Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Маре яха хан йиллан ю со, тIаккха хIинца цара ловзарг дан тарло. Суна а, цу кIантана а лууш хIума дац иза, делахь а, тхоьга ладугIуш стаг вац. Суна хаа лаьара – и ловзар дар хьарам дуй хуушехь, цара и дой хууш, суна маре яхар хьарам дуй?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме йиша!

Ахь дийриг хьарам хIума дац, мелхо а дика хIума ду. Хьо маре йоьдучу меттехь цхьамма цхьа хьарамло лелор хилар хьан бехк бац, хIунда аьлча иза цкъа делахь хьан керахь дац, хьайна лиъча и ца дайта аьтту бац хьан, йа хьоьга хьайн куьйга а, маттаца а иза саца а лур дац, хIунда аьлча ахь ма-аллара, хьоьга ладугIуш цхьаъа вац. ШолгIа делахь, хьо реза йолуш хир долу хIума а дац иза, йа хьан бехках хуьлуш дац, йа ахь де бохуш хуьлуш дац. Цул совнаха, хьо цунна реза а яц, хьуна иза деза а ца деза, хIунда аьлча иза Iесалла йолу дела.

Бакъду, хьой маре йоьдучу кIанте/стаге ала деза ахь, хIуъа дей а шайн той Дала ма-бохху хилийта хьажа аьлла.

Ашшимма шиммо а дан дезарг Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг ду: "Шух цхьанна цхьа вониг гахь, шен куьйга хуьйцийла цо иза. Иштта ца хийцалахь маттаца хуьйцийла. Иштта а ца хийцалахь – шен дагца духатухийла цо иза. Бакъдолуш, иза (дагца духатохар) – Ийманан уггар гIийла дакъа ду". Муслим.

Цундела, шаьшшинга иза маттаца сацалур делахь – сацо хьажа. Дацахь – дагца инкарло йе цунна, къобал ма де иза, реза а ма хила цунна.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

05.11.2009