Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Бусулба динехь мсн чохь сакъерар, телефон чухула вист хилар, сообшенеш кхехьийтар зуда йолчу стага муха ду?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бусалба динан уггар коьрта Iалашонех цхьа Iалашо ю доьзал а, сий а лардар. И Iалашо кхочушйаран доьхьа шари́Iато хьарам дина зина дар. Уьзза бахьана ду шариIато зина дарна доккха таIзар хIотторан а. Ша и зина хьарам даре терра, бусалба дино хьарам дина цу тIе вуьгуш долу некъаш а, масала уллера гергара йоцучу зудчуьнца ша цхьаъ виссар а, шайтIанан лаамца зударшка хьежар а, шеца цхьаьна уллера гергара стаг воцуш зуда шена гIалара-юьртара араяьлла дIасайахар а, зуда шен хIусамера IатIар тоьхна араялар а, хила ма-дезза духар доцуш иза араялар а, кегийчу нехан а, божарийн ойла кегош долчу духарца иза араялар а. И санна долчу некъаш юкъадогIу цхьаъа хьашт доцуш божарша зударшца къамелаш дар а, зуда борша стаге кIеда йистхилар а, хуьлийла иза новкъахь дуьхьал кхетча, йа телефона (заIар) чухула, йа кехат яздарехь, йа интернета чухула вистхиларехь, йа муьлхха а кхечу агIор.

Ткъа оцу гIирсашкахула сакъерар бохурга-м шеко йоцуш хьарам ду. Цуьнан хьарам хилар къаьсттина чIогIа чIагIло нагахь санна иза даьккхина сурт дIасадахьийтарца делахь, хаза а хезаш вистхиларца делахь, йа ган а гуш къамел дарца делахь.  Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шина бIаьрган зина – хьажар ду, шина лерган зина – (вуониг) хазар (ладогIар) ду, меттан зина – (лар тIехь доцу) къамел дар ду, куьйган зина – (вуочахьа) куьг хьакхадалар ду, коган зина – (вуочахьа) ког баккхар ду. ТIаккха, бехкеметтиго йа тIелоцу иза, йа духатуху».[1]

ХIокху хьадисехь, маттаца а, лергаца а зина хуьлу аьлла, хIунда аьлча мегаш доцу къамел дарца а, цуьнга ладогIарца а марзо хуьлу дела, доккха зина деш бехкеметтигана марзо хиларе терра. Уьзза маьIна долуш ду куьйгаца яздар а.

Жимма а шен доьзалера зударшца бала болуш волчу борша стага шен йишина, йа вешин йоIана, йа шен доьзалера цхьанне а зудаберана магор долу хIума а дац иза, йа иза реза хир волу хIума а дац иза. И хIума лелочунна дагада́н дезара шена нехан зудаберашца «сакъоьруш» къамелаш дан лиъча, ша санна иштта иттанца и йоI къамел деш хила йиш юйла а, иза иштта «сакъоьруш» йолуш шена иза хIусамнана а, шен берийн нана а хилийта а ша реза хир воцийла а.

Цул совнаха, цу гIулкхаца доьзна дуккха а вонаш ду. Церах ду масала эрна хан яйъар, ша шен доьзалца лардан деза хьаккъаш лар ца дар, доьзал жим-жима бухуш бохар, Дела хьахор кIеззиг да́лар, дог дакъадалар, эхарт диц далар, иштта кхидIа а.

«Мсн» чохь, «чат» чохь, йа вуьшта интернет чохь, йа телефона чухула къамелаш деш эрна хан йойъуш,  хаттар юкъахь ма-аллара «сакъоьруш» болчарна массарна а – божаршна а, зудаберашна а – хьехар деш хьахо лаьа суна Имам ГIазалин – Дала къинхетам бойла цунах – дешнаш.

Хьоме йиша, лераме ваша! Дикка ойла а еш деша и дешнаш, каш чохь шина малийко гIаттийна хьайга хаттам бан болийча, йа къемат дийнахь массо халкъана хьалха хьайга хаттам бан болийча, хьайн царна дала жоп хир дуй а хьожуш. Ойла йе уггар хьалха хьайн доьхьа а, хьайн доьзал доьхьа а.

«Хьуна хаийла, хьо Далла Iеса хуьлучу хенахь хьо Цунна Iеса хьайн меженашца хуьлуш хилар. Ткъа и меженаш хьуна Далла делла ниIмат ду, хьоьга Дала кховдийна тешамалла а ду. Дала хьайна динчу ниIматца хьо Цунна Iеса хилар уггар доккха Цуьнан ниIмат керстдар ду, Дала хьайга кховдийначу тешамаллийна ахь тешнабехк бар а уггар доккха дозанал тIехвалар ду. Хьан меженаш хьоьга ларйан елла ю, цундела ахь ойла йе айхьа уьш муха ларйо. «Шу массо а цхьацца хIуманна тIехь Iу ву, шаьш Iуналла дечу хIуманах шуьга хаттам бийр болуш а бу».[2]

Хьуна хаийла, къемат-дийнан майданашкахь хьан массо межено цIенчу паргIатчу маттаца хьуна доьхьал тешалла дийр долуш хилар, массо халкъашна хьалха ахь лелийнарг гучудоккхуш. Лекха хинволчу Дала аьлла:

[(Цу) дийнахь тешалла дийр ду царна доьхьал церан меттанаша, церан куьйгаша, церан когаша, цара деш хилларг схьадуьйцуш].[3]

Кхин а аьлла Лекха хинволчу АллахIа:

[Тахана (къемат дийнахь) Оха тухур ду мохIур, Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, тешалла дийр ду церан когаша, цара лелош хиллачуьнца].[4]

Цундела ахь ларде – хIай пекъир – хьайн дерриге дегI, Далла Iеса хиларх. Къаьсттина ахь ларйе хьайн дегIан ворхI меже, бакъдолуш жоьжахатин ворхI неI ю хьуна, оцу хIора неIарна хIора меженан дакъа кхочур долуш, шайна чухула къаьсттина цхьана меженашца дукха Далла Iеса хилларг бен чу а гIур воцуш: бIаьрг а, лерг а, мотт а, гай а, бехке меттиг а, куьг а, ког а.

Амма ши бIаьрг: и шиъ хьуна кхоллина бу хьо боданашкахь нисвалийта, хьайн хьашташ кхочушдарехь хьуна цаьршинца гIо хилийта, хьо цаьршинца хIокху латтанан а, стигланийн а тамашаллашка хьежийта, тIаккха цаьршинна чохь долчу Делан Iаламаташ тIехь хьоьга ойла йайта. Цундела ахь хьайн ши бIаьрг ларбе диъ хIуманах:

1. Хьайна мегаш йоцучу зудчуьнга хьажарх а;

2. Вочу дегIан марзонца хазчу куьце-суьрте хьажарх а;

3. Сийсазаллийца, кураллийца бусалба стаге хьажарх а;

4. Бусалба стеган кхачамбацаршка и шиъ хьажабарх а.

Амма ши лерг: ахь и шиъ ларде керла юкъабаьхначу вочу кхетамашка ладогIарх а, йа гIийбате ладогIарх а, йа вочу къамеле ладогIарх а, йа харц-къамел деш болчаьрга ладегIарх а, йа нехан вонаш дуьйцучаьрга ладегIарх а. И шиъ хьуна кхоьллина ду хьуна, лекха хинволчу Делан къамеле (Къуръане) хьоьга ладегIийта, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суннате хьоьга ладегIийта, Делан эвлаяийн хьекъалечу дешнашка хьоьга ладегIийта, цаьршинца ахь Iилмане ладегIча, Далла гергахь долчу даим лаьттар долчу ниIмате а, паччахьалле а хьо кхачийтархьама. Ткъа нагахь санна ахь мегаш доцучу хIуманашка ладегIахь, хьуна дикалийна кхоьллина дерг хьуна доьхьал дер ду, хьо толар бахьана хилларг хьо хIаллакьхиларна бахьана хилла дIахIуттур ду, ткъа иза иштта хьовзар уггар боккха эшам бу хьуна. ……………

Амма мотт: хьуна иза кхоьллина бу лекха хинволу Дела хьоьга дукха хьехавайта, Цуьнан Жайна (Къуръан) хьоьга дукха дешийта, Цо кхоьллина адамаш хьайн маттаца Цуьнан некъа тIе хьоьга нисдайта, хьан дагчура хьайн динан хьашташ а хьайн дуьненан хьашташ хьоьга схьааладалийта. Ткъа нагахь санна ахь иза ша кхоьллина болчу бахьанашца ца лелабахь лекха хинволчу Дала хьайна цуьнца деллачу ниIматана керстдо ахь, ткъа и мотт ахь а, массо кхечу наха а уггар дукха лелош йолу меже ю. 

Шайн яххьаш тIе охьа а кхуьссуш, адамаш жоьжахати чулестадойтур дерг и мотт лебича хьулуш долу вонаш бен дац хьуна, цундела хьайн ницкъ ма-кхоччу цунна тIехь толам баккха хьажа хьо, цуьнга хьуо жоьжахатин кIорге чу цавигийтархьама. …………

Амма ши куьг: ахь и шиъ ларде айхьа цаьршинца бусалба стагна тохарх, йа айхьа цаьршинца хьарам даьхни кералацарх, йа Дала кхоьллинчу цхьана хIуманна айхьа цаьршинца зен дарх, йа айхьа цаьршинца хьайга дIайилла еллачу хIуманна а, хьайга деллачу тешамаллийна а тешнабехк барх, йа айхьа цаьршинца маттаца схьаала ца мегарг яздарх. Къолам шина маттах цхьаъ бу хьуна, цундела ахь ларбе хьайн къолам айхьа хьайн мотт ларбан безачух».

Чекхдевли Имам ГIазалин дешнаш. Уьш дерриге деша луург хьажа «Нисваларан юьхь» цIе йолчу жайни тIе.

ХIокху хаттарехь вуьйцучу стеган зудчо а ша шега хаттар дан деза, «ша бахьанехь дуй-те шен майрачо неха зударшца «мсн» чохь хан йайъар?» аьлла. «Ша цунна хила ма-езза хIусамнана ца хилар-м дац-те, иза акха валар?» аьлла. Нагахь санна шена шеца жимма а бахьана карадахь, иза дIадаккха деза цо. ХIусамнана цIийнадена кечйалар цуьнан хьакъ ду, иза реза вен бахьанаш цо лелор а цуьнан хьакъ ду. Иза иэхье дац, муххале а бусалба дино тIедожийна хьакъ ду.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!

 

13/12/2008.


 

[1] Бухари, Муслим.

[2] Бухари, Муслим, Абу Давуд, Тирмизи, Ахьмад.

[3] Сурат «Ан-Нур», 24 айат.

[4] Сурат «Йасин», 65 айат.