|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Рузбан ламаз муха дан деза, муха дехка деза, иза деш доьшуш долу айаташ а язде аьлла, хьоьга дехар хир дара сан. Ларамца.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ПIераскан дийнахь, делкъа ламазан хан тIехIоьттича, шовзткъа стаг цхьанакхеташ долчу маьждиг чохь, ламазана кхайкхам бийр бу. И азан дина даьлча, рузбан ламазал хьалхара суннат ламаз дийр ду, шена луучо ши ламаз шишша ракаIат деш (хIора ламазехь ши бисмилла а, цхьа эттахьиг а доьшуш), шена луучо цхьа ламаз ши ракаIат деш. ТIаккха, имам хутIба дан минбар тIе хьалавер ву, тIаккха цо салам лур ду рузбане баьхкинчаьрга, тIаккха юха а азан дийр ду, и дечу хенахь имам охьахуур ву. ТIаккха, имамо хьала а гIаьттина, ирахь а волуш хутIба дийр ду, шина декъе декъа а декъна, юккъехь цхьажимма йолчу ханна охьа а хууш. Шинне хутIбанехь АллахIана хастам а бийр бу цо, Цуьнан Элчанна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) салават а дуьллур ду цо. Цаьршиннах цхьахадолчунна юкъахь кхачаме маьIна долу цхьа айат дешна а айат а доьшур ду цо, шолгIачу декъана юкъахь бусалба нахана доIа а дийр ду цо. ХутIба дина даьлча, юккъе хан а ца йолуьйтуш, къамат а дина, имам шен ламаз дечу метте дIа а хIоьттина, рузбан ламаз дIадоьхкур ду: «Ас ниййат до, ши ракаIат рузбан парз ламаз дан, Дела доьхьа, жамаIатца (имамана тIаьхьахIоьттина волуш эр ду тIаьхьахIоьттинчо)» - ниййат а дина, кхидолчу ламазашкахь санна «Алло́хIу акбар» а олуш. КхидIа муьлхха а кхидолу ламаз санна ламаз дийр ду, ши ракаIат (ши бисмилла а, цхьа эттахьиг а доьшуш), ший а бисмилла (фатихьат) а, цул тIаьхьа доьшуш долу ший а сурат а чIогIа а доьшуш, Iуьйра а, маьркIижа а, пхьуьйра а ламазашкахь санна. Бисмиллайл (фатихьатал) тIаьхьа рузбан ламазехь дешча дика ду доьххьара ракаIатехь «Ал-ДжумуIат» сурат а, шолгIа ракаIатехь «Ал-Мунафикъун» сурат а, йа доьххьара ракаIатехь «Саббихьисма роббикал-аIла» («Ал-АIла» сурат) а, шолгIа ракаIатехь «Ал-ГIошийат» сурат а. ТIаккха, ламаз дIадерзийначул тIаьхьа, тасбихь доккхур ду, кхидолчу ламазел тIаьхьа ма-даккхара. ТIаккха, суннат ламазаш дийр ду, шена луучо шиъ, шена луучо цхьаъ. Иштта ду оцу ламазан коьрта куц-кеп. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 26/08/2010 = 16/09/1431
| КхидIа |