|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Европехь хиларе терра сан балха тIехь ламаз дан чоь а, меттиг а яц, цундела ас юхь-куьг дуьлучу чоьна чохь (душевой кабина ю цу чохь) до ламаз. Мегар дуй иза?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Адамаш луьйчуш долчу чоьна чохь ламаз дар дукхах болчу Iеламнахана гергахь «макру́хI» ду. И бохург – ца дар мелехь ду, дича къа а дац бохург ду. Нагахь санна и чоь цIена елахь, цу чохь ламазана боьха лоруш йолу боьхалла яцахь, цу чохь дина долу ламаз нийса хуьлу аьлла цара, делахь а цу меттехь иза ца дар мелехь ду аьлла. Уьш тIетевжаш долу далил Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «(Дерриге) латта ламаз ден меттиг йина а, цIена лерина а ду суна. Цундела, сан умматера муьлхха а стагана тIе (муьлхха а) ламазан хан тIехIоттахь, (ша волччахь) ламаз дойла цо».[1] Кхин а, и чоь цIена хилча, цIенчу меттехь ламаз дан мегаш ду аьлла цара.[2] Ткъа иштта йолчу чоьна чохь ламаз ца дар гIолий ду аларехь уьш тIетевжаш дерг Пайхамарера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцина долу хьадис ду: «Латта дерриге ламаз ден меттиг ю, луьйчу чоь а, кешнаш а доцург».[3] Хьанбалий мазхIабехь сецна дерг – ишттачу меттехь дина долу ламаз нийса ца хилар ду. Уьш тIетевжаш дерг и жимма хьалха вай дийцина долу хьадис ду, «латта дерриге ламаз ден меттиг ю, луьйчу чоь а, кешнаш а доцург», - аьлла долу. Кхин а, луьйчу меттиг – ламазана мегаш йоцу боьхалла хила тарлуш йолу меттиг ю аьлла цара, цундела цунах ларвала веза аьлла.[4] ХIокху хаттарехь вай жоп луш дерг шафиIий мазхIабехь дерг ду, иза дукхах болчу Iеламнаха аьлларг а ду. Цундела, оцу луьйчучу чоьна чохь ахь деш долу ламаз нийса ду хьан, дан мегар а ду ахь иза, Дала мукъа лахь, нагахь санна и чоь цIена елахь. Делахь а, хьайн кхечу меттехь ламаз дан аьтту белахь, луьйчучу чоьна чохь а ца деш кхечанхьа дича гIолий хир ду иза. Ткъа цу чохь еккъа юьхь-куьйгаш дуьлу меттиг («умывальник») бен яцахьара, цу чохь и луьйчу меттиг яцахьара, «макрухI» а хир дацара цу чохь ламаз дар, муьлхха а кхийолу меттиг санна хир йара иза. ХIокхунах жимма теро долчу хаттарна вай жоп делира хьалха кхузахь: «Ламаз дан яьсса чоь ца хилча, машен чохь дан мегий иза?». Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву! 19.06.2011 = 17.07.1432 [1] Бухарий, Муслим. [2] «Ал-Мавсу́Iатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 18/160. [3] Абу Давуд, Хьаким. [4] «Ал-Мавсу́Iатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 18/160.
|