|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Божа-берана, йа борша-стага лерга хIума олла мегий?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ШариIатан бакъонашка диллича, божа-берана а, борша-стага а лерга хIума олла ца мега. Иза ца магаран масех агIо ю.
Зуда-берашна лерга-Iуьргаш дахарх лаьцна долчу хаттарехь вай билгалдира, цхьаболчу Iелам-наха иза магийна ца хилар а, дукхах болчара иза зудаберашна хазаллийна магийна хилар а. Ткъа иза магийна болчу Iелам-наха иза къаьсттина зудаберашна магийна ду, божа-берашна магийна дац, хIунда аьлча иза магоран бахьана зудаберийн хазалле а, кечдаларе а хьашт хилар долу дела, ткъа божаберийн хазалла лерга хIуманаш охкарца хуьлуш яц, йа уьш зудабераш санна кечбеш а бац. И цхьа агIо ю. Зудаберашна, лергахь хIуманаш лелорхьама лерга-Iуьргаш даха магийначу цхьаболчу Iелам-наха, божаберана лергах Iуьрг даккхар йа хьарам ду аьлла, йа мегаш дац аьлла, йа ца деш Iадда дитича дика дерг ду аьлла. Хьарам ду аьллачерах ву Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «божаберана еш йолу и чов магон бахьана а, хьашт а доцу дела, зудаберана санна; ткъа божабер жима долчу хенахь цуьнан лергахь хIума лелор хазаллийна ду бохург а тидаме лоцу бахьана дац, хIунда аьлча иза иштта доцу дела, цхьаболчарна иза хеташ делахь а».[1] Иза хьарам ду аьлла цхьа дош ду Хьанбалий мазхIабера Iелам-нехан.[2] Иза мегаш дац аьлла билгалдина цхьаболчу Хьанафийн мазхIабера Iелам-наха а: «…чIагарш охкархьама лергаIуьргаш дахар – иза зударийн хазаллийна ду, иза мегара (хьанал) дац божаршна», «божаберийн лергашна Iуьргаш даха а мегаш дац».[3] Божаберашна лерга-Iуьргаш дахар «макрýхI» ду аьллачерах ву Имам Ахьмад бин Хьанбал а, цуьнан и дош дийцина болу цуьнан мазхIабера Iелам-нах а[4]: «божаберана лергах Iуьрг даккхар «макрухI» ду, зудаберана дац, Имам Ахьмада аьлла а ду иза, хIунда аьлча зудабер хаздала а, кечдала а дезаш долу дела, божабер иштта доцу дела».[5] Ткъа, лергах Iуьргаш даьхний бен лерга хIума уллуш ца хилча, божаберашна лергаIуьргаш даха мегаш ца хиларца девза вайна цаьршимма лерга хIума олларан хьукм. Иза шолгIа агIо ю. Божабершна а, божарша а лергах хIума оллар хIинццалц схьа цкъа а вайна девзина а, йа вайна юкъахь цкъа а лелийна а, йа вай цкъа а тIедитина а хIума дац. Муххале а, вайна юкъахь цхьамма и лелийча, иза сийдоцуш, ша шен сий дайъина лорур вара вайн юкъаралло. Цуьнан бахьана, лакхахь вай Iелам-нехан дешнашца ма-аллара, лерга хIума оллар къаьсттина зударий кечбалар а, хазбалар а ду, цундела божарий церах тарбала йиш яц. Ткъа Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – магийна дац зударий божарех тарбалар а, божарий зударех тарбалар а.[6] Цул совнаха, вай Iадатехь, вайн гIиллакхехь и хIума догIуш доццушехь, иза наха лартIехь лоруш хIума а доццушехь иза лелош верг оьздангаллех воьхна лоруш ву, цундела иза тешаллийна хIотто мегар волуш а вац. КхоалгIа агIо ю иза. Божарша а, божабераша а лергахь хIума лелор вайна девзина а, йа вай лелийна ца хилча, вайна хаьа иза стенгара схьадогIу – иза керста-нахера схьадогIу. Ткъа, вайн динца а, вайн гIиллакхца а догIуш доцу хIума керста-нахера схьа а эцца лелор церах тарвала гIертар ду, керста-нахах тарвала гIертар мегаш хIума дац: «Цхьана нахах тарвелларг церах ву»[7]. Иза йоьалгIа агIо а ю, божабераша а, божарша а лерга хIума оллар мегаш ца хилар. Амма, Имам ТIабаранийс шен «Ал-АвсатI» жайни тIехь дийцина долу хьадис, Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – суннат ду аьллера аьлла, ворхIолгIачу дийнахь божаберана цIе тиллар а, иза хадор а, цуьнан корта башар а, цуьнан лергана Iуьрг даккхар а.., – оцу дешнашца деана долу и хьадис гIийла ду, заьIап ду, цIе тиллар а, хадор а, корта башар а кхидолчу нийсачу хьадисашкахь деана делахь а.[8] Цундела и хьадис хьукм даккха мегар долу хьадис дац.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
[1] «Тухьфатул-Мухьтадж», Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий. [2] «Ал-ФурýI», Имам Ибнул-Муфлихь; «Ал-Инсóф», Имам Ал-Мардавий. [3] «Роддул-Мухьтáр Iалад-Дуррил-Мухтáр», Имам Мухьаммад Iалауддин Ал-Хьисний. [4] «Ал-ФурýI», Имам Ибнул-Муфлихь; «Ал-Инсóф», Имам Ал-Мардавий. [5] «Кашшафул-КъинáI Iан Матнил-ИкънáI», Имам Мансур ибн Йунус Ал-БахIýтий. [6] Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – и санна болчарна неIалт а аьлла, уьш хIусамашкара арабаха а аьлла аьлла долу хьадис дийцина Бухарис а, кхиболчара а. [7] Абу Давуд, Ахьмад. [8] Иза гIийла ду аьлла Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс а, Шейх Ал-Албанийс а. |