Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Новкъахь волчо тIеоьзна ши ламаз дина, тIаккха шолгIа ламазан хан дIаялале ша Iачу метте дIакхаьчча иза. Масала, малхбуза ламаз делкъачунна тIеоьзна дина цо, тIаккха малхбуза хан хилале хьалха, йа малхбуза хан дIаялале хьалха ша вехачу метте дIакхаьчна иза. И шолгIа ламаз юха дан дезий цо?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Новкъахь волчо тIеоьзна ши ламаз дича, тIаккха шолгIа ламазан хан дIаялале ша Iачу метте иза дIакхачахь, шолгIа ламаз юха дан ца деза цо. И ду шафиIийн мазхIабехь цу хьокъехь аьллачу шина дашах нийсох дерг.

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Нагахь санна (некъахочо ши ламаз) тIеттIаоьзна деш хилахь (шолгIа ламаз доьххьарлерачунна тIеоьзна деш хилахь), тIаккха оцу шина ламаз юкъахь (доьххьара ламазехь салам далале хьалха, йа иза дина а ваьлла, шолгIаниг дIадехкале хьалха) иза некъахо волчура дIава́лахь (масала, цхьана меттехь саца ниййат дарца, йа иза тIехь воьдуш йолу машен, йа цIерпошт, йа кема, йа хIурдакема иза вехачу метте дIакхачахь) – тIеттIаозар галдаьлла лорур ду (цундела шолгIа ламаз шен хенахь дан дезар ду, ткъа доьххьараниг дина даьлла нийса ламаз лорур ду). (Нагахь санна и ши ламаз тIеттIаоьзна дийриг некъахо волчура дIава́лар) шолгIа ламазехь (шолгIа ламаз дIадихкинчул тIаьхьа) нислахь, йа иза (шолгIа ламаз) дина ваьллачул тIаьхьа нислахь – нийсох дерг и тIеттIаозар галдолуш ца хилар ду (цундела и ший а ламаз нийса дина ши ламаз лоруш ду, тIеттIаоза бахьана хIоьттина а долуш дина хиларна, цундела шолгIа ламаз юха дан ца оьшу)».[1]

Чекхдели Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлларг. Къовларш юкъахь дерш сан дешнаш ду, Имам Нававийн дешнийн маьIна динчу жайнашкара схьаэцна а, хаттарца догIуш долу маьIна билгал деш ас сайгара яздина а.

Цундела, хаттар юкъахь далийначу масалца вай юха а масал далийча, цхьана стага малхбуза ламаз делкъачунна тIеоьзна динехь, тIаккха делкъа хан дIаялале хьалха, йа малхбуза хан дIаялале хьалха ша вехачу метте иза дIакхаьчнехь, цо малхбуза ламаз юха дан ца деза.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

26.08.2009


[1] Имам Ан-Нававий, «МинхIа́жут-тIо́либи́н», 59 агIо. Кхин а хьажа: Имам Ал-ХатIи́б Аш-Ширби́ний, «МугIнил-мухьта́дж», 1/274; Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-мухьта́дж», 9/68; Имам Мухьаммад Ар-Рамлий, «НихIа́йатул-мухьта́дж», 2/280.