|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара: АЛЛАХIА цIе тIехь йолуш мохIур лело мегаш дуй? Дела реза хилла!!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дукхах болчу Iелам-наха мегаш ду аьлла, АллахIан – сийлахь а, веза а ву Иза – цIе тIехь йолу мохIур лело, АллахIан Элчано а – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – иза иштта лелийна хилла дела.[1] Иштта мохIур лелор дика ца лерина аьлла деана ду цхьаболчу хьалхалера Iелам-нахера схьа,[2] таханлера цхьаболчара а дика лоруш дац иза лелор, мич-миччахьа иза лелийча цу тIера цIеран сий лахлур долу дела.[3] Цундела, нагахь санна, АллахIан цIе тIехь йолу мохIур нишка дахьарх а, иштта и санна йолчу цуьнан сий лахдечу метте дахьарх а лардийр делахь мегаш ду иза лелор, дукхахболчу Iелам-наха ма-аллара, ткъа нагахь санна ша иза лардийр дацахь, йа ша сих-сиха вицлур велахь ца лелор гIолий ду.
Ткъа дика хууш верг лекха хинволу АллахI ву!
[1] «Шархь Сахьихь Муслим», 7/181, Имам Нававий; «Фатхьул-Бари Шархь Сахьихьил-Бухари», 16/459, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий. [2] Уьзза жайна. [3] «Аш-Шархьул-МумтиI», 6/35, Шейх Ибн Ал-Iусаймин.
|