|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Цхьа хаттар дара сан хьоьга эвхьаза! ХIокху чохь болу интернетлелорхой къинтIера бовлар доьху иштта хIума хаттарна! Сайн зудчуьнца, цхьа а гIуллакх цуьнца лела а ца деш, со цунах хьаьрчина дIавижча суна парз лийчар тIехь дуй? Баркалла!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Доьххьара, хьуна баркалла ала лаьа суна, ахь хаттар хаза гIиллакхехь дарна а, ахь кхечарца гIиллакх лацарна а. ШолгIа, вайна массарна а дагадаийта лаьа суна, бусалба динах лаьцна дан дезачу хаттарехь а, довза дезачу хIуманехь а эхь хеташ Iадда Iар нийса ца хилар. Бусалба динехь шена довза дезарг, шена ца хиъча ца долуш дерг, вуьшта хенахь иза иэхье делахь а, хатта деза. КхоалгIа, хьан хаттарна жоп луш аьлча… Ахь дийцинчу хьоло хьуна парз лийчар тIе ца дожадо. Лийчар тIедожаран шен бахьанаш ду, уьш ялх ду, кхоъ къаьсттина зударшна ду, важа кхоъ божаршна а, зударшна а юкъахь ду.
Амма къаьсттина зударшна долу кхо бахьана иштта ду: 1. Зудчуьнан «хьайд» дIадалар. «Хьайд» - иза зудчуьнан беттан рожехь цIий дар ду. «Хьайдан» хан дукха хьолехь цхьа кIира хуьлу, и хан дIа а яьлла, цIий сецча, зудчунна тIедужу лийчарца цIанйалар. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Цара хоьтту хьоьга (хIай Мухьаммад) хьайд хиларх лаьцна; ахь ала – иза зене ду, цундела шу дIакъастийла зударех (цаьрца эвхьаза юкъаметтиг ца хуьлуьйтуш, церан) хьайд долчу хенахь; (эвхьаза гIуллакх хуьлуьйтучу кепара) царна герга а ма гIойла уьш (лийчарца) цIанбаллалц, ткъа уьш цIанбелча – шу Iойла цаьрца АллахIа шайга ма-аллара]. (Сурат «Ал-Бакъарат» 222 айат). 2. Зудчо бер дар. Бер дича а зудчунна тIе лийчар дужу, хуьлийла кхолладелла даьлла бер, йа кхолладалаза долу бер, цул тIаьхьа цуьнан цIий арадала доладеллехь а, ца деллехь а, хIунда аьлча муьлхха хьолехь иза хилча а иза ораллех схьадаьлла долу дела. 3. Зуда «нифáсах» цIанйалар. Зудчо бер динчул тIаьхьа цуьнан цIий доладаларх «нифáс» олу. Дукха хьолехь иза шовзткъа дийнахь хуьлу, уггар дукха кхузткъа дийнахь хуьлу. Бер дарал тIаьхьа долу цIий сецча – нифас дIадаьлча – зудчунна тIедужу цунах цIанлуш лийчар, хьайдах цIанлуш лийчар тIедожаре терра, хIунда аьлча и шиъ ший а цIий долу дела.
Амма зударшна а, божаршна а цхьатерра лийчар тIедожош долу бахьанаш – уьш а кхоъ ду: 1. Стеган а, зудчуьнан а эвхьаза юкъаметтиг хилар. Нагахь санна майрачуьнан а, зудчуьнан а эвхьаза юкъаметтиг хиллехь, цигахь майрачуьнан бехкеметтиган корта зудчуьнан бехкеметтехь къайлабаьллехь (чоьхьабаьллехь) цаьршинна шинне а лийчар тIедужу, цаьршимма шаьшшинан и юкъаметтиг кхидIа а хилийтинехь а, йа ца хилийтинехь а, цаьршинан оралла араяьллехь а, йа ца яьллехь а. Муслима дийцинчу хьадисехь ду: «…бехкеметтиг бехкеметтигах кхетча лийчар тIедоьжна». И шиъ вовшахкхетар бохург вай лакхахь аьлларг ду. 2. Оралла араялар. Йа стеган, йа зудчуьнан оралла араяьлча лийчар тIедужу иза араяьллачунна, хуьлийла иза эвхьаза юкъаметтиг хилийтарца, йа иза йоцуш вуьшта муьлхха а кепара марзо иэцарца, йа бартбаккхарца, йа ойла йарца, йа цхьа а бахьана доцуш иза араяларца, масала наб кхетта а волуш оралла араяьлча. Умм Саламата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Умм Сулаймас, Пайхамар – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу а еана, элира аьлла: «ХIай АллахIан элча! АллахI вац-кх эхь хеташ бакъдолчуьнах! Зудчунна гIенах шен эвхьаза юкъаметтиг хуьлуш гича лийчар тIедужий?». ТIаккха АллахIан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Дужу, нагахь санна цунна (арадаьлла) хи (оралла) гинехь».[1] 3. Валар. Цхьа бусалба стаг, йа бусалба зуда хIокху дуьненах дIакъаьстича – цаьршиннах цхьаъ делча – бусалба нахана тIедужу и шиъ лийчор, стаг лийчор божаршна тIедужу, зуда лийчор зударшна тIедужу. Шена лаа а лаахь, хаа а хаахь, майрачо шен зуда лийчо а мега, зудчо шен майра лийчо а мега, хIунда аьлча цаьршинна мегаш долу дела, вовший дерриге дегI гар. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, хьадж дечу хенахь шен эмкало тIера чу а кхоьссина, хьаша а хьаьшна вийна хиллачу цхьана стагана Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Лийчаве иза хица а, сидраца а».[2] Цу хьадисо гойту, бусалба стаг а, зуда а деллачул тIаьхьа лийчо дезаш хилар.
Цхьаболчу Iелам-наха, бусалба дин тIелаьцна волу керста а лийча веза аьлла, стаг велахь а, зуда елахь а, ткъа цхьаболчара нагахь санна цо бусалба дин тIелоцучу хенахь иза «джунуб»[3] ца хиллехь лийчар важиб дац, суннат ду аьлла.
Ткъа гIолий а, дика а хууш верг АллахI ву! [1] Бухари, Муслим. [2] Бухари, Муслим. [3] «Джунуб» - эвхьаза юкъаметтиг хилийтар бахьана долуш, йа оралла арайалар бахьана долуш лийчар тIедоьжначу стагах а, зудчух а олу.
|