|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Нагахь санна телевизор хьуна а, къилбанна а юкъахь лаьтташ елахь, иза дIайайъа еза, «звук» дIаяьккхина елахь а, йацахь а, хIунда аьлча латийна иза гуш хилча цо ламаз тIера ойла йохор ю. Ткъа, ламаз паргIат дар а, ойла шеца лаьтташ дар а важиб ду. И санна муьлхха ламаз паргIат дарна новкъарло йен хIума а дIаяккха еза ламаз дечу хенахь. Амма нагахь санна латийна телевизор къилбехьа воьрзучу агIор яцахь, ламазана цо новкъарло еш а яцахь, ахь ма-аллара «звук» дIаяьккхина а елахь, тIаккха ламаз дан мегар ду, иза латийна хилар зен дац Дала мукъа лахь. ХIунда аьлча, телевизор чура суьрташ малийкаш чу дахкарна новкъарло йен суьрташ ца лору дукхах болчу Iелам-наха. СаIуди пачхьалкхан Даиман болчу Фатван а, Талламан а Гуламе дина долу хаттар а, цу юкъара Iелам-наха делла жоп а дуьйцур ду вай цунах лаьцна. «Хаттар: Са долчу хIуманийн суьрташ чохь долчу чу малийкаш ца догIу. Ткъа вайн лаамца а доцуш, телевизор чухула вайн хIусамаш чукхочуш долчу суьртийн хьукм муха хуьлу? Суна хетарехь таханлерачу хенахь цхьаъа цIа хир дац шена чохь и телевизор йоцуш. Жоп: Телевизоран суьрташ хIусам чохь дIахIиттош (хьалаухкуш) долу суьрташ санна дац, хIунда аьлча уьш цкъа схьа а гойтий, тIаккха дIадовлу дела. Гуламан куьйгалхо: Iабдул-Iазиз ибн Баз. Куьйгалхочуьнан наиб: Iабдур-Раззакъ Iафифий. Гуламан декъашхо: IабдуллахI ибн КъаIуд». Чекхдели хаттар-жоп. Бакъду, телевизорийн каналаш тайп-тайпана ю, цхьаерш бусалба динца йогIуш ю, вуьйжуш йогIуш яц, цундела оцу телевизор чохь схьаоьхьуш ерг хIун ю хаа деза, масала хила ма-дезза духар дохаза зударий белахь дIайайъа еза иза ламаз дечу хенахь. Ткъа гIолий хуург сийлахь АллахI ву! 09/03/2009
|