Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Луьйчаш (купаясь) ламаз оьций хаьа суна, душ кIелахь луьйчаш муха хира ду и алхьара ахь, эца лой и, ше бехкеметтиге куьг Iотта делча хIума дуй иштта ламаз эцча?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Душ» кIелахь луьйчуш хилча а вуьшта санна ламаз эца йиш ю хьан. Луьйчуш волчу хенахь ахь ламаз эцначул тIаьхьа хьан ламаз карара далахь (масала, ахь хьайн хаттарехь ма-аллара, ламаз эцначул тIаьхьа ахь хьайн бехкеметтиг юьлуш цунах куьг Iоттахь, йа мох балахь, йа хьаткъан гIуллакх дахь, и.кх.дI), хьайн лийчар чекхдаккха мегар ду ахь, делахь а цул тIаьхьа ламаз ца оьцуш ламаз дан мегар дац, йа ламаз керахь доцуш дан мегаш доцу хIума дан а мегар дац.

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ша луьйчуш волчу юкъахь цуьнан ламаз карара да́лахь, лийчар чекхдаккха мегар ду цо, ламаз карара даларо цуьнан лийчар нийса хуьлучура а ца доккху. Делахь а, (керла) ламаз эццалц ламаз дийр дац цо».[1]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

31.01.2010 = ‏16‏/02‏/1431


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ровдатут-тIолибин», 1/91.