Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум сан бусурба ваша, угаре хьалхе хастам ас бо АллахIана, вай бусурба кхолларна, иштта вайна дин Iама да аьтто хиларна. АльхьамдулиллахI.

Суна даггара ала лаьа, Аллах реза хийла хьуна, хIара сайт кхолларна а, кху тIехь болх барна а.

Хаттар: Пхьуьйра ламазана наб  кхетта виссича, тIаккха Iуьйра ламазан хенахь бен сама ца ваьлча, пхьуьйра ламаз муха дича нийса хир ду?

Ларамца хьан бусурба ваша.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна Iуьйра ламазан хан дIаяла гергайахана яцахь, шена лаахь Iуьйра ламаз дале хьалха дан мегар ду пхьуйра ламаз. Шена лаахь Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа а дан мегар ду. ГIолий дерг мелла а сиха дина тIерадаккхар ду.

Амма нагахь санна Iуьйра ламазан хан дIаяла гергайахана елахь, Iуьйра ламазан хан дIаяларна кхерам белахь, Iуьйра ламаз дар хьалхадаккха деза, пхьуьйра ламаз дар цул тIаьхьататта деза.

ТIаккха, муьлхха а шен хан тIехъяьллачул тIаьхьа деш долу ламаз доькхуш деш лоруш ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

22/08/2010 = ‏12‏/09‏/1431