|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Со Iаш волчу городера 15 км генахь кхечу городехь балхахь ву со. Делкъа ламаз чохь дан кхуьу со, малхбуза ламаз дан ца кхуьу. Малхбуза ламаз делкъачунна тIеоьзна дан йиш юй са?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! И некъ хьуна ламаз тIеттIаоза бакъо луш болу некъ бац. Цундела ахь малхбуза ламаз тIеттIаоьзна дан мегар дац. Хьайца хьайна кIелтасса хIуъу эце цхьа хIума схьа а эце, хьайн аьтту баьллачу меттехь хьайн ламаз дан хьажа. ТIаккха, кхин а хIокху хаттаре хьажа: «Ламаз дан яьсса чоь ца хилча, машен чохь дан мегий иза?». Цунах а дика пайда хир бу хьуна, Дала мукъа лахь. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 23.04.2010 = 09/05/1431
| КхидIа |