Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Де дика хуьлда, Олхазар!
Сан хаттар хир дара Къунут доIех (АллахIум-махIдина олу цунах) лаьцна.
Уьш тайп-тайпа доьшуш, яздеш гинера суна. Цхьайолу варианташкахь цхьацца дешнаш олуш,
кхечанхьа уьш ца олуш яздеш ду уьш. Ткъа хаттар (дехар) хир дара хьоьга вайн Пайхмаран (Делера салам, маршалла хуьлда цунна!) суннатехь деана долу Къунут доIа яздар.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Далла езийла хьо!

Пайхамарера (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) схьа нийса хьадисашкахь дийцина долу къунут доIа иштта ду:

«АллóхIуммахIдинú фúман хIадайт, ва Iáфинú фúман Iáфайт, ва тавалланú фúман таваллайт, ва бáрик лú фúмá аIтIойт, ва къинú шарра мá къодойта, фаиннака такъдú ва лá йукъдó Iалайка, ва иннахIу лá йазиллу ман вáлайта, ва ла́ йаIиззу ман Iа́дайт, табáракта роббанá ва таIáлайт. Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммад, ва Iала́ а́ли Мухьаммад, ва саллим».[1]

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла шен «Ал-Азкар» жайни тIехь:

«Къунут доIа дечу хенахь олуш долчу дешнашкахь харжаме дерг – Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс а, Ибн МаджахIас а, БайхIакъийс а шайн «Сунан» цIе йолчу жайнашкахь нийсачу иснадаца дийцина долчу нийса хьадисехь деана дерг ду, ал-Хьасан ибн Iалийс (Дела реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Витр-ламаз дечу хенахь ас эра долу ишшта хIара дешнаш Iамийра суна АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «АллóхIуммахIдинú фúман хIадайт, ва Iáфинú фúман Iáфайт, ва тавалланú фúман таваллайт, ва бáрик лú фúмá аIтIойт, ва къинú шарра мá къодойта, фаиннака такъдú ва лá йукъдó Iалайка, ва иннахIу лá йазиллу ман вáлайта, табáракта роббанá ва таIáлайт». Тирмизийс аьлла: «ХIара дика (нийса) хьадис ду. Къунутах лаьцна хIокхул дика хIумма а ца девза вайна Пайхамарера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна)». …

Оцу доIанал тIаьхьа хIара дешнаш алар дика (мелехь) ду: «Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммад, ва Iала́ а́ли Мухьаммад, ва саллим». Хунда аьлча, Насаийс дийцинчу хьадисехь дикчу иснадаца деана ду (оцу доIанан чаккхенгахь): «Ва соллалло́хIу Iаланнабийй».

Вайн мазхIабера Iеламнаха аьлла: «ХаттIабан кIантера Iумарера (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долчуьнца доIа дича а дика хир ду…». КхидIа а и деха доIа дийцина Имам Нававийс.

Имам Нававийс дийцинчу оцу хьадис юкъахь хIара дешнаш дац: «ва ла́ йаIиззу ман Iа́дайта», - делахь а, кхечу Iеламнаха и дешнаш нийса хьадисехь оцу меттехь даьхкина ду аьлла.[2]

Цул совнаха, цхьацца кхидолу дешнаш а дийцина Iеламнаха, хьадисехь даьхкина дацахь а ала мегар ду аьлла.

ТIаккха, оцу доIана юкъахь цхьадолчу дешнийн чаккхенгахь «…ни́» олий догIу, иза Iаьрбийн маттахь ша́ цхьаъ волчо доIа дечу хенахь нислуш дерг ду, цундела жамаIат ламазехь имамо доIа дечу хенахь оцу «ни́» меттана «на́» ала деза иштта хIокху дешнийн чаккхенгахь: «Алло́хIуммахIдина́…, ва Iа́фина́…, ва таваллана́…, ва ба́рик лана́…, ва къина́…».

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

18.05.2011 = ‏15‏.06‏.1432


 

[1] МаьIна: «Йа АллахI! Айхьа нисбинчарна юккъахь нисве (нисйе) Ахь со, Айхьа массо вочу хIумнах а, цамгарех а цIанбинчарна юкъахь цIанве (цIанйе) Ахь со, Айхьа Хьайн бартхой бинчарна юккъахь Хьайн бартхо а ве (йе) Ахь сох, Айхьа суна деллачунах беркат а де Ахь суна, Айхьа йинчу кхелан вонах лар а ве (йе) Ахь со, бакъдолуш Хьо кхел еш ву, Хьуна кхел яр хила йиш йолуш а дац, Ахь Хьайн бартхо винарг сийсаз валуш вац, Хьан мостагI хиллачуьнан ницкъ а хир бац, беркате ву Хьо тхан Эла, лекха а ву Хьо. Йа АллахI, Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а Хьайгара уггар дика къинхетам а, маршалла а кхачаде Ахь».

[2] Хьафиз Ибн Хьаджар ал-Iаскъоланий, «Ат-талхисул-хьабир», 1/499; Имам Ибнул-Мулаккъин, «Ал-бадрул-мунир», 3/632-636.