Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар ду хьоьга! Со наггахь сайн лулахочунца ара валар нисло, тIаккха тхойшинна ламаз хан гена яле нисло. Со тIе йогIу ламазан хан тIе кхачале сайн ламаз дан гIерта мел кIезиг хан йиснехь а, суна и гIоле хета. Лулахочо олу соьга ламазан хан тоххара дIа яьлла, ахь дийриг ламаз дац, ахь йийриг моттаргIа йу олий. Ахь ламаз тIе догIучу ламазца доькхуш цхьана дан деза олу цо. Мила ву тхойшиннех нийса верг? Хьан жоп йаздаре са туьйсу ас.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Доьххьара, ламазан хенаш билгалйийр ю вай: – Делкъа ламазан хан: Малх стигал юккъера малхбузехьа жимма дехьабаьлча дуьйна дIайолалой, цхьана хIуманан IиндагIан дахалла оцу хIуманан яхалле нисдаллалц ю. – Малхбуза ламазан хан: Делкъа ламазан хан дIаяьллачул тIаьхьа дуьйна дIайолалой, цхьана хIуманан IиндагIан дахалла оцу хIуманан шозза яхалле кхаччалц ю; малх цIий бала болалун хан а ю иза. ХIара хан, кхин тIаьхьа а ца тоттуш ламаз дича гIолий йолу хан ю, ткъа хIокху хена чохь ламаз дан а ца делла, тIаьхьависсинчо, малх чубуззалц йолчу юкъахь а дан мегаш ду иза. – МаьркIижа ламазан хан: Малх чубуьзчначул тIаьхьа дIайолалой, маьлхан цIен зIаьнарш а, суьйренан цIийялар а дIаяллалц ю. – Пхьуйра ламазан хан: МаьркIижа хан дIаяларца дIайолалой, Iуьйра ламазан хан хиллалц ю. – Iуьйра ламазан хан: ШолгIа сатасар дIадоладелча дIайолалой, малх гучубала болабаллалц ю. Цул тIаьхьа, шена хаа а хууш, ламаз ца деш ламазан хан дIаялайтар уггар даккхийчу къинойх доккха къа ду, цхьаболчу Iелам-наха керстаналла ду а аьлла иза, цундела, Делах кхера веза бусалба стаг, шена хаа а хууш ламазан хан дIаялийтарх ларвала а веза иза, керстаналлийна чу ца вожархьама. Цул тIаьхьа, оцу ламазийн хенаш уьш елахь а, ламазан хенан чаккхенга кхаччалц ламаз тIаьхьататтар хьарам ду, мегаш дац. Оцу хенахь дина долу ламаз нийса-м ду, парз тIера долуш а ду, делахь а къа дужу и тIаьхьатеттинчунна тIе. Оцу лакхахь долчуьнца дуьстича хьуна девза хьайн хаттарна жоп: хьайн ламаз дан аьтту боллушехь ламаз цуьнан хенан тIаьххьарчу декъе тIаьхьататтар хьарам ду, делахь а, вукху ламазца доькхуш дийр ду ас аьлла хан дIаялийта а мегар дац, хIунда аьлча иза кхин а доккха къа ду. Цундела, шолгIа ламазан хан тIехIоттале, мелла а сиха ламаз дан деза, шолгIачуьнца доькхуш дийр ду аьлла ца деш дита мегар дац. |