|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Бакъдолуш, со бусалба а ву, амма цхьа болу цакхачамаш бу соьца: массо а ламаз кхочуш дан ницкъ ца кхочу. Ткъа Рахьмана Шен Къинхетам баре са туьйсу ас. Геч деш дуй цу тайпара стеган дин цакхачамна?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Массо а ламаз кхочуш дан ницкъ ца кхочу» - бохург хIора дийнахь пхи ламаз дан ницкъ ца кхочу бохург делахь – иза керстаналлин некъ бу хьуна, верлахь верлахь ларлолахь цунах. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Вайна а, царна (керста нахана) а юкъахь йолу чIагIо ламаз ю, иза дитинчо керстаналла дина».[1] Оцу новкъа хьо дIаводахь, Дала цкъа а гечдийр доцучу хьоле кхаьчна а волуш валар нидала мега хьуна хьан, ткъа ишттачу хьолехь валар нисделларг – Дала ларвойла хьо а, со а, массо бусалба нах а цунах – даиманна а жоьжахати ю цунна, цкъа а цу чура аравер воцуш. Ткъа нагахь санна и бохург оцу пхеа ламазан билламаш а, бехкамаш а, рукнаш а кхоччуш чекх ца дахало бохург делахь, хьуна хаа деза и коьрта хIуманаш кхочуш хилла доцу ламаз АллахIа къобал деш ламаз доций, цундела хьо иза ца динарг санна хуьлу. Масала, ламаз ца оьцуш ламаз дича, «Фатихьа» ца доьшуш дича, дан деза такбираш ца деш дича, иштта кхидолу парз долу хIуманаш Iадда дуьтуш дича, цунах ламаз ду олийла яц, иза тера ду куьг-ког а, корта а, дог а, кхийолу дегIан меженаш а йоцучу стагах. Цундела, ахь къахьега деза хьайн и кхачамбацарш нисдар тIехь, ламазан дозалла а, цуьнан мел а, цуьнан дикалла а дага лоцуш, тIаккха Дала гечдийр ду хьуна Шена лаахь. Амма хьо ала гIертарг, и пхи ламаз дечу хенахь уьш хIора а кхоччуш дан ницкъ ца кхочу, цамгар а, кIелвисар а бахьана долуш, Дала гечдийр ду хьуна – Дала мукъа лахь – хIунда аьлча иштта ницкъ ца кхочург Дала тIедожийна а дац, муххале а АллахIа паргIато елла ишттачу нахана, ламаз а, кхидолу Iибадат а шайга далуччу кепара дар, масала, кхин шен ламаз дан ницкъ ца кхачахь бIаьрга негIарш хьала-охьа дахийтарца дина а. Ткъа еш Iамал а йоцуш, АллахIан къинхетам хуьлуьйтуш долу бахьанаш лелош а доцуш, Цо тIедиллинарг чекхдоккхуш а доцуш Цуьнан къинхетаме догдохуш Iар гIалат ду, хьекъалца а, динца а догIуш дац. Бакъду, АллахIан къинхетам боккха бу, хIетте а Цо Ша и къинхетам бар доьзна Ша бохучунна муьтIахь хиларца, адамаш зуьйш. Цундела ю вайна хало-атто а, марзо-къаьхьалла а, синпаргIато-сингаттам а. Оцу веза хинволчу АллахIа гIо дойла хьуна а, суна а массо дикчу хIуманна тIехь!
Ткъа дика хууш верг АллахI ву! |