Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Дала беркате бойла вайна хIара мархин бутт, Дала диканца бекхам бойла хьуна Олхазар.
Сан хаттар дара, марха а долуш море тIехь лийча мегий? Цунах лаьцна ахь жиммал кхетам белча АллахIан йал а хир йар хьуна, тхоьгара баркалла а хир дара хьуна. Дала аьтто бойла хьан.

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Марха кхобург хIурда (море) чохь, йа Iома чохь, йа муьлхха а гулделла лаьттачу хи чохь лийчар шина кепара хила йиш ю: легашка а, лергийн кIоргене а хи кхача йиш йолчу кепара лийчар, йа иштта и хи кхочур доцучу кепара лийчар.

Легашка а, лергийн кIоргене а хи кхочур доцучу кепара лийчар мегаш ду, иштта лийчича марха доха а ца духу. Масала, корта хи буха а ца бохуьйтуш луьйчур велахь, йа нека дечу хенахь лергашка а, бага а, мера чу а хи эккхарх ларлуш  дикка нека дан хууш велахь.

Ткъа, марха кхобуш верг шен легашка а, лергийн кIоргене а хи кхача тарлуш долчу кепара лийчар Iаддитича гIолий ду аьлла цхьаболчу Iелам-наха, хIунда аьлча марха оцу шина метте хи кхачарца марха дохаран кхерам болу дела.[1] Вукху Iелам-наха доьххьарниг санна мегаш ду аьлла иза, оцу шина метте хи кхачийтарх ларвелчахьана.[2]

Бакъду, нагахь санна марха кхобучунна хууш делахь, ша́ хIурда тIехь луьйчучу хенахь шен легашка а, лергийн кIоргене а хи кхочуш хилар, тIаккха цунна ша́ цунах ларвалалур волуш вацахь, йа иштта хи кхочур ду аьлла цунна хеташ делахь, тIаккха хьарам хуьлу цунна иштта лийчар, Имам Ал-АзруIийс ма-аллара, Дала къинхетам бойла цунах.[3]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

09/14/2009

 

 


 

[1] Имам Ал-Мали́ба́рий, «Фатхьул-муIи́н», 2/234; Шейх Мухьаммад Ал-Мунадджид, «СабIу́на масъалатан фиссийа́м», 26; «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», № 25828.

[2] Имам Ал-Бужайримий, «Тухьфатул-хьаби́б Iала́ шархьил-хатIи́б», 1/359; Шейх Аш-Шинкъи́тIий, «Шархь за́дил-мустакъниI», 104/13; Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхIул-исла́мий ва адиллатухI», 3/87; Шейх Ибн Iусаймин, «Маджму́I фата́ва́ ва роса́ил Ибн Iусайми́н», 15/120.

[3] Имам Ар-Рамлий, «НихIа́йатул-Мухьта́дж», 3/171; Имам Ал-Бужайримий, «Хьа́шийатул-буджайримий Iала́ шархь манхIажиттIулла́б», 2/74; «Фата́ва́ ал-исла́м: суа́л ва джава́б», № 65734.