Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! ЙоI дIайохуьйту, масала, и йитинчул тIаьхьа цунна ШарIехь цхьа мах бу боху дIабала безаш, и хIун мах бу?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Зуда йитинчул тIаьхьа луш болу мах – цуьнан цIе Iаьрбийн маттахь «мутъIахI» ю. И мах а, урдо санна ваджиб бу, Къуръан тIехь Дала тIебожийна бу. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: {Битинчу зударшна (хьакъ ду) пайдане даьхни, юккъерачу мехехь; (и далар) хьакъ ду Делах кхоьручарна тIехь}. (Сурат «Ал-Бакъарат» 241 айат.)

И мах хIоккхул бала беза аьлла билгалбина хадийна бац ШарIо, майрачуьнан а, зудчуьнан а барт хилларг бала мегаш ду, амма цаьршинан цхьана меха тIехь барт ца хилахь, къедано билгал бан беза иза, майрачуьнан хьоле а, зудчуьнан хьоле а хьаьжжина.

И мутъIахI хIунда дала деза? Иза дала деза зудчуьнан дог тедеш, дIасакъастаран хало яй йеш, дIасакъастар бахьана долуш кхоллаелла оьгIазло лахйеш.

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, «Ал-Фатáвá» тIехь: «ХIара мутъIахI дала дезаш хилар а, иза шайн хьакъ хилар а дуккха а зударшна ца хаьа, цундела иза дIадовзийта деза, дIасадаржо а деза».