|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Сан хаттар дара хьоьга. Ламаз оьцуш пазаташ тIехула масхь дан мегий? Дала диканца бекхам бойла хьуна сан лераме ваша!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дала диканца бекхам бойла хьуна а! Лекха хинволчу АллахIа Къуръан тIехь билгалдина, ламаз оьцуш когаш дила дезаш хилар: ×ХIай АллахIах тешна дерш! Шаьш ламазана гIовттуш хилахь, аш дIайила шайн яххьаш, шайн пхьаьрсаш а голаш тIе кхаччалц, аш (хи) хьакха шайн кортош тIе, (аш дIадила) шайн когаш шина хьоркана тIекхаччалцØ.[1] Оцу айатехь важиб дина тIедожийна дерг ши ког хица билар ду. Оцу айато важиб дина тIедожийна долу ши ког билар кхечу хIуманца хийца йа кхин айат деза, йа билггал нийса хьадис деза. Ткъа хица когаш дилар кхечуьнца хуьйцуш айат дац. Амма хица ши ког билар кхечуьнца хуьйцуш долу нийса хьадис – иза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – мачашна тIехула масхь дина аьлла даьхкина долу хьадисаш ду. Мачашна тIехула масхь дар дуьйцуш билггал нийса хьадисаш долу дела, массо Iелам-нехан барт хилла мачашна тIехула масхь дан мегаш хиларна тIехь. Амма мачаш а йоцуш, кога тIеюхуш йолу кхийолу хIума – хуьлийла иза пазаташ, кIадин кусокаш, маьхьсеш, йа кхийерг – юьйцуш деана цхьа хьадис ду, Имам Тирмизийс а, кхиболчара а дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – мачашна а, «джаврабна» а тIехула масхь дира аьлла. Кхузахь оцу хьадисехь деана долу Iаьрбийн маттара «джавраб» дешан юкъара маьIна «коган голе кхоччуш йолу пазат а, маьхьсе а» аьлла ду, вуьшта цуьнан маьIна Iелам-наха кхин а масийтта кепара дина, иза цхьа пазат хилла ца Iа, мачашна чухула кога тIеюху хIума ю иза. ХIара хьадис, Имам Тирмизийс а, цуьнца цхьаболчу мухьаддисаша а дика а, нийса а ду аьлла, делахь а дукхах болчу мухьаддисаша иза гIийла хьадис ду аьлла, цуьнан иснада юкъара цхьа ши стаг бахьанехь. Цундела, Имам Муслима аьлла, «и ши стаг бахьанехь Къуръан тIера билггал долу айатан маьIна Iадда дуьтийла яц» аьлла.[2] И бохург ду – Къуръанан айатца билггал маьIнийца девзина долу ши ког билар Iадда дуьтийла яц, оцу хьадисаца, пазаташна тIехь масхь дарца, хIунда аьлча оцу хьадисан иснада юкъара ши стаг «гIийла» ши стаг ву. Ткъа и хьадис, вайн ма-гарра Iелам-нахана юкъахь къовсаме ду. Оцу хьадис юкъахь вай хьахийна долчу дашца деана ду, ис асхьабера схьа, цара а «джаврабана» тIехь масхь дар магадора аьлла. И асхьабаш бийцина Имам Тирмизийс. Иза девзинчул тIаьхьа… Дукхах болчу Iелам-наха пазаташна тIехула масхь дан мегар ду аьлла, шина билламца: 1) нагахь санна и шиъ тIехула неI диллина елахь, йа тIерсигах елахь, йа ерриге неIарх елахь. 2) нагахь санна цаьршинца цхьаьна лелош мачаш елахь, йа когийн бух болу агIо неIарх елахь. Оцу шинне а хьолехь пазаташна чекх хи ца долу, и хи чекх ца даларан маьIна ду цигахь леринарг. Цхьаболчу Iелам-наха неIарх йина хилар биллам ца лерина, цара магийна пазаташна тIехь масхь дар, нагахь санна уьш чекх са гуш йоцуш, стаммий елахь а, тIехь волавелла дIавахалур волуш елахь а. Пазаташна тIехь масхь дан магарна, цаьрца арахь волавелла лелалуш хила везар биллам хIоттийначу Iелам-нахах ву Имам ШафиIий а, Имам Ахьмад а, Имам Нававий а, Имам Ибн Таймиййа а. Асхьабаша пазаташна тIехула масхь даран маьIна деш, Имам Ахьмада аьлла: «Цара масхь деша хилла, хIунда аьлча уьш (мачаш санна) мачийн метта хилла дела… царна тIехь стаг волалой дIа а воьдуш, тIаккха юха а вогIуш лелаш хилла дела».[3] Таханлерачу цхьаболчу Iелам-наха магадо, муьлхха пазатана а тIехула масхь дар, иза стомма яцахь а, иза Iуьргаш девлла елахь а, хьалхалерачу Iелам-наха хIиттийначу билламашца иза йогIуш яцахь а. Иштта магочерах ву Ибн Ал-Iусаймин а, Ал-Къардавий а. Ткъа, хуьна ма-гарра хьалхалера баккхийчу Iелам-наха хIиттийна билламаш хилча, бусалба стагана атта а, гIолий а ду ларвалар, цундела, арахь волавелла дIавахалур воцуш йолчу пазаташна тIехула масхь ма де ахь, хьайн ламаз билггал нийса дуй хууш хьой хилийтархьама а, масхь дан магоран бахьана хало ца хилийтар йолу дела а, ткъа юткъа пазаташ когара дIаяхарца цхьа а хало яц. Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
|