|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламаз дац деш хилча, некъахочунна суннат ламаз дан мегий? Дала диканца бекхам бойла хьуна тхан лараме бусалба ваша Олхазар. Турпал
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Парз ламазел хьалха а, тIаьхьа а деш долу суннат ламазаш а, муьлхха а кхидолу суннат ламазаш а некъахочо шена лаахь дан мегаш а ду, уьш дар суннат (мелехь) а ду аьлла дукхах болчу Iеламнаха. Цхьаболчу Iеламнаха, парз ламазашца деш долу суннаташ (раватиб ламазаш) дар суннат дац аьлла. Цхьаболчара, Iуьйра ламазал хьалха деш долу ламаз а, витр ламаз а доцург кхидерг дар суннат дац аьлла. Доьххьаралеранаш тIетевжаш долу далилаш масийтта хьадис ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша новкъахь волуш Iуьйра ламазал хьалхара суннат ламаз дира аьлла деана дерг а, Макка йоккхучу дийнахь цо Умм ХIаниан хIусамехь бархI ракаIат духьа́ ламаз дира аьлла дерг а, Бараъ ибн Iазиба ша Пайхамарца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) берхIийттозза новкъахь цхьаьна нисвеллера, цо цкъаъа делкъал хьалха ши ракаIат ца деш а ца дитира аьлла дерг а, цо делкъал хьалха а, тIаьхьа а шишша ракаIат дира аьлла деана дерг а, цо цкъаъа Iуьйрал хьалхара ши ракаIат ца деш дитина дац аьлла дийцина дерг а, цо ша шен дийнат тIехиъна воьдуш а волуш суннат ламаз дора аьлла дийцина дерг а, иштта кхидерш а. Ткъа и хьадисаш цхьадерш Бухарийс а, Муслима а дийцина ду, цхьадерг Тирмизийс дийцина ду, нийса ду а олуш. Уьш дукхах дерш тоьшаллийна далийна Имам Нававийс, «Ал-МажмуI» жайни тIехь ша́ хIара хаттар дуьйцучу хенахь. [1] Ткъа и ламазаш дар суннат дац аьлла болчеран далил, йа и ши ламаз доцург кхидерг дар суннат дац аьлла болчеран далил – Ибн Iумарера схьа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долу дийцар ду, шаьш цхьанхьа новкъахь долуш шаьш парз ламаз динчул тIаьхьа цхьана наха кхин а ламаз деш гина хиллера цунна аьлла. Уьш хIун ламаз деш бу аьлла цо хаьттича, суннат ламаз деш бу аьлла жоп делла хилла цунна. ТIаккха аьлла цо: «Ас суннат ламаз деш хилча-м ас парз ламаз дацдийр дацара. Со АллахIан Элчанца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьаьна новкъахь хуьлура, цо ша валлалц шина ракаIатал сов ца даьккхира, иштта Абу Бакара а ца даьккхира, Iумара а ца даьккхира, Iусмана а ца даьккхира». И хьадис а Бухарийс а, Муслима а дийцина ду. ТIаккха цхьаболчу Iеламнаха оцу юкъара къастийна юкъарадаьккхина Iуьйра ламазал хьалхара суннат а, витр ламаз а, и шиъ Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) даим деш хиллера аьлла деана долу дела а, новкъахь волуш цо и шиъ дина хиллера аьлла деана долу дела а. Оцу кеппара, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) и суннат ламазаш дина хиллера аьлла даьхкина нийса хьадисаш а ду, цо уьш ца динера аьлла деана Ибн Iумаран нийса хьадис а ду. Ткъа уьш галморзах догIуш нислуш ду, цундела, дукхах болчу Iеламнаха кхузахь и доьххьаралера хьадисашкахь деана дерг толийна, хIунда аьлча ишттачу меттехь лелаш цхьа бакъо йолу дела: «Цхьа хIума хиллера аьлла дерг ца хиллера аьлла долчул хьалха доккхуш ду». Йа и суннаташ ца динера аьлла Ибн Iумара дийцина дерг цхьайолчу хенахь хилла хила мега аьлла цара.[2] Цул совнаха, и ламазаш дар суннат хилар Iумарера схьа а дийцина ду, Iелийгара схьа а дийцина ду, Анасера а, Ибн Iаббасера а, Абу Заррера а схьа дийцина ду, уьш берриге асхьабаш а бу. Вай иштта долчу хаттаршкахь жоп луш дерг шафиIий мазхIабехь дерг ду, ткъа уьш хIокху хаттарехь дукхах болчу Iеламнахаца бу, некъахочо суннат ламазаш дар дика хIума ду аьллачерах бу. Цундела, шена луучо дан мегар ду уьш, цунна ме́л а хир бу, Дала мукъа лахь, ткъа ца луучо ца дича къа а дац. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 19.05.2011 = 16.06.1432
|