Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Цхьа хаттар дара сан хьоьга Олхазар. Ламаз аттахьият нийса муьлханиг ду – «Аттахьиййату лиллахIи» аьлла дешча нийса хир ду, йа «Аттахьиййату мубаракату» аьлла долийча нийса хир ду? И нийса хилар ца хилар далил далош жоп делчахь кхин а дика хир дара, кхечаьрга ала атта хир дара. Баркалла.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла «Ал-Азкар» жайни тIехь: «ТашаххIудан (аттахьиятан, эттахьиган) дешнех лаьцна аьлча – иза Пайхамарера (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) схьа кхаа кепара деана ду.[1]

Хьалхарниг: Ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) дийцинарг ду, АллахIан Элчанера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Аттахьиййа́ту лилла́хIи, вассолавáту ваттIаййибáту, ассалáму Iалайка аййухIаннабиййу ва рахьматуллóхIи ва барокáтухI, ассалáму Iалайна ва Iалá IибáдиллáхIис-сóлихьúн. АшхIаду аллá илáхIа иллаллóхI, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIý ва расýлухI».[2] Бухарийс а, Муслима а дийцина ду иза шаьшшинан «Сахьихь» шина жайни чохь.

ШолгIаниг: Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцинарг ду, АллахIан Элчанера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Аттахьиййáтул-мубáракáтус-салавáтут-тIаййибáту лиллáхIи, ассалáму Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматуллόхIи ва баракáтухI, ассалáму Iалайнá ва Iалá IибáдиллáхIис-сóлихьúн, ашхIаду ал-лáилáхIа иллаллόхI, ва ашхIаду анна Мухьаммадан расу́луллόхI».[3] Муслима дийцина ду иза шен «Сахьихь» тIехь.

КхоалгIаниг: Абу Муса ал-АшIарийс (Дела реза хуьлда цунна) дийцинарг ду, АллахIан Элчанера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Аттахьиййáтут-тIаййибáтус-салава́ту лиллáхIи, ассалáму Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматуллόхIи ва баракáтухI, ассалáму Iалайнá ва Iалá IибáдиллáхIис-сóлихьúн, ашхIаду ал-лáилáхIа иллаллόхI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу́ ва расу́лухI».[4]

(ТIаккха, асхьабашкара схьа деана а ду иза). Маликан «МуваттIаъ» тIехь а, БайхIакъийн «Сунан» тIехь а, кхечеран жайнашкахь а вайна дийцина ду нийсачу иснадашца, Iабдуррахьман ибн Iабдил-къоррийгара схьа, цунна хезна хиллера аьлла Iумар ибн ал-ХаттIаб (Дела реза хуьлда цунна) минбар тIехь волуш нахана ташаххIуд Iамош иштта хIокху дешнашца: «Аттахьиййа́ту лилла́хIи, азза́кийа́ту лилла́хIи, аттIаййибáтус-салава́ту лилла́хIи, ассалáму Iалайка аййухIаннабиййу ва рахьматуллóхIи ва барокáтухI, ассалáму Iалайна ва Iалá IибáдиллáхIис-сóлихьúн. АшхIаду аллá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIý ва расýлухI».

Маликан «МуваттIаъ» тIехь а, БайхIакъийн «Сунан» тIехь а, кхечеран жайнашкахь а вайна дийцина ду нийсачу иснадаца, Iаишатера схьа (Дела реза хуьлда цунна), цо ша ташаххIуд доьшучу хенахь олура аьлла: «Аттахьиййа́тут-тIаййиба́тус-салава́туз-за́кийа́ту лилла́хIи. АшхIаду алла́ ила́хIа иллалло́хIу ва анна Мухьаммадан IабдухIу́ ва расу́лухI. Ассала́му Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматулла́хIи ва баракатухI. Ассала́му Iалайна́ ва Iала́ Iиба́дилла́хIис-со́лихьи́н».

Цуьнгара схьа дийцина ду кхин а оцу жайнашкахь: «Аттахьиййа́тус-салава́тут-тIаййиба́туз-за́кийа́ту лилла́хIи. АшхIаду алла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу́ ва расу́лухI. Ассала́му Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматулла́хIи ва баракатухI. Ассала́му Iалайна́ ва Iала́ Iиба́дилла́хIис-со́лихьи́н».

Маликан «МуваттIаъ» тIехь а, БайхIакъийн «Сунан» тIехь а кхин а вайна дийцина ду нийсачу иснадаца, Маликера схьа, (цо) НафиIера схьа, (цо) Ибн Iумарера схьа (Дела реза хуьлда цунна), цо ша ташаххIуд доьшучу хенахь олуш хиллера аьлла: «Бисмилла́хI. Аттахьиййа́ту лилла́хIи, ассалва́ту лилла́хIи, азза́кийа́ту лилла́хIи. Ассалáму Iаланнабиййи ва рахьматуллóхIи ва барокáтухI, ассалáму Iалайна ва Iалá IибáдиллáхIис-сóлихьúн. ШахIидту аллá илáхIа иллаллóхI, шахIидту анна Мухьаммадан расýлулло́хI». Ткъа дика хуург АллахI ву.

Иштта уьш ду ташаххIудах цхьадерш. …

Хьуна хаийла тIаккха, оцу вай дийцина долчу ташаххIудех шена луъург деша мегаш хилар. Иштта аьлла ду иза вайн Имама ШафиIийс а, и воцучо кхечу Iеламнаха а (Дела реза хуьлда царна).

Ткъа ШафиIийна гергахь церах уггар дезаниг Ибн Iаббаса дийцинчу хьадисехь дерг ду, хIунда аьлча цу юкъахь «ал-муба́рока́ту» аьлла долу дош сов долу дела. …

Кхин а хьуна хаийла, («аттахьиййа́ту» бохучу дашал тIаьхьа догIуш долу) хIара дешнаш: - «ал-муба́рака́ту» а, «ассалава́ту» а, «аттIаййиба́ту» а, «азза́кийа́ту» а – ташаххIуд доьшучу хенахь и дешнаш алар суннат ду, билламе (важиб) дац. Цундела, и дерриге дешнаш Iадда а дитина, цо деккъа хIара дешнаш аьлча: «Аттахьиййа́ту лилла́хIи, ассаламу Iалайка аййухIаннабиййу…», - иштта кхидIа иза чекхдаллалц, иза тоьаш хир ду цунна. Цу тIехь къовсам а бац вайн мазхIабера Iеламнахана юкъахь.

Амма: «Ассаламу Iалайка аййухIаннабиййу…», - аьлла, иштта кхидIа иза чекхдаллалц долу дешнаш алар важиб ду, уьш цхьаъа ца олуш дита мегаш дац. …

Амма оцу аттахьиятал хьалха бисмилла даккхар («БисмиллахI» алар) – иза вайна дийцина ду Насаийн «Сунан» тIехь а, БайхIакъийс а, и шиъ воцучара а, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иза олуш хиллера аьлла. Ибн Iумарера схьа вай дийцинчу ташаххIуд юкъахь деана а ду иза. Делахь а, Бухарийс а, Насаийс а, хьадис Iилмангахь имамаш болчу кхечу Iеламнаха а аьлла: «Бисмилла даккхар Делан Элчанера (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) схьа нийсачу хьадисехь деана дац. Цундела аьлла вайн мазхIбера дукхах болчу Iеламнаха: «Бисмилла даккхар суннат дац». Цхьаболчара суннат ду аьлла а ду иза. Ткъа харжаме дерг иза ца даккхар ду, хIунда аьлча ташаххIуд дийцина болчу дукхах болчу асхьабаша дийцина дац иза».[5]

Чекхдели Имам Нававийс аьлларг.

 

Цунах вайна гуш дерг доцца вай дийца гIоьртича, иштта хир ду иза:

1. Имам Нававийс дийцина и дерриге эттахьигаш нийса ду, уьш муьлхха а деша мегаш ду. Бакъду, шафиIийн мазхIабехь эттахьигал хьалха «бисмилла» даккхар суннат дац.

2. Оцу эттахьигех Имам ШафиIийс хаьржина дерг Ибн Iаббасан хьадисехь дийцинарг ду: «Аттахьиййа́тул-мубарака́ту…».

 

ТIаккха, оцу эттахьигал тIаьхьа дуьллуш салават ду, уггар гIолий дерг иза иштта ду: «Алло́хIумма солли Iала́ мухьаммад, ва Iала́ а́ли мухьаммад, кама́ соллайта Iала́ ибро́хIи́ма ва Iала́ а́ли ибро́хIи́ма, иннака хьами́дун маджи́д. Ва ба́рик Iала́ мухьаммад, ва Iала́ а́ли мухьаммад, кама́ ба́рокта Iала́ ибро́хIи́ма ва Iала́ а́ли ибро́хIи́ма фил-Iа́лами́н, иннака хьами́дун маджи́д».

Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву!

16.06.2011 = ‏14‏.07‏.1432


 

[1] Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла Бухарийс а, Муслима а дийцина долчу хьадисашкахь дерг кхоъ ду боху маьIна ду цуьнан. Вуьшта, и кхоъ дийцинчул тIаьхьа Имам Нававийс ша́ дуьйцур долу асхьабашкара эттахьигаш а нийса ду, Пайхамарера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцича санна лоруш а ду, хIунда цара иза шайгара дуьйцийла йоцу дела.

[2] МаьIна: «Маршаллаш АллахIан ду, ламазаш а (Цуьнан доьхьа деш) ду, хастаме дешнаш а (Цунна ду), салам (маршалла) хуьлда хьуна хIай Пайхамар, АллахIан къинхетам а, Цуьнан массо беркате диканаш а (хуьлда хьуна). Салам (маршалла) хуьлда тхуна а, АллахIан дикчу лайшна а. Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а ву аьлла».

[3] МаьIна: «Маршаллаш а, даим совдуьйлуш долу дуккха диканаш а АллахIан ду, ламазаш а (Цуьнан доьхьа деш) ду, хастаме дешнаш а (Цунна ду), салам (маршалла) хуьлда хьуна хIай Пайхамар, АллахIан къинхетам а, Цуьнан массо беркате диканаш а (хуьлда хьуна). Салам (маршалла) хуьлда тхуна а, АллахIан дикчу лайшна а. Ас тешалла до АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а ву аьлла».

[4] МаьIна: «Маршаллаш а,  хастаме дешнаш а, ламазаш а АллахIан ду (Цуьнан доьхьа деш ду), салам (маршалла) хуьлда хьуна хIай Пайхамар, АллахIан къинхетам а, Цуьнан массо беркате диканаш а (хуьлда хьуна). Салам (маршалла) хуьлда тхуна а, АллахIан дикчу лайшна а. Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а ву аьлла».

[5] Имам ан-Нававий, «Ал-Азкар», 71-73 агIонаш.