Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Зударшна юккъехь хьалха яьлча, хьалха яьллачо, ч1ог1а доьшучехь "Фатихьат а, кхидолу сураташ а" ч1ог1а деша меги, т1аьхьа хиттинчара амин олуш меллаша ала деза йа ч1ог1а ала деза?

Дала диканца бекхам бойла.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Зудчо ламаз дечу хенахь, цунна уллохь цунна бусалба динехь «хийра» лоруш болу божарий бацахь, «Фатихьат» а, кхидолу сураташ а, ламаз дIадоьхкуш ден такбир а, хьала-охьатаьIаш ден азкараш а, кхидерг а, чIогIа доьшучохь чIогIа деша деза, къайлах доьшучохь къайлах деша деза. Нагахь санна зудчо ламаз дечу хенахь, иза хезаш «хийра» божарий белахь, тIаккха къайлах, меллаша деша деза дерриге доьшург а, эриг а. «Хийра» божарий бохург – бусалба динехь цунна маре йаха мегаш болу божарий бохург ду.

Цундела, зударшна юкъахь хьалхаяьллачу зудчо, ламазан доьххьаралера такбир а, хьала-охьатаIаран азкараш а, салам а – уьш дерриге чIогIа эр ду. ТIаккха, «Фатихьат» а, цул тIаьхьара сураташ а чIогIа доьшур ду цо, уьш чIогIа дешар суннат долчу ламазашкахь. ТIаьхьахIиттинчу зударша «амин» а чIогIа эр ду, «фатихьат» чIогIа дешначул тIаьхьа. Делахь а, зударша и дерриге чIогIа дешар божарша дешар санна хила ца деза, мелла а таьIна-тийначу озаца хила деза.

Цу хьокъехь, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Амма зуда – вайн (ШафиIийн мазхIабан) Iелам-наха аьлла: нагахь санна иза ша цхьаъ йолуш ламаз деш елахь, йа уллохь зударий болуш, йа шена маре йаха ца мегаш болу божарий болуш ламаз деш елахь чIогIа доьшур ду цо, башхула а йоцуш иза зударшна хьалхаяьлла ламаз деш елахь а, йа ша цхьаъ йолуш елахь а. Нагахь санна уллохь «хийра» стаг волуш ламаз деш хилахь къайлах доьшур ду цо».[1]

«Ат-Тахькъúкъ» тIехь а аьлла цо: «Зудчо, нагахь санна цунна уллохь хийра стаг хилахь къайлах доьшур ду, ца хилахь чIогIа доьшур ду».

Имам Ибн Къудáмас а – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла цу хьокъехь: «ЧIогIа доьшучу ламазеь чIогIа доьшур ду цо (зудчо). Ткъа нагахь санна цигахь божарий белахь чIогIа доьшур дац, уьш цунна «махьрам» (маре йаха ца мега божарий) бацахь, уьш «махьрам» белахь чIогIа дешча хIумма а дац».[2] 

 

Дика хууш верг АллахI ву!


 

 


[1] «Ал-МаджмýI Шархьул-МухIаззаб», Имам Ан-Нававий.

[2] «Ал-МугIнú», Имам Ибн КъудáмахI.