|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламаз доькхуш дан мегий? Суна хезнера доькхуш дан ца мега олуш.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIара хаттар ши маьIна долуш хила йиш ю: «доькхуш дийр ду ас» - аьлла, ламаз шен хенахь ца дан мегий, доькхуш дийр ду аьлла шен хенах иза тилийта мегий?; бахьана долуш а, доцуш а дитина долу ламаз, диссина долу ламаз доькхуш дан дезий? Нагахь санна оцу хаттарх лууш дерг доьххьаралера маьIна делахь («иза-м тIаьхьа доькхуш дийр дара ас» - аьлла шен хенахь ламаз ца дар) – иза цхьаъа шеко йоцуш мегаш дац, иза къилахь хIума а ду, хьарам хIума а ду, керстаналла тIедожа кхерам болуш хIума а ду, шегара и санна хIума даьллехь сихха Деле гечдар деха дезаш а ду, и ша дитина ламаз доькхуш дан дезаш а ду, лахахь вай билгал ма-дарра.[1] Масала, цхьаболчара, делкъан а, малхбузан а, маьркIижан а ламаз ца до шайна хIиттийна йолчу хенахь, пхьуьйрачуьнца доькхуш дийр ду олий. ТIаккха, пхьуьйрачуьнца цхьаьне до цара и шаьш дитина долу кхо ламаз. Иза нийса дац, йа мегаш а дац. Амма нагахь санна оцу хаттарх лууш дерг шолгIа маьIна делахь (мегаш доций хуъушехь дитина долу ламаз а, Бусалба дин лело ма-дезза ца лелочу хенахь дитина долу ламаз а, йа муьлхха а кхечу кепара дитина долу ламазаш доькхуш дан дезий?) – цу хьокъехь Iелам-наха кхаа кепара аьлла ду. Дукхах болчу Iелам-наха, бусалба адамо шена хаа а хууш дитина долу фард (перза) ламазаш доькхуш дан деза аьлла, хIунда аьлча цара иштта стаг керста ца лору, цо ламазана инкарло еш яцахь. Цундела, ламаз бусалба стагана тIедоьжна декхар ду, ткъа и декхар шен хенахь кхочуш ца даро иза тIера ца доккху, муххале а хан дIаяьллачул тIаьхьа а цунна тIехь дуьссу иза, мацца дина а кхочуш дан деза иза аьлла цу дукхах болчу Iелам-наха. Иза хьанафийн а, маликийн а, шафиIийн а мазхIабехь дерг ду. Хьанбалийн мазхIабера цхьаболчу Iелам-наха, цо и ламазаш доькхуш дан ца деза аьлла, хIунда аьлча цара иштта ламаз дитина стаг керста лору дела. Цхьаболчу Iелам-наха кхоалгIа некъ а лаьцна цу хаттарехь, - «нагахь санна цо цкъаъа ламаз деш ца хиллехь доькхуш дан ца деза, наг-наггахь деш-дуьтуш хиллехь декха деза» - аьлла.[2] Ткъа оцу кхаа дашах гIолий дерг а, далилаца чIогIох дерг а дукхах болчу Iелам-наха аьлларг ду: муьлхха а дитина долу, йа диссина долу ламаз доькхуш дан деза. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 27.01.2010 = 12/02/1431 [1] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхIул-исламийй ва адиллатухI», 2/301. [2] Шейх Аш-ШинкъúтIийс, «Шархь Зáдил-МустакъниI», 320/14.
| КхидIа |