Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу 1алайкум!

X1инца со волчахь ламаз цхьаболчара дацдина ца деш т1еоьзна деш ду. и деш берш 4-6 баттахь некъ бан нейат дерш бу. масала :турце боьлхаш, ц1а боьлхаш ишта берш. 6 баттахь йа 1 шарахь цхьанхьа д1аса баха ойла йоцурш ше ше хенахь ламаз деш бу.

30 км некъ беш ваха везаш хилча, со лелачах ламаз да аьтто цахилча, ламаз да аьтто ц1къа хуьлш ц1къа цахуьлш меттиг йог1а. даима неха чу г1ерта товш ца хета. ишта хьал хилча ламаз хан д1айола, т1аккха малхбуза ламаз мерк1ижачунца, йа мерк1жниг пхьуьрчунца да дезаш нисло.

делкъа-малхбуза, мерк1ижа-пхьуь1ра ламазаш цхьанхьа ваха новкъа волуш хилча т1eоьзна да мегар дуй?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIара хаттар масийтта агIо йoлуш ду.

Уггар хьалха хаийта лаьа суна, ша цхьана меттехь 4 дийнахь соцур ву аьлла ниййaт долуш волчо ламаз дац дан а, тIеоза а мегаш ца хилар. Ялх беттан хенан чохь ша цхьанхьа гIур ву бохуш ламаз шен хенах дохийна дан мегар дац, ше-шен хенахь дан деза.

Нагахь санна хьой воьдучу новкъахь хьайн ламаз дан аьтту хир бац аьлла хетахь, я цу новкъахь ламаз дан хIоьттича йoккха хало хир ю аьлла хетахь, тIаккха малхбуза ламаз делкъачунна тIеоьзна дан мегар ду, пхьуьйраниг маьркIижчунна тIеоьзна дан а мегар ду, тIаьхьатеттина а ца деш. Делахь а цунах Iадат дина лело мегар дац, юх-юха тIеттIа ийза а мегар дац, шен таро хилахь ламаз шен хенахь дан хьажа веза нагахь санна ша новкъа волу некъ шена ламаз дацдан-тIеоза бакъо луш болу некъ бацахь.

Боккхачу новкъахь а воцуш, цхьа хало йoлчу хенахь наггахь ламаз тIеоьзна дан мегаш хиларан тешалла ду Имам Муслима дийцина долу Ибн Iаббасан – Дела реза хуьлда цунна – дешнаш: ”Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ламазаш тIеттIауьйзира Мединатехь, кхерам а, догIу а доццушехь”. Ибн Iаббасе хаьттина тIаккха СаIид ибн Джубайра: ”ХIунда дира цо уьш иштта?” Цо жоп делла: ”Шен умматана дукха хало ца хилийтархьама”. Оцу хьадисана тIе а доьгIна, цхьаболчу Iелам-наха мегар ду аьлла хало хилча наггахь ламаз тIеттIа оза, делахь а цхьана билламца: даим тIеттIауьйзур дацахь.