|
|
|
Дела реза хуьлда.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Месашна басар дар шина кепара ду, йа вуьшта аьлча, басар деш йолу месаш шина кепара ю: къежйелла месаш а, къежйалаза месаш а.
1. Къежйеллачу месашна басар дар мегаш хилар гойтуш суннатехь масех хьадис ду, оцу хьадисашкара схьа Iелам-наха аьлла а ду, къежйеллачу месашна басар дар дика ду аьлла. Делахь а, цу юкъара къастийна ду Iаьржа басар дар – иза мегаш дац. Иштта мегаш дац зен дийр долу басар дар а, хуьлийла иза месаш талхорца, охьаэгорца, иштта кхидIа а. Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Абу Къухьáфатан корта а, маж а къежйелла шена гича, элира аьлла: «Цхьана хIуманца (басар дей) хийца иза, Iаьржачу (басарх) лар а ло».
2. Къежйалаза йолчу месашна басар дар а мегаш ду, Дала мукъа лахь, Iаьржа басар а ца дичахьана, зен деш долу басар а ца дичахьана, керста зударех тарйала гIерташ деш а ца хилчахьана, Делан кхоллам хийцаран ниййат а ца хилчахьана. И билламаш ларбичахьана, къежйалаза йолчу месашна басар дан мегаш хилар дуккха а Iелам-наха аьлла ду.[1] Масала, Шейх Ибн Ал-Iусаймине, Дала къинхетам бойла цунах, хаьттина иштта хаттар: «Зудчо шен Iаьржа месашна цIен басар дар муха ду? И басар хна́ца деш дац». ТIаккха цо жоп делла: «Бусалба динехь цхьа бакъо ю: Iибадат а доцуш, кхидолу гIуллакхаш шайн бухехь дуьйна мегаш лоруш ду, (уьш мегаш хилар гойтуш къаьсттина далил ца хилча а), хьарам хилар гойтуш далил хиллалц; хIунда аьлча, АллахIа ца хьахош Iаддитинарг – мегаш хIума ду. Оцу йоккха бакъонна тIедоьгIна аьлча, цу хаттарна жоп девза: зудчунна бехке дац шен месашна цIен басар дар, йа можа басар дар, йа баьццара басар дар, нагахь санна и хIума керста-зударех тарйалар дацахь». (Iаьрбийн-маттахь луучо цуьнга ладогIа йиш ю кхузахь). Иза мегаш хилар чIагIло хIусамдена шен зудчо цхьана къаьсттина болчу босца басар дан лууш хилча, хIунда аьлча зуда шен хIусамдена кечйалар а, иза цунна хазйалар а оьшуш хIума ду, цо дан дезаш хIума ду.[2] Бакъду, къежйалаза месашна басар ма де олурш а бу Iелам-нахах, ахь хьайн хаттарехь ма-аллара, иза Делан кхоллам хийцар долу дела.[3] Цундела, марехь йолчу зудчунна мегар ду шен месаш басар йар, уьш къежйалаза хилча а, хIунда аьлча шен хIусамдена иза кечйалар а, иза цунна хазйалар а оьшуш, цо дан дезаш хIума ду, ткъа марехь боцучарна иштта кечбалар хьашт долуш хIума дац, цундела цара шайн месашна басар ца дича гIолий хир ду, нагахь санна уьш къежйелла яцахь.
Ткъа дика хуург АллахI ву!
13.11.2008 [1] «Фатава ал-Ладжнатид-ДаимахI», 5\168; «Фатава аш-Шейх Мухьаммад Ал-Мунадджид», лоьмар 1194, 45191; «Ликъоул-Бабил-Мафтухь», 125\28, Шейх Ибн Iусаймин; «МаджмуI Фатава Ибн Баз», 10\52-53. [2] «Фатава аш-Шабакатил-ИсламиййахI», 8\37, лоьмар 50048. [3] Иштта аьллачерах ву Шейх Ибн Джибрин, «Дурус лиш-Шейх Ибн Джибрин», 10\11; иштта кхиберш а.
|