|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан зудчо доьзалхо винчул тIаьхьа 40 де дIадалаза ду. Суна хатта лаьара, рамадан беттан буьйсанна сайн зудчуьнца кхин эвхьаза гIуллакх а ца хуьлуьйтуш, делахь а цунах Iоттавалар бахьана долуш, йа цуьнца ловзар бахьана долуш сан йоккха тIуналла (оралла) араяьллехь, иза мел доккха къа ду? Йа ас хIун дан деза? Хьалххе баркалла хьуна.
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Хьан хьал ахь ма-дуьйццу делахь, ахь цхьаъа къа ца латийна, цундела ахь хIумма дан ца деза. ● Доьзалхо винчу зудчуьнца лело хьарам дерг – цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар ду. КхидIа долчу кепара цунах марзо эцар хьарам дац, мелхо а мегаш хIума ду, цхьаболчу Iелам-наха ма-аллара бехкеметтигах ларвелчахьана, йа вукхара ма-аллара цIонганна тIера голашна тIекхаччалц йолчу меттигах ларвелчахьана. И хIума жимма алсам вай дийцира хIокху хаттаршкахь: Зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта маца мега, маца ца мега? Зудчо бер динчул тIаьхьа 40 де-буьйса лардар тIехь дуй? Хьайд долуш йолчу зудчуьнца дIавижа мегий?
● ТIаккха, рамадан баттахь буьйсанна зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар а мегаш ду, цуьнца ловзар а мегаш ду. Сийлахь везачу АллахIа аьлла: [Хьанал дина ду шуна (рамадан беттан) мархин буьйсанна шайн зударшца эвхьаза гIуллакх хилийтар. Уьш шуна (шу вочух лардеш долу, даим шуьца цхьаьна долу) духар (санна) бу, шу царна а духар (санна) ду. АллахIана хиъна аш шайн синошна эшам беш хилла хилар (хьанал йолу цхьайолу марзонаш Iадйитарца), цундела Цо тоба къобал дина шуьгара, геч а дина Цо шуна; ткъа хIинца цхьаьнаIойла шу цаьрца (эвхьаза гIуллакх хилийтарца), АллахIа шайна (хуьлуьйтур ду аьлла) яздина долу (бераш) а лохийла аш (и гIуллакх хилийтарца). Юург юийла аш, мерг а молийла аш, Iуйьранна (анайистехь сатасаран) кIай тай (боданан) Iаьржачу тайнах къастар шайна билгалдаллалц, тIаккха буьйсанга кхаччалц марха кхочушдойла аш].[1] Ткъа, зудчуьнца юкъаметтиг хиларехь мегаш доцург – рамадан беттан дийнахь эвхьаза гIуллакх хилийтар ду, йа Iоттавалар, ловзар бахьана долуш оралла араялийтар ду. Иза а вай дийцира хIокху хаттарехь: Марха а долуш зудчуьнца дIавижча марха духий? Хьан хьолехь и тIуналла араялар буьйсанна хилла, цундела иза къилахь хIума дац, мелхо а мегаш хIума ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 18.09.2009
| КхидIа
[1] Сурат «Ал-Бакъарат», 187 айат. |