Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум Олхазар! Берах йолчу зудчунна марха кхаба мегий?

АллахI-Дела реза хуьлда хьуна!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Берах йолчу зудчо марха кхаба деза нагахь санна йа цунна шена, йа цуьнан кийрара берана зен хиларна кхерам бацахь. Ткъа нагахь санна иштта кхерам белахь марха ца кхаба а мега цунна.

Цхьаболчу Iелам-наха, нагахь санна йоккха хало а, доккха зен а хир делахь марха ца кхабар дика ду аьлла, цхьаболчара кхаба мегар дац аьлла.

Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа тIерадаьккхина некъахочунна ламазан ах дакъа а, берах йолчу зудчунна а, бер дакхочунна а тIера марха а».[1]

ТIаккха, Iелам-нахана юкъахь хилпало ю (къовсам бу), цу зудчо ца кхобуш дитинчу марханан хьокъехь цо дан дезачуьнах лаьцна.

1) Хьалхалера цхьаболчу Iелам-наха – масала Ибн Iумара а, Ибн Iаббаса а – аьлла, хIора денна тIера мискачу нахана даар делчахьана, диссина марха доькхуш кхаба ца деза цо аьлла.

2) Кхечу Iелам-наха аьлла – масала Iалий ибн Аби ТIолиба – марха доькхуш кхаьбчахьана йолу иза, цхьа а даар дала а ца дезаш. Абу Хьанифатан мазхIабехь дерг а ду хIара.

3) КхоалгIачу Iелам-наха аьлла, нагахь санна цо ша шена цхьа зен хиларх кхоьруш марха ца кхобуш дитинехь иза доькхуш кхаьбчахьана йолу иза, ткъа нагахь санна шен кийрара берана (йа шен дакхочу берана) зен хиларх кхоьруш цо марха ца кхаьбнехь цо иза доькхуш кхаба а деза, кхин а хIора денна тIера мискачарна цхьацца кан даар дала деза. ХIара Ибн Iумарера а дийцина цхьаболчара, ШафиIийн а, Ахьмадан а мазхIабехь дерг а ду иза.

Доьххьаралера дош диъ мазхIабан Iелам-наха тIелаьцна дац – далилашца ца догIу иза аьлла цара.

Ткъа шолгIа дешан тешалла хьадис ду: «Бакъдолуш, АллахIа тIерадаьккхина некъахочунна ламазан ах дакъа а, берах йолчу зудчунна а, бер дакхочунна а тIера марха а».[2] Марха доькхуш кхаьбчахьана даар дала ца деза аьллачу Iелам-наха аьлла, - «оцу хьадисехь даар далар хьахийна а дац, и ши зуда цомгаш волчунах тера а ю, ткъа цомгачунна тIехь даар далар дац» - аьлла.  

Делахь а, кхоалгIачу Iелам-наха аьлла, - «оцу хьадисехь иза хьахийна дацахь а, хIокху айато:
…ткъа иза (марха) кхаба хала долчарна тIехь каффарат далар ду, мискачу нахана йаахIума йаларца﴿] [3] - гойту, хало хилар бахьанаш долуш марха ца кхаьбначо каффарат дала дезаш хилар, ткъа и ши зуда оцу айатан маьIни кIел йогIу.
И маьIна тIечIагIдеш ду, Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – оцу айатан маьIна дечу хенахь аьлларг: «Берах йолчу зудчо а, бер дакхочу зудчо а, шаьшшиъ шаьшшинан берех кхоьруш хилахь марха кхобур дац, даар лур ду».[4] Иза даар дала дезаран далил дара.

Амма декха дезаран далил иштта ду – и ши зуда марханаш доькхуш кхаба лур долуш ю, айатехь деана долу къена доккха стаг а, зуда а санна яц, цундела цаьршинна тIехь ду диссина марханаш доькхуш кхабар, ламазана цIена йоцучу зудчунна а, бер динчу зудчунна а тIехь хилар санна а, цомгаш волчо ша дитина марханаш декха дезаш хилар санна. Ткъа, цомгачо ша дитина марха декха дезар айатехь деана ду, ламазана мегаш йоцучо зудчо декха дезар хьадисехь деана ду.

Цундела, нагахь санна цхьана зудчо ша доьзалхочух хилар бахьана долуш, йа бер дакхош хилар бахьана долуш марха ца кхаьбнехь, иза хьажа еза, ша и марха ша шена зен хиларх кхерам болуш ца кхаьбна, йа шен берана зен хиларан кхерам болуш ца кхаьбна. Нагахь санна зен хиларан кхерам ша шена хиллехь, деккъа и марханаш доькхуш кхаьбчахьана йолу иза. Иштта доькхуш кхаьбчахьана йолу иза и кхерам шена а, шен берана цхьаьне хиллехь. Ткъа нагахь санна и кхерам шен берана бен ца хиллехь, тIаккха цо марханаш доькхуш кхаба а деза, хIора марханна тIера цхьацца кан даар дала а деза мискачу нахана.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!

 

28.08.2008


 

[1] Насаий, Тирмизий.

[2] Насаий, Тирмизий.

[3] Сурат «Ал-Бакъарат» 184 айат.

[4] Абу Давуд.