а)».[6]

Кхин а аьлла цо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Салам далар даржаде аш, шаьш локхаллехь хилийтархьама».[7] Цуьнан маьIна: «Нагахь санна салам далар даржадахь – вовший дезар ду, тIаккха и бахьанехь барт хир бу шун, тIаккха шайн мостагIчунна тIехь толам а баьккхина, локхаллехь хир ду шу».[8]

Кхечу хьадисехь а аьлла цо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Цхьана бусалба стеган кхечу бусалба стагна тIехь долу хьакъ ялх ду». Цуьнга хаьттина тIаккха: «ХIай АллахIан Элча! ХIун ду уьш?». Цо аьлла: «Хьайна иза гича – цуьнга салам ло ахь, цо хьой (тойне) кхайкхича – цунна жоп а ло ахь, цо хьайгара хьехар дехча – цунна хьехар а де ахь, цо хьоршам тоьхначул тIаьхьа Далла хастам бича – «Дала къинхетам бойла хьох» ала ахь, иза цомгаш хилча – иза волчу (зерате) а гIо хьо, иза велча – цуьнан (борумана) тIаьхьахIоттий (кешнашка) а гIо хьо».[9]

 «Салам даларан маьIна – массо вочу хIуманах маьрша хилар доьхуш доIа дар ду. Ахь цхьана стаге «Ассаламу Iалайка» - аьлча, и бохург: хьо цунна Деле доIа деш хилар ду, иза массо вочу хIуманах ларвар доьхуш, цамгарх ларвар а, хьекъална талхарх ларвар а, адамийн вонех ларвар а, къинойх ларвар а, деган цамгарех ларвар а, жоьжахатех ларвар а... Массо маьIна чулоцуш дош ду иза. Цуьнан маьIна – бусалба стагана доIа дар ду, иза массо вочу хIуманах ларве аьлла».[10]

Цундела, нагахь санна хьуна хьайн невцаца бусалба динан гIиллакх лело а лаахь, пайхамарийн гIиллакх лело а лаахь, Iелам-нехан гIиллакх лело а лаахь, дикачу нехан а, эвлаяийн а гIиллакх лело а лаахь, малийкийн гIиллакх лело а лаахь, хьайна хьайн нуц массо вочу хIуманах ларвар деха а лаахь, шайна юкъахь марзо хилийта а лаахь, шаьшшинан ийман кхоччуш хуьлуьйту бахьанаш лелон а лаахь, шайн гергарло чIагIделла хилийта а лаахь, шаьшшиъ локхаллехь хилийта а лаахь, шаьшшиъ ялсамане вахийта а лаахь, хьайн невцан хьакъ кхочуш дан а хьуна лаахь, хьайна йа итт, йа ткъа, йа ткъеитт мел хилийта а лаахь – хьайн невце салам лойла ахь. И массо дика хIума хьуна хилийта иза а лууш велахь – цо хьоьга а салам лойла. Ткъа жимма а дог бусалба дерг, жимма хьекъалца ойла еш верг оццул долу и диканаш ца дезаш хир ву аьлла ца хета суна. Iелам-наха цу хьокъехь аьлларг дийца вуно дукха ду, делахь а ойла еш волчунна хIокхунах тоам хила декхар ду.

Амма невцаца гIиллакх муха лело деза аьлча – кхиболчу бусалба нахаца санна лело деза. Делахь а, шина хIуманна тIехь къаьсташ ю захалонца долчу гергарлонан юкъаметтиг: вовший лерам бар чIогIа хиларца а, цхьадолчу хIуманашкахь иэхь хетаран агIо чIогIа хиларца а.

Амма вовший лерам бан безар чIагIлуш хиларга вай хьевсича… Доьзал кхолларехь Бусалба динан Iалашонех цхьаъ ю и доьзалайн уьйр даим латтийтар, иза хада ца хадийтар. Цундела дика лоруш дац шарIо магош долу бахьана а доцуш зуда йитар. Ткъа, майрачунна а, зудчунна а юкъахь цхьа цакхетам ца бужуш ца хуьлу, иштта хIума хилча дехьа а сехьа а агIор болу гергарнаш юкъа ца хьакхалуш ца хуьлу. Ткъа царна юкъахь вовший чIоггIа ларар дацахь, царна юккъе эвхьазло юлу, гIуллакх галдолу, ирча а долу. Цундела, мостагIашна юкъахь гайтамна лелош болчу лерамах тера а боцуш, гергарлонна а, марзонна а тIебоьгIна боккха лерам хила беза захалонца гергарло тассаделла долчу шина цIийнан. Цул совнаха, Имам ГIазалийс (Дала къинхетам бойла цунах) ма-аллара, бусалба нахана юкъара уьйраш цхьатера яц, мелхо а цхьаерш вукхерал чIогIа чIагIлуш хуьлуш ю. масала гергара волчу бусалбанца лардан дезарг гергара воцучуьнца долчул чIогIа ду, лулахочуьнца дерг лулахо воцучуьнца долчул сов ду, уллера лулахо а тера вац генарчух, иштта кхидIа а. Иштта хилла ца Iаш, хьайн махкара стаг кхечу хийра махкахь хьоьца нислахь, цуьнан хьакъ лардар чIогIо хуьлуш ду шуьшиъ шай махкахь волуш хир долчул а.[11] Цундела, стунцахоша невцаца а, невцо стунцахошца а лело дезаш долу гIиллакх а, лерам а, цара вовший лардан деза хьаккъаш а чIогIо ду, иштта гергарло юкъахь доцучаьрца лело дезачел а.

Амма цхьадолчу хIуманна тIехь иэхь-бехк алсам хила дезар… Iелас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, бехкеметтера «мазий» олуш йолу цхьа тIуналла йолуш вара ша аьлла, тIаккха Пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иза хатта бегIийла а ца хетта, цхьана асхьабе хаттийтира ша́ цунах лаьцна, аьлла. Цунна и хатта бегIийла ца хетар – цуьнгахь ерг Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) йоI хилла хилар ду, ткъа и тIуналла эвхьаза гIуллакх хила долулуш йолург ю.

Цу хьадисан маьIна деш, Iелам-наха аьлла: стунцахошца оцу кепара долу къамел дар бегIийла хIума ца хилар гойту оцу хьадисо, цундела и хIума лардан деза цаьрца, церан лерам беш.

Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-ШинкъитIийс (Дала Iалашвойла иза) аьлла, захалонца долчу гергалонехь хила езачу юкъаметтигах лаьцна дуьйцуш: «ГIиллакхца а, оьздангаллийца а доьзна цхьадолу дика хIуманаш ду, шариIато дика лоруш а долуш, шариIато шайга кхойкхуш а долуш. Пайхамара а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Хьалха-хьалха хилла долчу пайхамараллех диссинчу къамелах нахана девзина цхьадолу дешнаш ду хIорш: «Нагахь санна хьайна эхь ца хетахь хьайна луъург де». Цхьаболу майрой шен зудчуьнан деца цхьаьна мажлисехь охьаховша эхь хеташ хуьлу, деш долчу цхьадолчу къамелехь царна новкъарло ца хилийтархьама. Кхин а, цхьаберш карабо хьуна, эхь хетий (ло санна) бешаш, шен зуьдчуьнан вешина хьалха ца хIотталуш, йа цуьнан цхьана гергарчунна хьалха ца хIотталуш (дукха чIогIа эхь хетар бахьана долуш). Ткъа шеко яц цу хIуманах нийса дерг дукха чIогIа чIагIдина лелорна а, дукха эвхьаза лелорна а юккъехь хилар, цундела цхьаъа зIе йоцучу кепара дIахада а ца веза, йа дозанал тIехвала а ца веза. Юккъера агIо, нийсонца йолу агIо – и ю шарIо лелор тIедожош ерг».[12] Ткъа и вай масалш далийна долу Iелам-нехан дешнаш невцо стунцахоша лело дезарг делахь а, цо вайна гойтург оцу шина хIусамна-доьзална юкъахь лелийча дика йолу юкъаметтиг ю.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

31.01.2010 = ‏16‏/02‏/1431  


 

[1] Ахьмад, Тирмизий.

[2] Имам Ал-Муна́вий, «Ат-тайсир бишархьил-джамиIис-согIир», 2/4.

[3] Ахьмад, Тирмизий.

[4] ТIабараний.

[5] Хьаким.

[6] Ибн Хьиббан, Бухарий «Ал-адабул-муфрад».

[7] ТIабараний.

[8] Имам Ал-Муна́вий, «Ат-тайсир бишархьил-джамиIис-согIир», 1/361.

[9] Бухарий, «Ал-адабул-муфрад»; Муслим.

[10] Шейх Мухьаммад ибн Iусаймин, «Шархь рийадис-солихьин», 1/956.

[11] Имам Ал-ГIазалий, «Ихьйау Iулумид-дин», 2/193.

[12] Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-ШинкъитIий, «Шархь задил-мустакъниI», 314/7.