|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1. Малхбуза ламаз динчул тIаьхьа дIавижар мегаш ду, йа вуьшта аьлча иза къилахь хIума дац. Делахь а, цхьаболчу Iелам-наха дика ца лору малхбузал тIаьхьа дIавижа Iамар, хIунда аьлча иза могшаллийна дика доцу дела. Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIийс – Дала Iалаш войла иза – дуьйцу цунах лаьцна: «Хьалха хилла болчу Iелам-нахана дика хеташ ца хилла Iуьйра ламазал а, малхбуза ламазал а тIаьхьа дIавижар. Имам Ахьмадана – АллахIан къинхетам хуьлда цунна – вон хеташ хилла малхбуза ламазал тIаьхьа дIавижар. Цо аьлла: «Iелам-нах кхоьруш хилла адаман хьекъална зен хиларх». ... Малхбузал тIаьхьа дIавижар хестош дац цара, иштта Iуьйра ламазал тIаьхьа а. Аьлла ду: (Iуьйра ламазал тIаьхьара) и хан беркат хуьлу хан ю, хIунда аьлча нийсачу хьадисехь Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа деана долу дела: «Сан умматана беркат дина ду Iуьйренашкахь». Нагахь санна хьо цхьа хаттар лаха везаш велахь, йа Iилманан таллам бан безаш велахь, йа Iилма Iамо везаш велахь, ахь иза Iуьйранна дича дуккха а дика карор ду хьуна цуьнца. Иштта ду дуьненан гIуллакхашца доьзна дерг а. Ткъа адамийн дуккха а белхашкахь а, хенашкахь а долу беркат дIадаларан бахьана цара Iуьйренаш йайъар ду. Амма нагахь санна цхьаъ буьйсанна ламазаш деш велахь, тIаккха дийнахь шен болх бархьама цунна Iуьйрал тIаьхьа дIавижа лаахь – иза къилахь дац, иза гатто йолуш хIума дац. ТIаккха, малхбуза ламазал тIаьхьа дIавижар ца магош деана цхьа гIийла хьадис ду, Ибн Ма́джахIас Iаишатера схьа дийцина долу – Дела реза хуьлда цунна –: «Малхбуза ламазал тIаьхьа дIавижинчунна хьекъалан цамгар кхетахь – шен бен кхечеран бехк ма бойла цо». Делахь а хIара хьадис гIийла ду, Ибнул-Джавзийс а, кхечу Iелам-наха а билгал ма-дарра. Цундела и хьадис тергал ден хьадис дац. Ткъа (цу хаттарехь) бухехь дуьйна лаьтташ долу хьукма – ца магош долу далил хиллалц иза мегаш хилар ду (хьарам ца хилар ду). Делахь а (Iелам-наха) аьлла: «Оцу шина хена чохь наб йар «макрухI» (ца дича дика а долуш, дича къилахь а доцуш долу хIума) ду, хIунда аьлча Iуьйрал тIаьхьа дIавижаро Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийцина долу беркат да́йту; иштта малхбузал тIаьхьа дIавижарх лаьцна а аьлла цара, иза хастаме дац аьлла. Ткъа дика хуург лекха хинволу АллахI ву».[1] Кхин а, цхьаболчу Iелам-наха, масала Имам Ибнул-Къаййима, дийнахь дIавижарна уггар вон хан лерина малхбузал тIаьхьа йолу хан. Ткъа цара иза дика ца хиларна далил ца далийна йа айат а, йа хьадис а, делахь а цара иза иштта аларан бахьана могшаллин агIо хила тарло, шайна зеделларг хила тарло. Ткъа иза иштта делахь а шариIатана доьхьал хIума дац и, хIунда аьлча шариIат дика хIума лардеш, вон хIума генадоккхуш деана ду.[2] Цундела, нагахь санна цхьа хьашт дацахь, масала чIогIа кIадвелла вацахь, малхбуза ламазал тIаьхьа дIа ца вижа хьажа веза. Амма нагахь санна цхьа хьашт делахь – тIаккха дIавижа мегар ду, иза вон хIума хир дац.
2. Бухарийс а, Муслима а дийцина, Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дезаш ца хиллера аьлла, пхьуьйра ламазал хьалха дIавижар а, цул тIаьхьа къамел деш Iар а. Пхьуйрал хьалха дIавижар цунна ца дезаран бахьана ламазан хан тIехйа́ларна кхерам хилар ду аьлла Iелам-наха. Цу хьадисана тIе а доьгIна, Iелам-наха дика дац аьлла пхьуьйра ламазал хьалха дIавижар. Иза дика дац бохург – ца вижча гIолий ду, вижча къа а дац бохург ду. ТIаккха, цу хьадисера «пхьуьйра ламазал хьалха» бохучу дешнийн маьIна тайп-тайпана дина Iелам-наха. ШафиIий мазхIабера дуккха а Iелам-наха а, цхьаболчу кхечу Iелам-наха а цуьнан маьIна «пхьуьйра хан хиллачул тIаьхьа пхьуйра ламаз дале хьалха» бохург ду аьлла. Цундела, пхьуьйра ламазан хан хилаза хилча дIавижар гIалат ца лору цара.[3] Кхиболчу Iелам-наха цигахь лууш ерг пхьуьйра ламазан хан хилале хьалха йолу хан ю аьлла, йа вуьшта аьлча маьркIижна а, пхьуьйрана а юккъера хан. Цундела цара дика ца лору маьркIижа ламаз динчул тIаьхьа пхьуьйра ламаз даллалц йолчу юкъахь дIавижар.[4] Цара оцу дешнийн иштта тайп-тайпана маьIна даран бахьанех цхьа бахьана ду асхьабех цхьаболчара маьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь дIавижа ца магош хилла хилар, вукхара иза магош хилла хилар.[5] КхоалгIа дош а ду цу хаттарехь деана – цхьаболчу Iелам-наха маьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь дIавижар дика ца хиларна юкъарабаьккхина мархин бутт, хIунда аьлча рамадан баттахь дукхах болчу наха терхьаш а, Iуьйкъа ламазаш а до дела, цундела мархин баттахь иштта ламазаш дийриш цу хенахь дIабийшар вон лоруш дац аьлла цара.[6] И вай дийцинарг дерриге ша ламазан хан дIаялале самаве́р велахь дерг ду. Амма ламазан хан дIаялале ша́ самаве́р хиларх тешна а воцуш, йа цхьаьнга ша самаваккха аьлла а доцуш, йа самавалийта дуьйлина сахьт а доцуш, наб чIогIа хилар бахьана долуш ша самавер во́ций хууш дIавижар – доьххьаралера Iелам-наха ламазан хан хилла яьллачул тIаьхьа хьарам ду аьлла иза, хилале хьалха хьарам дац аьлла, ткъа биссинчара иза хьарам ду аьлла ламазан хан хиллачул тIаьхьа а, хилале хьалха а.[7] Доцца аьлча, дукхах болчу Iелам-наха дика дац аьлла пхьуьйра ламазал хьалха дIавижар. Ткъа церах цхьаболчара иза дика ца хилар хан хилла яьллачул тIаьхьа дерг ду аьлла, вукхара хилале хьалха а ду аьлла. Делахь а, иза къилахь лоруш дац, нагахь санна пхьуьйра хан хилла а йолуш, ша дIавижахь самаве́р воций а хууш вуьжуш вацахь. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 08.07.2009 [1] Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIий, «Шархь За́дил-МустакъниI», 1\16. [2] «Фата́ва́ Аш-Шабакатил-Исла́миййахI», 4\2518. [3] Имам Аш-Ширби́ний, «Ал-Икъна́I» 1\111, «МугIнил-Мухьта́дж» 1\125; Имам Ар-Рамлий, «НихIа́йатул-Мухьта́дж» 1\373; Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́ний, «Фатхьул-Ба́ри́» 2\49. [4] Шейх IатIиййахI Са́лим, «Шархь Булу́гIил-Маро́м» 40\17; Имам Аш-Ширби́ний, «МугIнил-Мухьта́дж», 1\125; Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Ал-МанхIаджул-Къави́м», 134. [5] Имам Ибн Раджаб, «Фатхьул-Ба́ри́», 3\191-195. [6] Имам Ибн Раджаб, уьзза жайна 3\195-196. [7] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Ал-МанхIаджул-Къави́м», 134; Имам Ар-Рамлий, «НихIа́йатул-Мухьта́дж» 1\373.
|