|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Буьйсанна кхоьруш волчо хIун дан деза?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Буьйсанна кхерар шина агIор ду, Iилманчаша а, Iелам-наха а схьадийцарехь. Оцу шинне а кхерарна шен-шен къаьсттина дарбанаш ду. Кхераран агIонаш а, церан дарбанаш а иштта ду: 1) Ша буьйсанах а, боданах а кхерар. Масала, Iаржйелча ша цхьаъ аравала ца ваьхьаш хуьлу, йа Iаьржачу чохь Iан ца ваьхьаш хуьлу, йа шеца цхьаьна цхьаъ воцуш аравала ца ваьхьаш хуьлу, цхьаверг буьйсанна машенахь дIасаваха ца ваьхьаш хуьлу, и. кх. дI. Иштта кхераран бахьана боданах кхерар ду. Цуьнан бахьана масийтта агIор хила мега – буьйсанна цхьа вон хIума тIехIоьттина хилла хила мега, йа жима волуш дас-нанас даим буьйсанах кхерош хилла хила мега, йа цхьана хIумано буьйсанна чIогIа кхерийна хилла хила мега. Дукха хьолахь иштта кхерар берашца а, зударшца а алсам хуьлу. Ткъа иштта кхоьруш волчу стагана юкъара дарба доцург, къаьсттина шен масех дарба ду: Хьалхарниг: Буьйсанах а, боданах а кхерар сийсаз хIума хиларна тIехь ойла йан еза, буьйсанах кхерар цхьа а маьIна доцуш хIума хиларна тIехь ойла йан еза, хIунда аьлча малх дуьненан кхечу агIор дехьа а баьлла дуьненан шолгIа агIона тIера маьлха зIаьнарш дIаевллера аьлла кхерар хьекъале хIума доцу дела, йа кхера цхьаъа а бахьана а доцу дела. Де а, буьйса а цхьатерра ду, буьйса тIееъча дуьнена тIехь хийцалуш цхьаъа хIума дац, цхьана ханна малх дуьненан кхечу агIор тIе хьожуш хилар доцург. Ахь ойла йан еза хьайн оцу кхерар тIехь, иза лар тIехь хIума ца хиларна тIехь. Масала, ойла йе, дийна делккъахь цхьана Iаьржачу чоьна чу а ваьккхина цхьана эха сахьатана, юха хьой араваьккхича муха хир дара, иштта ду де а, буьйса а хийцадалар. Доцца аьлча, бода – нур дIадáлар бен кхин вон хIума ца хилар а, кхин кхераме хIума ца хилар а дикка довза деза, цу тIедоьгIна хьайн кхерамна тIехь ойла а йина, дIабаккха беза иза. ШолгIаниг: Оцу хьайн кхерамна а, буьйсанна а доьхьало йан еза. Бусалба стаг оццул гIийла хила мегар дац, бусалба стаг шена тIехIуьттуш йолчу халонашна доьхьало еш хила веза, массо кхерамашна хьалха гIелвелла дIавала ца веза. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «(Массо агIор) нуьцкъала волу бусалба стаг АллахIана дукхох веза гIийлачу бусалба стагал». Цундела, масала цхьа къепе а хIоттийна, хIора буса кIез-кIеззиг аравала волавала веза, цкъа цхьана ханна эха сахьтана, тIаккха цхьацца сахьтана, иштта кхидIа а. Лаахь, юьхьанца хьайца накъостана цхьаъ вига а мегар ду, тIаккха тIаьхьа хьой аравер ву хьо. КхоалгIаниг: Юнус-пайхамарх – Делера салам хуьлда цунна – лаьцна дийцар а деше, цу тIехь ойла йе, иза кхаа боданехь нисвелла хилар: чIеран кийрахь хиларан бода а, хIурдан кIоргенан бода а, буьйсанан бода а. Ша иштта воллушехь, Делаца йолу юкъаметтиг шен чIогIа хиларна гIелвелла дIа ца ваьлла иза, йа гIорасиз хиллал кхера а ца кхийрина иза. Оцу дийцар тIехь ойла йича билггал хуур ду хьуна, адаме шен Ийманаца, шен тешаман ницкъаца мел баккхий а кхерамашна тIехь толам баккхалой. ДоьалгIаниг: «Зероксат» цIе йолуш цхьа молха ду бах лоьраша, хIокху кепара тайп-тайпана кхерамаш болчарна кечдина. Иза мелча, цо а кхерамана гIолий йо бах, кхерам дIабоккху бах, иза билггал ду а бах. Нагахь санна лакхахь долчу дарбанаша гIолий ца йахь, хIара молха мала а мегар ду, молханчашка муха мала деза хаьттинчул тIаьхьа.
2) Буьйсанна шена цхьа вониг хиларх кхерар. Цхьаверг буьйсанна Iаьржачу меттехь дIаваха ца ваьхьаш хуьлу, йа буьйса юкъал тIехъяьлча, адамийн гIовгIанаш дIатийча аравала ца ваьхьаш хуьлу, шена цхьаъ хиларна кхоьруш, лечкъина Iаш адам хиларна кхоьруш, йа экха хиларна кхоьруш, йа шайтIанех-жинех кхоьруш. Иштта кхерарна тIехь ойла йича, вайна девза, и кхерар – цхьамма шена цхьаъ дарх кхерар дуй. Ткъа цунна дарба а цуьнан бахьанашна дарба дича хир ду, Дала мукъа лахь. Хьалхарниг: Акханах а, «лечкъина Iачу» адамах а, йа иштта цхьана кхечу хIуманах кхерарна дарба ду ойла йар, буьйса тIеанера аьлла и кхерам дийнахьчул сов боций а, йа кIеззиг боций а. Оцу агIор буьйсанна хьуна боллу кхерам бу дийнахь а, кхин алсам бац, цундела хьекъале дац буьйсанна и бахьана долуш кхерар. Мел дукха адам ду буьйсанна дийнахь санна дехаш, къаьсттина таханлерачу дуьненахь, белхаш а, гIуллакхаш а совдевллачу хенахь. Дийнахь санна буьйсанна а деха и адамаш, дийнахьчул сов хIумма а хила а ца хуьлу царна. Иштта ойла йича, кхерам дIабер бу, Дала мукъа лахь. ШолгIаниг: Амма шайтIанаша-жинаша буьйсанна цхьаъ дарх кхерар – кхузахь жимма бахьана хила а мега кхера, хIунда аьлча нийсачу хьадисехь деана ду уьш бода беъча дIасадаьржа аьлла. Делахь а, уьш дIасадаржар кхера бахьана дац, цхьаболчарна иза ду моттахь а, йа буьйса тIеяр церах кхера бахьана а дац. Бусалба стаг жинех кхера ца веза, уьш гIийла хIуманаш ю, уьш шайх кхоьрург бен кхеро ницкъ болуш дац. Адамаш жинех кхера ца деза, жинаш ду адамех кхоьруш дерш. Iумар – Дела реза хуьлда цунна – цхьана урамехь вогIуш хилча, дехьа урамехь долу шайтIа цунах додуш хилла, цуьнан ийманах а, цуьнан билггалчу тешарх а, цунах схьаяьлла йолчу цуьнан майраллех а кхоьруш. Бусалба стага шен кхетам чохь чIагIдан деза: бусалба стаг жинех кхера йиш йолуш вац, бусалба стеган са майра хила деза, бусалба стаг массо кхечу Дала кхоьллинчу хIуманел майра хила веза. Цхьаволчо хатта а мега, хIун ду цунна и майралла луш дерг? Дала кхоьллинчу кхечу хIуманашна тIехь лакхара хIунда ву бусалба стаг? Жоп шуна массарна а девза – иза бусалба волу дела ву, иза АллахIаца – и массо хIума кхоьллина волчу – гергарло долуш волу дела ву, иза АллахIа ларвеш волу дела ву. КхоалгIаниг: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийцина вайна, массо а вочу хIуманах ларвийр долу бахьанаш. И бахьанаш лелийначул тIаьхьа, шена цхьа а вон хIума хир доций шена девзинчул тIаьхьа, билггал оцу Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьллачу дешнех бусалба стаг тешахь, цуьнан дагчохь цхьанне хIуманах кхерар дуьссур дац, буьйсанах кхерар а дуьссур дац. И бахьана ша-дерш азкараш ду, Дела хьахор ду, хала а дац, дукха а дац. Церах ду, масала: - Айатул-Курсий дешар. Нийсачу хьадисашкахь деана ду, Айатул-Курсий Iуьйранна дешнарг сарралц жинех ларвийр ву, суьйранна дешнарг Iуьйре хиллалц жинех ларвийр ву аьлла. - Iуьйранна а, суьйранна а кхокх-кхозза «Къул хIуваллóхIу ахьад» а, ши «Къул аIýзу» а дешар. Нийсачу хьадисехь деана ду, иштта уьш дешча массо вочу хIуманна тоам беш хир ду аьлла. - Iуьйранна а, суьйранна а кхозза а «БисмиллáхIиллазú лá йадурру маIасмихIú шайъун фил-арди ва лá фиссамáи, ва хIувассамúIул-Iалúм» алар. Нийсачу хьадисехь деана ду, иза иштта аьллачунна цхьане а хIумано зен дийр дац аьлла. И дерриге азкараш «Бусалба стеган гIап» цIе йолчу жайни тIехь ду, цигара деша уьш. Iелам-наха олуш хилла: «Хьайн цIа дIадохке а «Ал-Азкáр» жайна иэца» - олий. Имам Нававийн – Дала къинхетам бойла цунах – «Ал-Азкар» жайна хилла цара дуьцург, цу тIехь болу баккхий пайданаш бахьана долуш. Тахана суна а хууш иза вайн маттахь дац – Делан пурбанца дIа-м долийна вай иза – делахь а, цуьнан метта жима а, атта а долуш «Бусалба стеган гIап» ду, цу тIехь дерг лардан а, лело а хьажа, Дала мукъа лахь Дала пайда бийр бу.
Дала ницкъ а, майралла а, уггар коьртаниг – Шех билггал тешар а лойла бусалба нахана! |