Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Сан бусалба ваша, цхьа хаттар дара сан хьоьга, хьайна хала дацахь жоп лохьа суна! ЙоI хьиджаб лелош елахь, цунна шолгIа лерга Iуьрг даккха мегий?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме йиша! Ахь хоьттучу хаттарх лаьцна Iелам-наха аьлларг лехча, суна карийнарг кхаа кепара делла жоп дара.

1. Цхьаболчу Iелам-наха мегар ду аьлла лергана цхьаннал сов Iуьрг даккха, нагахь санна хазаллийна лерга хIума олла доккхуш делахь. ХIунда аьлча цхьаъ даккха мегаш хилча цул сов даккха а мегаш хуьлу дела, цхьаъ даккхарна а, шиъ даккхарна а юкъахь цхьаъа башхалла йоцу дела, шиъ даккха мегар дац аьлла деана къаьсттина далил доцу дела. Кхерах цхьаболчара, нагахь санна цхьаннал сов Iуьрг доккхуш лелаш Iадат делахь мегар ду а аьлла.

2. Цхьаболчу Iелам-наха лергана цхьаннал сов Iуьрг даккха мегар дац аьлла, хIунда аьлча цхьаннал сов Iуьрг даккхарехь хьашт доцу дела, цо йоI лаза а йо дела, иза керста-нахах а, боьха нахах а тарйалар а долу дела, шарIехь мегаш дерг цхьа Iуьрг даккхар хилча, цул совнаха дерг даккха магорна къаьсттина далил оьшу дела.

3. Цхьаболчу Iелам-наха иза дика дац аьлла. И бохург – хьарам дац иза, делахь а ца дича дика ду бохург ду. Иштта аьллачерах ву Шейх IабдуллахI Ал-Джибри́н, Дала къинхетам бойла цунах. Шега иштта хIара хаттар дича: «Зудчо шен шина лергана шозза йа кхозза Iуьрг даккха мегар дуй?» - цо иштта жоп делла: «Цуьнан шина лергана цхьацца Iуьрг дакхха мегар ду, лерга ухкуш йолу дети йа деши чIагарш тIеохкархьама. Дика лоруш дац лергана ши Iуьрг даккхар, йа кхин а сов даккхар, хIунда аьлча иза мегаш доцу эрна чевнаш йар а, лазам бар а ду, цунах пайда а бац».[1]

Цуьнан дашах мелла а тера ду Шейх Ибн Ал-Iусайми́на – Дала къинхетам бойла цунах – шега цхьана лерга тIе масех чIуг оллархьама масех Iуьрг даккхарх лаьцна хаттар дича аьлларг: «Зудчо ша ехачу меттехь кхечу зударша уллучул совнаха (Iадатехь долчул совнах) лерга хIума оллар исраф (эрна даьхни дайъар, дозанал сов ялар) хиларх кхоьру со. Лекха хинволчу АллахIа аьлла ду: [Аш яа а юийла, мала а молийла, исраф а ма дойла, бакъдолуш АллахIана ца бе́за исраф дийриш].[2] Ткъа нагахь санна зудчо цхьана лергана ши Iуьрг доккхуш хIоьттина лелаш Iадат делахь – тIаккха вон хIумма а дац (даккха мегар ду ши Iуьрг тIаккха). Амма нагахь санна иштта лелаш Iадат дацахь – тIаккха иза вон лоруш долу исраф дар хуьлу. Цул совнаха, адамаш тIаккха цу балха тIехь вовший дозаллаш-кураллаш йарца къийсадала кхерам а бу, хIокху шарахь ши Iуьрг доккхур ду, шолгIачу шарахь кхоъ, тIаккха диъ.., иштта дерриге лерг Iуьргех дузур ду. И хIума хир дац олийла дац, хIунда аьлча зударша вовшашкара хIуманаш схьаоьцу дела».[3]

Иштта дара Iелам-наха цу хаттар хьокъехь аьлларг.

Ткъа цу кхааннах гIолий хе́тарг иштта ду: лергана шолгIа Iуьрг ца доккхуш Iаддитича дика хила тарло, делахь а даккхар хьарам ца хила тарло, къилахь а ца хила тарло, керста-зударех тарйала ниййат долуш доккхуш ца хилчахьана.

Дика хуург силайхь АллахI ву!

15.07.2009


 

[1] Шейх IабдуллахI ибн Iабдуррахьман Ал-Джибри́н, «Фата́ва́ Ибн Джибри́н», фатва № 2887.

[2] Сурат «Ал-АIро́ф», 31 айат.

[3] Шейх Ибн Ал-Iусайми́н, «Ал-Ликъо́ъ аш-ШахIрий», № 45, 3/172.