|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Зударша шайн чохь ламаз деш хилча, азан динчул тIаьхьа, къамат даллалц собар да деза? Йа азан ма хиллана да мегаш ду иза? Къобал хуьлий ламаз, къамат хилале деш долу? Цхьацца болу зударша къобал ца хуьлу аьлла хьадис далийнера суна! Баркалла.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Азан ламазан хан хилла хилар хоуьйтуш деш ду, билггал хан хиллачул тIаьхьа бен дан дезаш а дац иза. Ткъа ламаз шен хан хиллачул тIаьхьа дан мегаш ду. Цундела, азан динчул тIаьхьа маьждигехь къамат даре а ца хьоьжуш, цкъа доьххьара шен суннат ламаз а дина, тIаккха парз ламаз дан мегар ду шен чохь ламаз деш йолчу зудчо. Ламазан хан хиллачул тIаьхьа, шен чохь ламаз деш волчо маьждигехь къамат даллалц ламаз дан мегар дац аьлла долу хьадис суна гина дац, йа Iеламнаха и санна долу хаттар дуьйцучохь хьахош гина дац. И далийначара и хьадис стенгахь ду, хьан дийцина ду, муьлха дешнашца ду довзийтича вайна массарна пайда хила тарлора. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 01.12.2011 = 06.01.1433
|