Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Зуда набахти (тюрьма) чу йоьллинехь, цу чохь царна тIехь латтор йолу сийсазалла хууш, иза цу чура араяккха цхьана стага ахча лур долуш ду, амма и стаг къаьркъа духкуш, цуьнца бизнес еш ву. Оцу ахчанца иза араяккха мегий? Кхин цхьанна агIор агIор аьтту бац.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна иза чуйоллар харцонца делахь, цу харцонал совнаха цунна хуьлуш сийсазло а хилча, къаьркъа духкуш волчу стага цу балхана луш долчу ахчанца иза араяккха мегар ду, Дала мукъа лахь, оцу кепара бен иза араяккха кхин аьтту бацахь. ХIунда аьлча, кхузахь галморзах де́риг ши зен ду, ши вон хIума ду: цхьа вон хIума хьарам долу даьхни схьаэцар ду, важа вон хIума зудчуьнан маршо ехкар а, цунна тIехь сийсазалла латтор а, цуьнан сий дайъар а ду. ШолгIаниг цхьаъа шеко йоцуш доьххьаралерачул доккха а ду, чIогIа а ду. Ткъа, жимчу вочу хIуманца доккха вон хIума духатоха дезаш хилахь, иза шариIато магош ду. ХIокхунах тера долчу кхечу хаттаршкахь Iеламнаха аьллачуьнца дуьстича а мегаш хила догIуш хуьлу хIара (масала, хьажа: «Керистах бусулба стаг кIелхьара воккхуш къаьркъа эца мегар дуй?»).

Амма нагахь санна иза чуйоллар бакъонца делахь, масала цхьана нехан ахча лачкъор бахьана долуш, йа наркотикаш йохкар бахьана долуш, йа цхьанна зен дар, йа кхийолу харцонаш лелор бахьана долуш, тIаккха иза араяккха гIертар нийса дац. Бакъду, иза чуйоллар бакъонца хилла а долуш, делахь а цунна цунна тIехь набахти (тюрьма) чохь сийсазалла латтош елахь, йа иза хьийзош елахь, йа цунна зулам деш делахь, йа цуьнан бакъонаш ларйеш яцахь, тIаккха цунна тIера и сийсазалла дIаяккха гIортар а, цунна хуьлуш долу зулам сацо гIортар а, цуьнан бакъонаш ларйийр йолу бахьанаш лело гIортар а дика хIума ду. Нагахь санна сийсазло сацалур йолуш яцахь, зулам сацалур долуш дацахь, и зуда ша лелийначунна дохкоялар билгал а делахь, цо шегара кхин вониг долуьйтур ца хилар билгал а делахь, тIаккха иза араяккха гIорта а мегар ду. Цу шинне гIуллакхана схьаэца мегар ду, Дала мукъа лахь, къаьркъа духкучо цу балхана луш долу ахча.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

30.03.2010 = ‏14‏/04‏/1431