|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламаз деш мичахь хIун айаташ деша деза?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ламаз дечу хенахь доьшу сураташ иштта ду: хIора ракаIатехь «Ал-Фатихьат» сурат («бисмилла») деша деза, и дешар важиб ду, иза ца дешча ламаз нийса хуьлуш дац. Масала, вай парз-ламазашца масал далийча, Iуьйра ламаз ши ракаIат ду, цундела хIора ракаIатехь цхьацца «фатихьат» деша деза, делкъа ламазехь доьазза деша деза, малхбузехь а доьазза деша деза, маьркIижа ламазехь кхоазза деша деза, хIунда аьлча иза кхо ракаIат долу дела, тIаккха тIаьххьара пхьуьйра ламазехь а доьазза деша деза. Иза ца дешча мегар доцу сурат дара. Цул тIаьхьа муьлхха а ламазехь доьххьаралера шина ракаIатехь «фатихьатал» тIаьхьа Къуръанах цхьа да́къа дешар суннат ду, мелехь ду. Деша мегар дерг дийнна сурат ду, йа цхьана суратах цхьадолу айаташ ду. Масала, Iуьйра ламазехь хIора фатихьатал тIаьхьа муьлхха а цхьа сурат, йа шена луъучул айаташ доьшур ду, делкъа ламазехь доьххьара шина ракаIатехь а доьшур ду иштта, шолгIачу шина ракаIатехь доьшур дац, иштта малхбуза ламазехь а хир ду, пхьуьйра ламазехь а хир ду, амма маьркIижа ламазехь доьххьара шина ракаIатехь доьшур ду, тIаьххьара кхоалгIа ракаIатехь доьшур дац. Вай ма-аллара, хIора ракаIатехь «фатихьат» дешар важиб ду, иза ца дешча ламаз нийса хуьлуш дац, ткъа доьххьаралера шина ракаIатехь «фатихьатал» тIаьхьа Къуръан дешар суннат ду, мелехь ду, иза ца дешча ламаз галдаьлла лоруш дац. ТIаккха, «фатихьат» чIогIа доьшучохь цул тIаьхьара дерг а чIогIа дешар суннат ду, меллаша доьшучохь меллаша дешар суннат ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 03.05.2010 |