|
|
| Видео |
|
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум
ва рахьматуллахI!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нийса лоруш ду шен хенахь ламаз дийриг доькхуш дечунна тIаьхьахIоттар а, парз ламаз дийриг суннат ламаз дечунна тIаьхьахIоттар а; делкъа ламаз дийриг малхбузаниг дечунна тIахьахIоттар а; уьш массо бIостанехьа хийцабелла хилча вовший тIаьхьахIиттар а».[1] Иза шафиIий мазхIабехь дерг ду. Ткъа вукху мазхIабашкара дукхах болчу Iеламнаха мегар дац аьлла, суннат ламаз дечунна тIаьхьа а хIоьттина парз ламаз дар, хIунда аьлча хьадисехь аьлла долу дела: «Имам шена (кхиберш) тIаьхьаба́зийта хIоттийна ву… цунах къеста ма къестийла шу»,[2] - ткъа церан ниййаташ тайп-тайпана хилча, тIаьхьахIиттинарш имамах къаьстина хуьлу.[3] Мегар ду аьлла болчу шафиIий мазхIабера Iеламнаха а, уьш боцучара а шаьш аьлларг тIедоьгIна нийсачу иснадаца МуIа́зера (Дела реза хуьлда цунна) схьадуьйцуш долчу хьадисана, цо цкъа Делан Элчанца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) пхьуьйра ламаз а дой, тIаккха шен тайпана нах болчу дIа а воьдий, царна имам а хIуттий юха деш хилла аьлла. Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла тIаккха цунах лаьцна: «Иза цунна суннат ламаз ду, царна парз ламаз ду».[4] Суннат ламаз деш волу МуIаз хьалха ваьлла имам а волуш, цунна тIаьхьа а хIиттина парз ламаз дан магийна цу хьадисехь Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна). Цо гойту иза билггал мегаш хилар. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 30.03.2010 = 14/04/1431 [1] Имам Ан-Нававий, «МинхIа́жут-тIо́либи́н», 124. [2] Бухарий, Муслим. [3] Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухта́р Аш-Шинкъи́тIий, «Шархь за́дил-мустакъниI», 61/12. [4] ШафиIий, «Ал-муснад»; ДаракъутIний, БайхIакъий.
| КхидIа |