|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Зударша цаIа ламаз чIогIа деша мегий?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зудчо ламаз дечу хенахь, цунна уллохь цунна бусалба динехь «хийра» лоруш болу божарий бацахь, «Фатихьат» а, кхидолу сураташ а, ламаз дIадоьхкуш ден такбир а, хьала-охьатаьIаш ден азкараш а, кхидерг а, чIогIа доьшучохь чIогIа деша деза, къайлах доьшучохь къайлах деша деза. Нагахь санна зудчо ламаз дечу хенахь, иза хезаш «хийра» божарий белахь, тIаккха къайлах, меллаша деша деза дерриге доьшург а, эриг а. «Хийра» божарий бохург – бусалба динехь цунна маре йаха мегаш болу божарий бохург ду. Иштта оцу кепара сураташ чIогIа дешар суннат долу ламазаш хIорш ду: Iуьйра а, маьркIижа а, пхьуьйра а. ТIаккха, хIара санна долу хаттар вай дийцира хьалха кхузахь: «Ламаз деш зудчо "Фатихьат" чIогIа дешар». И лакхара жоп а цигара ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.04.2010 = 06/05/1431
| КхидIа |