Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Аттахьиййат доьшучу хенахь ас ашхIад олуш хьажо пIелг хьала ойъа, тIаккха салам делла валлалц вахьа ца бохуьйту. И нийса дуй-теша, бидIа-м дац-теша иза?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Аттахьиййат» доьшучу хенахь «иллалла́хI» олуш хьалаайбина болу пIелг шафиIий мазхIабехь меттах а ца бохуш, кхин охьа а ца бохуьйтуш, ша ма-барра хьалаайбина буьтуш бу. Иза мазхIабехь сецна дерг ду. Цундела ахь дийриг гIалат дац, ахь дийриг нийса ду, Дала мукъа лахь. Цунах лаьцна алссам вай дийцира хьалха хIокху хаттарна жоп луш:

«Этхьаг доьшучу хенахь хьажо пIелг муха меттах бакха беза?».

Кхузахь мазхIабера Iеламнаха тайп-тайпана аьлла дерг цхьа хIума ду: и пIелг хьалаайбина меллалц буьтур бу, аттахьиййат чекхдаллалц буьтур бу, йа доьххьара салам делла валлалц буьтур бу, йа ши салам чекхдаллалц буьтур бу? Ткъа хIара хаттар цхьа чIагIдина доккха хIума дац, йа дукха шена тIехь ойла сецо оьшуш хIума а дац, ишта а, вуьшта а лело мегаш хIума ду, хIунда аьлча ша и пIелг айбар суннат долу хIума ду, важиб долу хIума дац. Ткъа ас айса лелош дерг – ши салам делла валлалц айбина битар ду, иза вукхул чIогIа ду аьлла лелош а дац.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

19.06.2011 = ‏17‏.07‏.1432